"Кремлан рупор”. Израильца тӀом бан кхайкхам бина нохчийн инарлас Алаудиновс

Алаудинов Апти

"Ахмат" спецназан буьйранчас, Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочо Алаудинов Аптис а комментари йира, Шемахь президентана Асад Башарна дуьхьал йолу оппозицин тӀелатарш деш конфликт марсайаларна. Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан эскаран инарлас кхайкхам бира шемахошка, тIом Кремло гӀортор йеш волчу Асадца а ца беш, Израильца бан беза, аьлла.

Кавказ.Реалиин редакцино къамел динчу эксперташа билгалдоккху Алаудиновн дӀахьедарш пропагандин Ӏалашонца хилар, цо ислам динах шен политикан Ӏалашонашца пайдаоьцу. Цул совнаха, цара тидам тӀебохуьйту Кремлан а, Нохчийчоьнан куьйгаллин а палестинахошна баккъалла а гӀортор йан ца лаарна. Цуьнца цхьаьна аналисташ тешна бу, Шемарчу тIаме, 2010-чу шерашкахь санна, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара бусулба наха дакъалоцур дац аьлла.

Асад гIортор йоцуш ву

Лахьан-беттан 27-чу дийнахь шуьйра тӀелатар дӀадолийра Асадна дуьхьал болчу ницкъаша, коьртехь "ХӀаят Тахрир аш-Шам" тобанан дакъош а, Туркойчоьно гӀо деш йолу Шеман къоман эскар а долуш. Уьш мехкан къилбаседехьара а, къилбаседа-малхбузера а хьалха а бевлла, хӀинцале а масех кIошт дӀалаьцна, царна йукъахь мехкан уггаре а йоккха гӀала Алеппо а йолуш.

Оьрсийчоьнан Ӏедалша Асадан дуьхьалончийн тIелатар емалдира, тоьшаллаш доцуш Киев бехке а йеш, Шемарчу Ӏедална дуьхьал болчу ницкъашна гӀортор йеш ду бохуш. Аналисташа билгалдоккху, Кремль конфликтана жигара йукъагӀерта дагахь ца хилар. Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан эскарш Шемара арадаьхнера, ткъа Москвас ша реза цахилар дӀахьедо, Асад Туркойчоьнан куйгалхочунца ЭрдогIан Реджепца маслаӀат дан ца лаарна.

"Оха лаккхарчу тӀегӀанашкахь зӀе латтош, хIоттийначу хьолана анализ йеш йу. Хьал дӀанисдан хӀун оьшу а теллина, тхан позици хоуьтур йу", - аьлла, комментари йира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Дмитрий Песковс.

"Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис цу тӀеман хьежам бовзийтира лахьан-беттан 30-чохь, йалх минотехь дина къамелан видео интернетехь дIасайаржийра цо. Цу тӀехь цо дIакхайкхийра и тIом "Делан тобанна а, Даджал тобанна" йукъахь лаьтташ бу аьлла. Шен дехачу къамелехь нохчийн инарлас шен кепехь манипуляциш лелийра, Асадна дуьхьал болчу нехан динан хьежамаш шеконе бохкуш.

Иза Кремлан дагахь дерг дIакхайкхош ву, ша тайпа деш делахь а

"Нагахь санна, церан оццул ницкъ а, ресурсаш а гулйан аьтто белахь, хӀунда ца бахара уьш Израильна дуьхьал тӀом бан?" – хоьтту Курскан кӀоштахь Украинан эскаршна дуьхьало йечу оьрсийн эскаран куйгалла деш волчу инарлас. АллахӀах дуй биира цо: нагахь санна, Шеман оппозицино шен ницкъаш "сионистийн пачхьалкхана" дуьхьал бахахь, ша а "муьлххачу хенахь а" царех дӀакхетар ву аьлла.

Шемахь 80 процент сов бусулба нах сунниташ бу, амма махкахь Ӏедал алавитийн кара дахана ду, бусулба динан гӀажарийн эзотерикан декъан (цхьаболчу динан дайша уьш бусулба хилар къобал ца до). Шемахь Iедал церан кара дахара Советан пачхьалкхо а, Оьрсийчоьно а жигара гӀортор йеш. Сунниташна тIехь гIело латтор -коьрта бахьан дара махкахь бахархошна йукъахь тIом баларна, дагалоьцу Кавказан къаьмнийн ассамблеян президенто, политолога Кутаев Руслана.

"Махкахь долчунца цхьа а уьйр йоцу, эрна хӀуманаш дуьйцу Алаудиновс. Оьрсийчоь Асадан агӀор тӀом беш йу, Шемара бусулба нах бойуш, иза дан церан бакъо йацахь а – ткъа иза бен-башха дац инарлана. Ткъа Палестинина гӀортор йарх аьлча, йуьхьанца Кремль дагахь йацара баккъалла гӀо дан, тӀеман дакъалацар дуьйцуш дац вай. [Оьрсийчоьнан президент Владимир] Путин а, [Израилан премьер-министр Биньямин] Нетаньяху а доттагӀий бу, ткъа массо а палестинахошна гӀортор йеш оьрсийн агӀора дина дӀахьедарш - декларативан, даьсса дешнаш ду", - билгалдоккху къамелхочо.

ТӀом марсабалар бахьана долуш Къилбаседа Кавказера наха дакъалоцур дуй-те бохучух лаьцна дуьйцуш – хьалха эскалаци йоьдучу муьрехь эзарнашкахь Оьрсийчуьра бусулба нах Шема дӀабахара, ткъа хIинца...шеконе ву Кутаев Руслан. Цунна хетарехь, 2010-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша Ӏехабинера дуккха а динехь болу нах, уггаре а протестан дог-ойла йолу кегийрхой "Исламан пачхьалкх" олучу тобано Ӏуналла дечу территори тӀе эмиграци йан хьежош. Цу кепара цара "цӀанйора" Кавказан республикаш дуьхьалонан хила тарлучу декъашхойх.

"Иштта кхин хир дац. Идлибехь бисинчу Къилбаседа Кавказера кӀеззигчу наха тӀамехь дакъалаца тарло, амма дуккха нах цига гIура бу бохучунна сатуьйсийла йац. Бусулба нах кхетта цу хьолах, дуккхачу нехан дахар дохийна, дуккха а кегирхой Оьрсийчоьнан набахтешкахь хан токхуш бу", - кхетадо политолого.

Дуьне дохар мIаьрго

Шемахь хуьлуш болу хиламаш бусулба нехан динаца зIе йолуш бу, уьш Мухьаммад Пайхамаран замананчохь дуьненан къематде тӀекхачарх лаьцна аьллачу дешнашна тӀехь лаьтташ ду. Цуьнан цхьа билгало - Шемахь хир болу тӀемаш. Цу тIемашкахь дуккха а къаьмнаш вовшахкхетар ду. Цундела ду 2011-чу шарахь оппозицина а, Ӏедалан эскаршна а йукъахь дуьхь-дуьхьал латар доладелча, цига дерриг а дуьненара бусулба нах, царна йукъахь Кавказера бахархой а, бахара, билгалдаьккхира исламан блогеро Белокиев Ислама.

"Алаудиновн пропаганда а йу, Ӏийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) йухаверзарх пайхмаралла тIехь лаьтташ, иза Шемара тIемаш дIабирзича хира ду аьлла ду, - боху къамел динчу стага, - Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна), бусулба нахаца цхьаьна, Даджалца тӀом бийр бу, цунна тӀехь цо толам а боккхар бу".

Ша Даджал, бусалба динан хьехамца, Исфаханехь (ГӀажарийчоьнан гӀала ) жуьгташна йукъахь гучувер ву, цунна гонаха кхин жуьгтий а хир бу, аьлла ду. Цхьана пайхамараллаца зама чекхъйаьлча, бусалбанаша керста нахаца барт а бина, цхьана мостагӀчунна дуьхьал тӀом бийр бу. Цундела "Ахматан" буьйранчас шен хьесап дина бусалба нахана а, керстана а йукъахь тӀом Израильна дуьхьал хир бу аьлла, дуьйцу Белокиевс кхидӀа а.

"Бакъду, цо галдоккху пайхамаралла а, церан хенан мур а. Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманан чаккхенехь бусалба наха жуьгташца тӀом бийр бу аьлла хьалххе дӀахаийтинехь а, иза хьакхалуш дац керста нахаца барт барх, цаьрца цхьана мостагIчунна дуьхьал тӀом барх а. Цигахь тайп-тайпана ши хилам бу, ткъа Алаудинов гӀалатваьлла, ша дуьйцург цхьаъ хилам бу моьттуш", - билгалдоккху исламан блогеро.

Дуккхахберш кхетта хIоьттина хьал мелла а хоьвзина хилар, нахана Iаламата дуккха эшамаш хилла

Цо чӀагӀдо, лекхахь хьахийна пайхамаралла дерриг а дуьненчуьра бусулбанашна инзаре мехала хилар. Кавказехь а, дуккхахчара динна тӀе а тевжаш сацамаш беш хилар а: "Пайхамараллах теша а, ца теша а йиш йу, амма иза леррина тидаме ца эца мегар дац".

Алаудинов Апти, Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан лакхарчу даржехь волу белхахо ву, амма блогер хилла дӀахӀоьттина, Украинерчу тӀамца йоьзна йоцчу теманашна тӀехь вистхилар алсамдолуш ду цуьнна. Оцу васто аьтто бо цуьнан, кхечу хьаькамашначул а майра дӀахьедарш дан, аьлла комментари йира, оппозицин нохчийн боламан NYSO-н векало.

"Хетарехь, Шемахь бусулба нахана йукъахь оппозицин ницкъашна массо а агӀор гӀортор йеш хилар тидаме а эцна, шен хаттарца "ХӀунда ца бо цара Израильна дуьхал тIом?"Асадан дуьхьалончашна йукъахь шеконаш кхолла дог ойла хилла хир йу цуьнан. Делахь а, йалийна аргументехь керла башха хӀума дац, Оьрсийн пропагандо дуьйцачух къаьсташ. Цо Кремлана хетарг дуьйцу, шен кепехь дийцахь а", - бохура къамелхочо.

Цунна хетарехь, и тайпа инарлин хьежамашна, агIончаш карор бац Къилбаседа Кавказерчу бахархошна йукъахь: "Ахматан" буьйранча ур-аттала шен къомана йукъахь лерам болуш стаг вац, кхин дIа болу бусулбан нах вай буьйцар а бац, тешна ву NYSO-н векал. Политолога Кутаев Руслана бохучунна тIетайра иза, Шемарчу тӀаме Оьрсийчоьнан бусулба нах кхин оьхур бац - царна иза хӀинца оьшуш дац.

"Дуккха а нах кхетта и хIоьттина хьал, дуккха чIогIа а хьоьвзина хилар, наха инзаре баланаш лайна. Цаьргахь йуха а цу тӀамехь дакъалаца лаам хир бу аьлла, ца хета суна. Цундела тхо ца теша, хIинца Шемахь тIом карлабаларо Къилбаседа Кавказан бахархошна йукъахь дог ойла хуьйцар йу аьлча", - дерзийра шен къамел эксперто.

  • Шеман Ӏедалша кхин Ӏуналла деш дац Алеппо-ГIалана а, цхьа могӀа кхин йолу нах беха меттигашна а. Оьрсийчоьнан тӀеман блогерша чӀагӀдо, джихIадхойн тӀелетаран планаш хьалххе хууш дара, амма иза Шеман эскаршна цецбовлар санна нисделира бохуш. Официалан йоцчу информацица, хьал телхинчул тӀаьхьа Асад Москвахь Путинца цхьаьнакхийтира. Оьрсийчоьнан президенто Шемахь шен урхалла йухадерзо хӀун бахьанаш лелор ду, дийцаре дира тӀеман аналитикца Гендельман Давидца а, политологца Айсин Русланца а.
  • Дагестанерчу Хасав-юьртан кӀоштан кхело бехке йина меттигера яхархо, шина беран нана йолу Аляхмаева Арапат Шемарчу дуьненаюкъарчу террорхойн организацехь дакъалацарна. Оьрсийчу юхаеанчул тӀаьхьа дукха хан ялале лаьцнера иза – шен ненаца динчу къамелехь цо мукӀарло дира, ша тӀемалойн ойланех дог даьлла йара аьлла.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъйархоша а билгалдоккху, кест-кеста тӀемалой бу аьлла бехкебешберш, кхелехь шаьш хьалхара таллам бечу хенахь тIехь ницкъ бина тоьшаллаш дина бохуш.