"Кремльна пайде дазар": къоьлла хьоьгучарлахь хIунда йу даим а Кавказан регионаш

ГIалгIайчуьра бахархой, гайтаман сурт

2022-чу шеран жамIашца, токхе регионех хIоттийначу Оьрсийчоьнан рейтинегехь* йуха а тIаьххьарчу могIарехь нисйелла ГIалгIайчоь. Аутсайдерийн тептара йукъахь, хIокху масех шарчохь аьтто бар ца хуьлуш Къилбаседа Кавказан кхин а ворхI республика йу. Экономисташа а, демографаша а, коррупцина дуьхьал волчу говзанчас а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, стенца йоьзна йу и статистика.

БIе баллаца хьесап дина Оьрсийчоьнан регионийн токхе хилар. "РИА Новости" пачхьалкхан агенталлин талламан авторша лерина Оьрсийчоьнан регионашкахь бахархошна йуккъерчу барамехь хуьлу пайда а, цара хьашташна оьцучу хIуманийн йен харж а (19,8 эзар сом ду йуккъерчу барамехь Оьрсийчохь. – Билгалдаккхар). Иштта йуккъерчу барамехь банкашка охьадуьллу ахча а, къоьллин дозанел лахара дакъа кхочу бахархой, ипотека эца йиш йолу доьзалш, кхинйолу факторш а.

Максимале йолчу 100 баллех цхьа балл йаккха аьтто хилла ГIалгIайчоьнан, республико рейтингехь 85-гIа меттиг дIалаьцна. 83-чу меттигехь йу Кхарачой-Чергазийчоь, цунна тIаьхьа ГIалмакхойчоь (81-ра меттиг), Нохчийчоь (80-гIа), ГIебарта-Балкхаройчоь (79-ра), Дагестан (77), Къилбаседа ХIирийчоь (73-ра), Ставрополь-мохк (68). 2021-чу шарахь динчу зерашца керла таллам бустахь, тидам хуьлу, дукхахйолчу регионашкахь хьал мел а тоделла хилар, делахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а гайтамаш цул хьалхарчу шерашкахь хиллачул а гIад дайна бу.

Регионалера хьаькамашна ца лаьа адамийн къинхьегамах самукъадалийта

ГIалгIайн пачхьалкхан университетан профессорна, экономикан Iилманийн докторна Булгучев Муратана хетарехь, регионера хьаькамаш кIад а деш цахиларна ГIалгIайчуьра экономика эшна хилла ца Iа,

"1992-чу шарахь ГIалгIайчоь кхоьлличхьана хIора шарахь Оьрсийчоьнан субъекташлахь тIаьххьара меттиг дIалоцу цо Iилманехь а, экономикехь а, бизнес лелорехь а, бахархойн ахчанаш гулдаларехь а, циггара бу и боллу сингаттамаш. Регионера хьакамашна ца лаьа адамаш къахьега марзбан…Пачхьалкхан индустрихь болх бан лаьа гIалгIашна, хIунда аьлча, тхан хьаькамийн бизнес лелорна хьежам муха бу дукха дика хууш хиларна", - элира профессоро Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь.

Туризм кхион лаккхара потенциал йолуш регион лерина ГIалгIайчоь официалан федералан Iалашонийн программашкахь. Делахь а, Булгучевс бахарехь, и программаш менеджментана хийра болчу наха лелош йу.

"Къоначу менеджерша бен регионашкахь туризм кхион йезаш йац. Йоллу Iедалхойн структурашкахь Сталинан къепехь Iамийна а, кхиийна а нах цара хийца беза", - аьлла хета Iилманчана.

Уггар а чекх са гуш йоцу регионаш

Марсхьокху-баттахь ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а нисйелира алапийн, белхазаллин тIегIанех хIоттийначу рейтинган когашкахь: пачхьалкхехь официалехь алапа кхуьуш, белхазалла лахлучу заманчохь, оцу мехкашкахь хьал мел а бIостане кхуьуш ду.

Оцу хеначохь ГIалгIайчоь даим санна белхан меттигаш хиларца уггар а лакхарчу меттигашкахь нисло формалехь йоцчу секторехь (60%) а, белхазаллин тIегIанехула (27%) а, карладоккху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

"Къилбаседа Кавказехь формалехь йоцчу йукъаметтигашца доьзна даьржина хIуманаш ду: шайн гергара нах къайлах балха эцар, коррупци лелор магийтар. Масала, Нохчийчохь лакхарчу даржашка Кадыровн гергарнаш бен хIиттош бац", - боху антикоррупцин талламаш бечу эксперто.

КХИН А ХЬАЖА: КадыровгIеран тайпа – министрийн тукхам

Шумановс даредира – ГIалгIайчохь 30 процент бахархой билггал болх боцуш бу бохург тамашен хIума ду аьлла: "Аномалин терахь ма ду хIара, Оьрсийчохь долчул а пхоьазза лакхара ма ду и. Баккъал а болх беш, билггал йасакх охьа а йуьллуш болх бен нах Къилбаседа Кавказехь кIезиг бу. Амма оцу барамца бахархой бустар маьIне дац: къайлах белхаш беш хила тарло адамаша, йасакх лаххара такха. Вайна гуш ду, цхьадолу хьолалла а, Къилбаседа Кавказера йаккхий хIусамаш-шахьараш а пачхьалкхах лачкъийна йу. И регионаш чIогIа къайлайаьхьна йу".

Кавказан регионех йоцчу ГIалмакхойчоьнах дерг аьлча, иза а рейтинган чакхенехь нисйелла, кхузахь Шумановс билгалдоккху, тера йолу тенденцеш йогIуш йу оцу республикица: "Изза проблема лаьтта регион йу ГIалмакхойчоь а: къайлах белхаш бар, белхазалла дикка лакхарчу тIегIанехь хилар. Бизнес къайлах цалелоран а, экономикан гIирсийн процесс а меттигерчу элитан дуьхьалонах Iитталора, шайна тIехь контроль латтон гIортар санна тIеоьцура цара и. Эххар а кхин а тIе хьулйира цара шайн бизнес".

Цо бахарехь, Кавказехь токхенан статистика ледара хилар доьзна хила тарло кхин а меттигерчу бахархойн Iедалх тешам кIезиг хиларца: нах ца теша, официалехь балха а хIиттина, йасакх дIа а луш, шаьш дIадуьйлалахь, цо цхьана кепара социалан гарантеш шайна латтор йу аьлла.

Регион къен мел йу, Москвара кхин  алсам ахча кхочур ду царна

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь пачхьалкхехь лачкъийна йоккха экономикан сектор хилар хьахийра демографо Козлов Владимира а. Делахь а, цо кхин а цхьа башхалла гучуйаьккхира: "Хууш дац, маса адам деха ГIалгIайчохь. Бахарахойх хаамаш базбечийн жамIех со тешар вацара. Нах регионера дIаоьху, хIетте а меттигера болх боцу нах санна дIайазбо уьш а"."

ГIалгIайчоь а, Дагестан а бахархой совбаьхна регионаш хета цунна: "И гойту вайна дахаран дохалла лакхара хиларо а, кIезиг бераш дуьненчу довлуш хиларо а. Дуккха а лач индикаторша гойту, бахархой нийса багарбина цахилар".


Оцу йукъанна Козловна хетарехь, Къилбаседа Кавказан массо а регионашкахь йац нах багарбарца ледарлонаш: масала, Нохчийчохь, экспертан дешнашца, и проблема йац.

Нохчийчохь белхазаллин статистика нийса гойту аьлла, билгалдаьккхира демографо Ракша Алексейс а.

Экономикехь дазар

Таханалерачу заманчохь Къилбаседа Кавказан республикаш экономикехь йозуш цахилар пайде дац йа регионашна шайна а, йа федералан центрна а аьлла хета экономистана, демографна Лифшиц Маринина: "Вайн бюджетан-йасакхан система муха болх беш йу аьлча, регионашкара ахча центро дIаоьцу, цо дIаса а доькъу. Регион къен мел хуьлу а, Москвара дукха ахча кхочу царна".

Цо дийцарехь, регион экономикехь федералан центрах йоьзна хилча – политикехь а хуьлу иза цунах йоьзна: "Ельцин волчу хенахь регионаша дуккха а кIезиг мах охьабуьллура, амма Iедалхойн федералан органашкахь церан билггал векалташ хуьлура, ткъа губернаторш а, депутаташ а билггал хоржуш бара. ХIинца и доцуш ду".

Лифшиц тешна йу: цхьа хIума хийца, бюджетан-йасакхан система хийца йеза уггар а хьалха. Амма, нагахь санна, экономикехь регионашна маршо лахь, политикехь а шайн лаамехь хила лурр ду царна.

* Оьрсийчоьнан официалан статистикана йукъахь ду аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, иштта оккупаци йинчу Украинан Запорожьен, Херсонан кIошташкара хьал а, иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкара а.

Нохчийчоьнан куьйгалло товбеца-беттан йуккъехь дIахьедира, Оьрсийчоьнан индустрин а, йохка-эцаран а министраллин рейтингехь "Регионан экономикан кхиар" блокехь хьалхара меттиг баьккхина шаьш аьлла.

Пачхьалкхан статистикан кортачу органан, Росстатан хаамашца, Нохчийчоь аутсайдер йуьсуш йу белхазаллин терахьца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а. Оцу йуккъехула Соьлжа-ГIалара хьаькамаша индустрин а, йохка-эцаран а министраллин рейтингехь хьалхара позицеш дIалацарх дечу дIахьедарша шеконаш кхуллу.

2022-чу шарахь Росстато зорбанедехира къоьла ловш болучеран хьолах хаарш. Уггаре хала йоллуш ГIалгIайчоь йу аьлла гайтира жамIаша - бахархойн кхозлагIа дакъа хала бохкурш бу. СКФО кхечу регионашкахь а дац церачул гIоле хьал. Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказерчу республикийн къоьлех шайна хуург. Официалерчу зераша ма-дарра долу хьал цагайтарах дерг а.