Нохчийчохь тIемаш боьлхучу юкъанна дIадоьхкина ду бевзаш боцчу нехан эзарнаш декъий.
ХIара къамел и кешнаш ахка дезарна а, цу чохь долу декъий хьена-мила хилла къасторна а гонах хир ду.
Нохчийчохь, цхьана метта шортта, девзаш доцчу адамийн декъий дIадоьхкина кешнаш ахка а охкуш, талламаш болон беза беза боху кхаъ эцна, 2008-чу шарахь Нохчийчу вахара, хIетахь Европан Кхеташонехь адамийн бакъонашкахула комиссар хилла волу ХIаммарберг Томас. И кхаъ чIогIа тайна, Нохчийчура Iедалш а тохаделира, шаьш а кийча ду цу гIуллакхана, аьлла. ДIа а, схьа а дийцира, тайп-тайпана хьесапехь пхеа эзарна тIера иттех эзарна тIекхаччалц декъий лаьттах дохкучу республикана, леррина декъий къасторан лаборатори хьашт хиларан хьокъехь. Цул тIаьхьа 5 шо даьлла, амма цхьа каш а дац я даьстина а, я кеста достур ду аьлла а.
2008-чу шарахь Европера кхаьчна ойла дахаре ерзон Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди векал вира Кадыров Рамзана.
ХIокху тIаьхьарчу пхеа шарахь хIун хийцаделла, хIун даделла оцу гIуллакхехь, аьлла долийра Маршо радионо телефонехула Нухажиевца хилла къамел.
Нухажиев: Цунах хIумма дан ца делла таханлерчу дийнахь. ХIунда ца даделла? Европан Кхеташоно, Европан Кхеташонан комиссаран бюроно а, цара шаьш инвесторш лехна, донорш лехна, Европан Барто цунна тоьар долу ахча а къастийна, уьш бевллачул тIаьхьа ерриг а Оьрсийчоьнан хьаькамаш дуьхьал бевлира. Оьрсийн тIеманхой, вайна тIехь зуламаш дина болу эскархой, ша берриш дуьхьал а бевлла цара я шаьш ца йира, я царга (Европане) ца яйтира (лаборатори).
Маршо радио: ХIаммарберг Томас адамийн бакъонашца боьзна белхаш беш ву карарчу хенахь Европан Кхеташонна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина а.
Цуьнга а хаьттира Маршо радионо хIун бахьана далийра хIетахь оьрсийн Iедалша Нохчийчура эзарнаш декъий дIадоьхкина кешнаш ахка ца долон?
И хаттар айинчу хенахь Путин Владимира элира, массо а и даккхий кешнаш схьадаста доладахь, Нохчийчура хьал марсадаккха а, кхерамазаллин хьал талхон а тарло.»
Суна хетарехь, и ду цунна тIехьа хIоттийна политикан бахьана.
Тхан позици муха яра аьлча, дуккха нах дIабоьхкина кешнаш схьа а даьстина, уьш байинарш муьлаш бу къасто а, и нах байаран тоьшаллаш карон а лаам болуш яра. Цуьнан декъехь дара леррина лаборатори схьаеллар а. Кешнашкахь карийна даьIахкаш талла а, хьенан мила хилла къастон а йиш хир яра тIаккха. Иза чIогIа маьIне ду нах байначу доьзалшна. Царна эххар а хуур ду шайн стагах хилларг. ДогIуш ма-хиллара, шайн-шайн каш долуш, уьш дIабохка аьтто хир бара цу нехан. Адамийн бакъонийн уггар коьртачех дерг ду иза.
Цхьадолу кешнаш-м диллина Нохчийчохь. Ростоверчу лабораторе генетикан таллам бан хьовсийнера цу чохь карийначу даьIахкех цхьаерш. Амма и жима таллам бара. ХIун хилла ца хууш, балехь болчу доьзалийн сатийсамана жоп луш а бац.
Маршо радио: Чуьра тIепаза нах байна, эзарнашкахь бIарзбелла хьийзачу нехан кхерамазалла галъер яра, кешнаш ахка долийча? Мел кхераме хийтира шуна уьш даста долор? Аша тоам бирий Путина шайга цу кепара динчу къамелах, аьлла хаьттича, ХIаммарберга элира.
ХIаммарберг: ХIан-хIа, тхуна тоам ца хилира цу жоьпах. Тхуна хеттарг, кхузахь кхин политикан бахьана ду, бохург дара. Иза кхин а маьIне ду.
Шайн чуьра нах байначу нехан бакъо ю гергарчарна хIун хилла бохучунна тIаьхьакхиа. Тарлуш делахь, уьш байинарш кхеле озон а. Адамийн бакъонийн уггар маьIнечух ерг ю иза.
Нийса дац оццул дукха доьзалийн сатийсаманна жоп ца луш, Iедалша адам латтор. Юкъараллехь кхерамазалла ца хиларца доьзна хаттар а ду иза.
Суна хIун тIетоха луур дара аьлча, Нохчийчура юкъаралла йоцург, Iедалш а, адамийн бакъонашларъяран организацеш а, цхьабосса а лаам гойтуш яра и тайпа лаборатори хьашт ю бохучу хенахь. Ишта, мелла а сиха дукха адамаш дIадоьхкина меттигаш ахка еза бохучу хенахь а.
Маршо радио: Лаборатори стенгахь ян еза бохучунна гонаха бара къийсам я Кремлера Iедалш бахьанаш лоьхуш дара Нохчийчура декъий меттах ца даха?
ХIаммарберг: Цара соьга аьлларг хIун дара аьлча "Тхо ца кхета, Нохчийчохь хIунда еш ю иза, болх беш йолу лаборатори Ростовехь а, Москох а хилча?" Бакъду иза, стеган дегIан цхьа билгало яхьийтичхьана тоьаш ду, иза хьена-мила ву къастон. Иза дара цара дуьйцург. Соьлж-гIалахь лаборатори яйта лууш дацара оьрсийн Iедалш.
Амма тIаккха цара тешо веза, шаьш кешнаш схьаделла кийча дуйла. Цу чуьрчу даьIахкийн дакъолгаш Ростове, Москох а йохуьйтуш, буьйлабала безара. Амма иза ца дина хIинццалц. Эцца цхьа ши-кхоъ жима каш схьадиллира. Цу чуьра даьIахкийн дакъолгаш яхьийтинера лабораторе. Амма со тешаш вац, и проблема ерзо цигахь лаам бу бохучух.
Маршо радио: Кхеташ ду, кешнаш ахка долийча, цу чохь Iохкучу иттаннаш, бIеннаш нах байаран бахьана хила дезий а, иза лаха дезий а, нохчийн а, дуьненан а юкъараллашна хьалха жоп дала дезий а. Ша Нохчийчура экамечу хьолана сагатдечуха леллачу Путина дина къамел, ур-атталла, дипломатан бух болуш а дац.
Цунах кхета Европера лидерш а, бакъонаш ларъярна тIехьожуш йолу организацеш а. Ур-атталла, ша Европан Кхеташонехь адамийн бакъонашкахула комиссар хилла волу ХIаммарберг Томас а. Амма, вовше лазаме ахкаргашна тIе а ца довлуш, цхьа хелхар тайппа хIума ду оьрсийн президенто а, Европерчу институташа а дийриг.
«Гражданское содействие» олучу Оьрсийчура гIо-накъосталлин организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас дийцарехь, адамийн бакъонашца доьзна гIуллакх сих-сиха, къаьсттина нохчех хьакхалучу хенахь, шолгIачу а, кхин генарчу а метте долу.
Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх дац иза. Стеган уггар а коьрта бакъо - ваха йолу бакъо йохор ду иза. Цунах жоп луш ша йолу дуьненаюкъаралла ю. Нагахь санна и йолуш елахь. Нагахь санна Европера лидерш цхьаьнакхетахьара, цхьаъ хир дара. Амма цунах башха дог дохийла яц. Нагахь иза дан уьш хьаьвсича, цунах гIуллакх хир дара Путин дийна воллушехь а. Кхечу массо а стагана аса ма-аллара, дукха вахавойла иза.
Маршо радио: Оьрсийн президент хIумма а саготта вац, Нохчийчура хьал марсадаларна. Иза саготта верг кхин ду – Нохчийчура дукха декъий дIадоьхкина кешнаш ахка долийча кхоллалур долчу хаттаршна жоьпаш дала долийча, хьалха хиллачу Югославехь санна тIеман Трибунал кхолла езар ю Нохчийчохь Iедалан ницкъаша довлийтинчу зуламашна. Схьагарехь, ша дийна мел ву, хIете-вете а дуьхьало йийр ю цо, Нохчийчура зуламаш талларна.
Цундела лаа дац, 2012-чу шарахь ша Медведев Дмитрийца юха а оьрсийн премьеран а, президентан а даржаш хийцале масех бутт хьалха, цо цу хьокъехь леррина омар арахецар. Шуьйрачу юкъараллина иза ца довзийтира. Хаац, чуьра кIентий, майрой, вежарий-йижарий байначу нохчашна цунах лаьцна дийциний.
Нохчийчура Iедале Путина дахьийтина омар шен бIаьргашна гина ву Нохчийчура судмедэксперт Чумаков МасIуд.
Юьхьанцара дуьйна и гIуллакх а айина, лаборатори билггал Нохчийчохь йилла езарх лаьцна дуьйцуш, Европе кхаччалц лелла ву иза. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цо дийцира.
Чумаков: Лабораторин хьокъехь со 2005-чу шарахь Страсбурге хьажийнера. Бина сацам бара, вай долчехь и тайпа лаборатори йилла. Амма, лаборатори хIинца а йиллаза ю. Суна ца девза иза ца йилларан бахьана. Хаац, Европан Кхеташоно и хаттар дIа хIунда тесира а.
ТIаьххьара кехат даийтина Путина, "Нохчийн республикехь и лаборатори йиллар хьалхе а ду, маьIна доцуш а ду" аьлла. Цунах лаьцна кхин цхьа хIума хууш вац со.
Маршо радио: «Хьалхе а, маьIна доцуш а» хIунда ду ца дуьйцу Путин Владимира премьер-министран даржехь волуш Нохчийчу дахьийтинчу цу омаро. Амма иза бIобулуш волчух тера ду, ша республикана урхалле хIоттийначу Кадыров Рамзанах. Шен омарна тIера а ваьлла, цо ког боккхур боцийла хаьа. Эшахь, кхин а оццул декъий охьадехкина а.
Вукху агIора, ша вала а волуш, Путина дуьтур дацара, кхана Iуьйрре шена дуьхьал дала тарло, шен куьг долу документ. Делахь а, Чумаков МасIуда тхо тешийра и тайпа документ Нохчийчоьнан Iедалшка кхаьчна хиларх.
Чумаков: Сайна иза (омар) гина ца хиллехь, со иза дийца ваьхьар а вацара. Аса айса дешна и кехат. Нохчийн Iедале дехар дахьийта, шайна иза ган лаахь. Вайн Iедална тIе а вахана, аса дешна и кехат. Со хIетахь дIакхайкхинера цунах лаьцна хаийта. «Бина хIара сацам бу», аьлла, бовзийта кхайкхина вара со.
Нийсса цхьана эха шарахь маситтаза со Iедалан кхеташонашка кхайкхира, Кхерамазаллин Кхеташоне а кхайкхира. И кехат ма деъана, массо хIума сецира. ХIетахь дуьйна со хилла вац цигахь. Цундела хаьа суна Путина и кехат даийтина хиллий.
Маршо радио: Хьанна ду бевзаш боцчу нехан кешнаш дастар хьалхе? Говзанчий хьесапехь декъий лаьттах дукха мел Iохку а чолхе долу уьш довзар а, йина чевнаш къастор а. Цул сов, тIетаьIIина юхаметтахIттош ю бохучу республикехь и даьIахкаш санна атта дIасакхуьссуш хIумма а яц. Цхьанхьара схьа а оьций, вукхузхьа дIаIуьтту. Вуно ладаме тоьшаллаш дойу. Зуламан лар а йойу.
Бакъонашларярхочо Ганнушкина Светланега дийцира Маршо радионо Путин Владимира ша премьер волуш декъий ахчкаран а, лаборатори йилларан а хьокъехь Нохчийчу дахьийтинчу омарх лаьцна. Цуьнан мах хадош цо элира.
Ганнушкина: Иза чIогIа тамашийна бахьана ду. ХIунда аьлча, хан дIа мел йолу а чолхе долу декъий къастор. Мелла а сиха декъий талла а теллина, долчарна дIадалар, нийса хIума хир ду аьлла хета суна. Техникан агIонца доьзна а хета суна иза нийса.
Маршо радио: Ткъа кешнаш дастар маьIне дац аьлла, Путина цу гIуллакхана дуьхьало яр а ишта тидира Ганнушкина Светланас.
Ганнушкина: «Цуьнан маьIна дац» олуш хилча, кхеташ ма-хиллара, хаттар кхоллало - муьлхачу Iалашонна маьIне дац иза? Схьагарехь, тхан президентан Iалашонашца догIуш дац иза. Кхузахь хала ду къийса - маьIне хIун ду, хIун дац, бохучунна тIехь.
Маршо радио: Нийсса юхьадуьххьала оьрсийн Iедалшца къийса ца хIиттахь а, Европехь тешна ду, Нохчийчура тIемаш дIабирзина бахахь, нехан дегнашна йина чевнаш ерзон езош хиларх. Европан Кхеташонехь адамийн бакъонашкахула комиссар болх бинчу ХIаммарберг Томаса дийцира Маршо радиога, Нохчийчура гIийлачу нахана гIо деш Iедалша кIезиг хIума а ца дина. Таханлерчу дийнахь Нохчийчоь юьйцучура сацар, йоккха дакъазалла ю элира цо.
ХIаммарберг: Со Европан Кхеташонехь адамийн бакъонашкахула комиссар волчу хенахь со шарахь цкъа водара Соьлж-гIала. ХIоразза суна тIе зударий а, божарий багIара. Дукха хьолахь зударий хилара уьш. Шайн байначу гергарчийн суьрташ дохьуш багIара уьш. Бакъдолчунна тIекхача царна гIо дан Iалашонца, Iедало дина цхьа кIезга а хIума дацара. Хаза нехан санна доккха бахьана ду и кешнаш даста.
Дукха хьолахь, оцу нахана хаьа шайн стеган дакъа хила тарло меттиг. Амма Iедалша дихкина царна уьш дастар. Шаьш Iедалша а ца доьллу уьш. Нохчийчоьнан боккха лазам бу иза. Йоккха дакъазалла ю иза, уьш дела денна дицдеш догIуш хилар. ХIунда аьлча цу нахана хакъ дацара иза.
Маршо радио: ТIемаш боьлхучу хенахь, хала хеташ делахь а, нислуш хIума ду, дайина адамашсихаллехь дуккха а цхьана доккхачу коша дохкар. Амма мелла а сиха уьш дастар а, цу чуьра нах хьена муьлуш хилла къастор а хьалхарчу метте дуьллу бакъонаш ларъяран жигархоша.
Дуьненахь и гIуллакх муха деш ду? ХIун бакъонаш ю цуьнца йоьзна, аьлла деллачу хаттарна жоп луш ХIаммарберга элира.
ХIаммарберг: Уьш стенгахь карийна бохучух доьзна ду иза.
Цкъа-цкъа тарло и кешнаш схьа а даьстина, цу чохь карийна декъий теллича и нах байаран зуламийн бахьана гучудолуш. Кешнаш схьадастаро шортта информаци ло и нах байаран хенах а, хьаштех, бахьанех а лаьцна. Гуш хуьлу герз диттинехь - генара диттина я уллера диттина. Ишта гучуйолу зуламан амал.
Таллам бан аьтто бо кешнаш схьадастаро. Цхьа хIума ду, кешнаш схьа ца даста бахьанаш лехар, тIеоьцу хIума дац. Уьш схьадаста а деза, ма-хуьллу, хиллачунна тIаьхьакхиа Iалашонца, тоьшаллаш лаха а деза.
Маршо радио: Нохчийчохь долчу хьолах лаьцна аьлча, дуьненахь лелаш йолу бакъо лелаш меттиг яц иза. Нохчийн декъий гуттар а хилла оьрсашца йолчу юкъаметтигашкахь йоккха меттиг дIалоцуш. Оьрсийн паччахьан заманахь дуьйна оьрсийн инарлаша, эпсарша, шайн ка яьлча салташа а доьхкина нохчийн декъий.
Дуьненан литературан классико Толстов Лева яздина цунах лаьцна шен йозанашкахь. «ГIалгIазакхий» олучу дийцарера цхьа кийсиг ю царах цхьаъ. Шен вешин дакъа дIадахьа нохчо вахана оьрсийн эпсаршна тIе. Уьш дикка кеп хилла, самукъадаьлла бу шайн еанчу хIонцах. Толстойс чIогIа лерина вуьйцу нохчийн агIора веана стаг. ТIама тIехь вийначу шен вешин дакъа дIадахьа ваханчу нохчочуьн бIаьргаш буьзна бу ца вашарх. Уьш къегаш хиларна тидам бо оьрсийн салтичо. Амма иза ца кхета бакъдолчу бахьанах.
Кхин хIумма ца хийцаделла бIа шераш дIаихча а. Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш а дийначарех санна, беллачарех а ахчанаш даьхна оьрсийн эскархоша – инарлашна тIера могIарерчу салташна тIекхаччалц.
ХIинца а, Нохчийчохь лаьттах Iохкучу декъийн вуно беза мах бу. Амма хIуъа дина хан яхъеш, дIатоьттуш, и гIуллакх дайа гIерта Кремль. Гуттар санна хIинца а, нохчий къарбелла, шайн гIелонна кIелбиснийла хууш.
Арахьара орца кхача там бара Нохчийчоьнна. Делахь, юха а Кремло бакъо ца елча республикехь и гIуллакх чекхдаккхалур дац.
Шаьш милла тIеоьцур вара-м боху нохчийн омбудсмена Нухажиев Нурдис.
Маршо радио: Нохчийн дакъазалла муха ю аьлча, нохчийн декъий доцурш, оцу кешнашкахь кхечу къаьмнийн векалийн декъий а ду шуна баха деза оьрсийн Iедалшка. ХIунда аьлча, шайна нохчашна хакъ доцчух тера ду, оццул тидам бар. Нохчийчохь долчу цу тайпа кешнашна хьесап а деш, Нухажиевс дийцира:
Нухажиев: Тайп-тайпана олу. Декъий долуш 67 ю, 64 аьлла меттиг ю. Оьрсийн Орцаллин министралло хьалхарчу тIамехь а лелийна и гIуллакхаш. Акташ хIиттийна. Уьш (декъий дIадоьхкина меттигаш) царна стенгахь ю хаьа. Аса боху хезий хьуна? И болх юьхьар а лаьцна бийр болуш Москох бен яц. Иза цара дийр делахь, дацахь - вайна хаьа-кх. Ша цхьа хIума хийца ца лахь.
ТIом чекх ца боу-кхи, дIадоьхкина оццул декъий а долуш. Аса Москох а аьлла, оцу кешнашкахь берш массо а нохчий бу моьттуш делахь, шу галдевлла шуна.
Вай хилча-м, вайх мел къахета, кхеташ ду.
Маршо радио: Нохчийчура Iедалийн хьесапехь, и ша долу гIуллакх долон омар деза.
Нухажиев: Iедало дан дезаш долу хIума ду-кхи иза. Вайн республикега шегга далур долуш хIума дац.
ХIунда аьлча, федералан система ю иза ерриг а. Массо хIума царгахь йолуш ю. Леккхара охьа цхьа омар деза царна. Крмлера цхьа дош аьлчхьана, болх бан кийча бу массо а.
ХIокху чохь болу и бераш дайна нах тхуна массо а бевзаш бу. Ур-атталла, цара олу, шаьш и бехкениш жоьпе озо бохур дацара. Машаран дуьхьа массарна амнисти кхайкхош дIахьедар дичхьана, уьш кхеле ца озо реза бу-кх вай нах. Цу тIе бевлла-кх уьш.
Маршо радио: Кхузахь билгалдаккха дезаш цхьа хIума ду. Ладаме хIума.
Бехк-такхаман гIуллакх долор доьхур дацара, жоьпе ийзор бацара бохург – дицдан деза нохчаша эххар а. Цхьана чкъуро мукъа са а тоха дезар ду. Эзарнашкахь охаьдехкинчу декъех богIу мах охьабиллалц, цу тайпа зуламаш гуттар а дан маьрша ду оьрсийн Iедалш.
Дуьненан ШолгIа ТIом боьдуш 1944-чу шарахь вайнах цIерабохуш, хьайбанаш санна цIерпошташна тIе хаийна къам дIадуьгуш, цIерпоштийн социйлашкахь охьакхийсина хилла эзарнаш декъий хIинца а ду, Юккъерчу Азе боьдучу некъан йистошкахь лаьттах Iохкуш. Царах жоп дехнехь, таханлера сурт аьттехьа хир дацара. Къоман къамел дIагIур дара дуьненахь.
Цкъачунна, ур-атталла, лаборатори нохчашка шайн ахчанах а ца юьллуьйту оьрсийн Iедалша. Архьарчу гIоьнца а цунах гIуллакх хир дац, Кремло бакъо луш ца хилча. Цул сов, и гIуллакх деза ду бохуш а чIагIдо, дуьненна а маьхкадаьтта а, газ юхкуш ехачу Москохо.
Делахь а, Европехь, Iамеркехь шайн ахчанаш а, тоьллачех йолу хIусамаш а долахь йолу Iедалхой сема Iа, Нохчийчоь хьахорна кхоьруш. Нагахь санна дуьненаюкъаралло тIеIаткъам бечу далахь, бахьанаш лоьхур ду. Я, декъийн билгалонаш Москох дIахьур ю. Ткъа иза, хьекъийла бохург хир ду. Нохчийчура судмедэксперта Чумаков МасIуда дуьйцу.
Чумаков: Цу тIехь яздина ма ду "лаборатори йиллар хьалхе а ду, маьIна доцуш а ду". Москох йолчу центрана тIедуьллур долуш ду а боху иза. Цара бийр бу боху, декъий довзаран талламаш.
ТIепаза байначу нехан гергарчерийн генетикан а, цIийн а билгалонаш схьаоьцу оха. Бух кечбеш ду тхо. Генетикан паспорташ кечдеш ма ду тхо. Кхана Iуьйрре и гIуллакх доладахь, кийчча материалаш хилийта деш ду оха иза. Декъий ахка долийча, уьш хьенан-мила ду къастар аттачу дер ду. Шай гергарнаш, бераш дайна аьлла дIахьедар динчу нехан генетикан материалца юста йиш хир ю, аьхкинчу декъийн генетикан материал.
Маршо радио: ДаьIахкаш Москох дIахьуш, юха Нохчийчу схьайохьуш, кхин дазлур дац и гIуллакх?
Ахчанца долу гIуллакх сан карахь дац. Амма суна цхьа хIума хаьа - хаза неха санна еза процедура ю иза. Москохара ондда гIо ца хилахь, вайн республике и гIуллакх чекхдаккхалур ду моьттуш вац со.
Маршо радио: Бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана а тIетов, и тайпа лаборатори яр деза гIуллакх ду бохучунна.
Ганнушкина: Къамел доцуш, деза хIума ду дера иза. ТIом - деза гIуллакх ма ду. Ца бинехь харжаш хир ма яцара. Амма, хIинца иза бисинчеран декхар ду, уллера нах беллачарна хьалха и гIуллакх дар. Суна хетарехь, и тайпа лаборатори, къамел доцуш, оьшуш ю.
Ур-атталла, и тайпа болх болоро а нахана дегайовхо а, таханлерчу дийнахь болчул а алсам синтем а лур бу. Шайн нах ца карабахь а, неханиш карош гича, церан дегайовхо хир ю цунах а.
Дан хIума ца хиларан а, гIорасиз хетаран а тIегIанехь бехаш бу и нах. Хилийта йиш йолу хIума дац иза. ТIамна а, нах байарна а ахча дойъучул а, цу гIуллакхана дайа деза аьлла хета суна.
Маршо радио: Цкъачунна, чуьра гергарнаш лар йоцуш байначу Нохчийчура бахархойн йиш ю Соьлж-гIаларчу центре а боьлхуш, шайн билгалонаш эксперташка схьаэцийта. И гIуллакх мехаза деш ду.
Чумаков: И тайпа нах тхуна тIебогIу, оха уьш муьлххачу хенахь - дийнахь, буса а - тIеоьцу. Таханлерчу дийне кхаччалц 275 паспорт дина оха. Церан массеран а генетикан билгалонаш схьаэцна оха. 2011-чу шеран эха шарахь а, 2012-чу шарахь а 275 стаг веана тхуна тIе. Схьагарехь, дукха нахана ца хуучух тера ду иза. Кхин дукха нах ца бахкаран бахьана суна ца хаьа, амма, оха мах боцуш, муьлххачу а хенахь тIелоцуш бу и нах. Цхьана хIуманах кепек ахча дала а ца деза. Тхан бюро нах схьабаьхкичхьана, хаза а хеташ, оха уьш тIеоьцур бу.