Нохчийн оппозицин 1ADAT боламан жигархоша немцойн Мюнхен гIаларчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха Кремлна дуьхьал пикет хIоттийна. Цуьнан декъашхоша Оьрсийчоьнах терроран пачхьалкх аьлла.
Хьалха Кремло "террорхойн" ярлык уллура берриг нохчашна тIе, хIинца дерриг дуьненна гуш ду Оьрсийчоь ша а террорхойн пачхьалкх хилар, боху акци цхьанатоьхна волчу 1ADAT боламан векало Янгулбаев ИбрахIима.
"Дукха бIешерашкахь Оьрсийчоьно кхечу къаьмнийн латтанашна оккупаци йина, Нохчийчоьнах концлагерь йина, Кадыровс, цуьнан гоно хьийзабо республикан бахархой", - тIетоьхна Янгулбаевс.
Векалтна хьалха 30 гергга жигархо гулвеллера – нохчийн диаспоран векалш, иштта царах дIакхеттера башкирхойн къоман боламан жигархо а. Къобалйанзачу Нохчийн республика Ичкерин байракх гойтура цара, иштта тIехь хIара йозанаш долу плакаташ а: "Вайн дайн къийсам дIахьор бу вай", "Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан концлагерь", "Вайн къоманна йина геноцид йицйийр йац оха", кхин а.
- Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта ду Нохчийчоь, аьлла ГIадужу-беттан 18-хь сацам тIелецира Украинан Лаккхачу Радо, иштта "нохчийн къоманна йина геноцид" йемалйина цара. 351 юккъера 287 депутата кхаж тессира оцу сацамна. Дуьхьал цхьа а ца хилла, 64 депутат кхаж ца тоссуш Iийна. Нохчийн республика Ичкерин урхаллин арахьарчу куьйгалхочо Закаев Ахьмада йеллачу интервьюхь украинхойн парламенто бина сацам "бакъонан толар" ду аьлла.
- Европан Кхеташонан парламентан ассамблейс цхьаэшшар къобалйира, оьрсийн раж "террорхойн" лоруш резолюци. Цунах лаьцна дийцира ПАСЕ-н миграцин, мухIажарийн, къаьмнийн дахаран а хеттаршкахула йолчу комитетан вице-президента, Украинан Лаккхарчу Радан депутата Гончаренко Алексейс.