Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIайолийна шегарчу даржан йоьалгIа хан. Гезгмашин-бутт боьрзуш хиллачу харжамашкахь тоьлла иза 99,7% кхаьжнаш бахарца. Путина а санна, боьалгIа го бу Кадыровна даржехь виса. Таханенна иза 14 шарахь регионан коьртехь Iен уггаре шира губернатор ву Оьрсийчохь. Кавказ.Реалиино дагалоьцу Кадыровс даржехь яьхна хенаш а, цо махкахь дечу урхаллин хатI а.
Кремло хIоттийна хьалхара президент Кадыров Ахьмад 2004 шарахь вийча, 28 шо дара цуьнан кIентан Рамзанан. Шарал совъоьккхуш хан дIаяьлча, республикан премьер-министр вира цунах, ткъа масех бутт баьлча Нохчийчоьнан парламенто цуьнан кандидатура къастийра Iедалан куьйгалхочун дарже.
Ницкъаллин урхаллаш йоцуш, цуьнан куьйга кIел бара ШолгIачу тIамо бохийна мохк меттахIоттош бан болийна болх. Жигара дIахьора Соьлжа-ГIала а, кIошташ а юхаденъяр. Иштта хIоттийра Соьлжа-ГIалин центрехь Путинан проспекте йоьрзуш йолу Кадыров Ахьмадан проспект. Кадыров Ахьмадан цIарах лаьтта Нохчийчоьнан топонимика дIахIоттор оцу тIера долийра. ТIаьхьо дира Кадыровн Ахьмадан маьждиг, тIаккха "Ахмат-арена" стадион, цул тIаьхьа хийцира ЦIоьнтаран цIе а - "Ахмат-Юрт" аьлла.
30 шо долу Кадыров девне велира хIетахьлерчу Нохчийчоьнан президентца Алханов Iалуца. Ши хьаькам ларван тIехIиттийна кегийрхой вошахлетира герзаш а детташ. Юха ший а куьйгалхо шена хьалха а хIоттийна, церан юьхьъехира Путина. 2006 шо доьрзуш Алхановн машенийн ковра некъан хьозаме нисъелира, байъинарш а болуш. Алхановх "астагIа бад" олура цуьнан букъа тIехьа, дийца даьккхира иза даржера вохориг хиларх лаьцна.
Оццу шарахь йийра Нохчийчохь адамаш идорах, адамийн бакъонаш талхорах, церан бахьанех лаьцна дуьйцу журналист Политковская Анна –"Кадыровн мостагI". Политковскаяс Кадыров лорура бехке махкахь харцо латтарна.
"Кремло саьрмак кхиийна, хIинца цунна биллина кхача латтон беза, багах цIерш ца Iеттаяйта. "Толам", "маьрша дахар хIоттор" олу Оьрсийчоьнан лерина ницкъаш оьшуш дирзинчу хьолах", - яздора Политковскаяс ша Кадыров Рамзанера интервью эцначул тIаьхьа.
2007 шеран Чиллан баттахь, президентан гIентахь шен Iан йолу хан ерзаре а ца хьоьжуш, дарж охьадилла пурба доьху шена Алхановс Путине. Ткъа кхин ши бутт балале Кадыров хIутту мехкан куьйгалле Путинан а, мехкан парламентан а пурбанца.
Хьалхара хан: ламастийн полици
Нохчийчуьра бахархой шайн гергарчарна тIехула таIзарш лан декхаребо Кадыровс: доьзалера цхьаъ тIемало хилча, иза бахьанехь балахьегар тIедужу массарна а – лоьхку махкара, дагадо цIенош. ТIемало шех олучу Кадыровс ша эшийна лору "терроризм". Амма бакъоларъярхошна го цо а, цуьнан гонерчу ницкъхоша а адамийн бакъонаш хьоьшуш.
Республикан куьйгаллина хетарехь, оцу хьелаша дендо къоман гIиллакхаш. Кхуллу Iедало ламастийн полицин битамехь лела дакъош
Путинна ша тешаме хиларх лоций дуйнаш буу Кадыровс, кест-кеста олу шена "борша стаг" хиларна веза. 2007 шарахь Путине кхозлагIа а президентан дарже хааре доьху цо, кхойкху нах цо иза дийриг "цунна хаьлха горахIитта".
Шайна тIехь олалла лан Iаьмна боцчу нохчаша бегаш бо шайлахь, олу: "Шена лаахь Iункар а хIотта, тхо ца хьедичхьана". Амма хезаш иштаниг ала кхоьру нах. Шен мостагий хIаллакбо Кадыровс, дIакъовлу шена дуьхьалъевлла батальонаш а тIехь - "Восток" а,"Запад" а санна. Баъйина Кадыровн оппоненташ лаьттина вежарий ЯмадаевгIар - Сулим а, Руслан а.
Ца хеддаш талхош ю Нохчийчохь зударийн бакъонаш, тIетаьIIина "чIагIдеш" ду къам бусалбаллехь. Схьайоьллу хьафизийн школаш, хьуьжарш, исламан дарбан клиникаш. Зударшна тIедожадо корталеш лелор – уьш доцчарна пейтболан тоьпашца тIе басарш детта. Коьртахь йовлакх доцу зударий ца буьту балха, деша, корта къовланза зуда ца йохуьйту урхаллашна чу.
Республикан куьйгаллина хетарехь, оцу хьелаша дендо къоман гIиллакхаш. Кхуллу Iедало ламастийн полицин битамехь лела дакъош.
2014 шарахь Кадыровс доггах къобалдира ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар, бакъбира Украинан малхбалера сепаратисташ. Оцу бахьаница Европан Цхьаьнакхетаралло санкцийн тептара язвира иза, дихкина шайн мехкашка кхача.
2014 шарахь Кадыровс доггах къобалдира ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар, бакъбира Украинан малхбалера сепаратисташ
Нохчийчоьнан бюджет 90% лаьтта Москвара дIахьежочу ахчанах. Республика чохь ахча гулдо Кадыров Ахьмадан фондо. Нохчаша дийцарехь, бюджетхой декхаре бу шайн алапах уьтталгIа дакъа оцу фонде дIадала.
2009 шеран Мангал-баттахь Соьлжа-ГIалахь лачкъайо, тIаьхьо йийна карайо бакъоларъярхо-мемориалхо Эстемирова Наталья. Хьалхо цунна кхерамаш тийсинера Кадыровс.
"Мемориалан" куьйгалхочо Орлов Олега Кадыров Рамзанна тIедиллира Эстемирова ерах долу жоьпалла. Оцу хьокъехь ша кхеле кхайкхича тола а туьйлира Орлов.
ШолгIа хан: сов вазвалар
2014 шарахь Кадыровс доггах къобалдира ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар, бакъбира Украинан малхбалера сепаратисташ. Оцу бахьаница Европан Цхьаьнакхетаралло санкцийн тептара язвира иза, дихкина шайн мехкашка кхача.
Кадыровс кест-кеста дан доладо деза къамелаш арахьарчу политикан хьокъехь, лоь Путинан мостагIашна дуьхьал. Оцу могIарара ду массарна а дагахь лаьтта хIара суьрташ: Касьянов Михаиле иза герзан биргIанна чухула хьежар, нохчийн къам цадезарна Ходорковский Михаил бехкевар, "Эхо Москвы" радион коьрта редактор Винедиктов Алексей ша хIаллаквийр ву алар.
Пайхамарна карикатураш йохкучу "Шарли Эбдо" журнална а, Малхбузенна а кхерамаш тийсарца а велира Кадыров гIара. Соьлжа-ГIалахь цуьнца доьзна массийтта бIе эзар стаг митинге ваьккхира цо.
Кхин цхьа митинг а хIоттийра Соьлжа-ГIалахь Кадыровс тIаьхьо. Цигахь цо емалйира Оьрсийчуьра Iедалехь йоцу оппозици. Оцу гуламе нах административан ресурс карахь хиларо баьхна, наха караэцна хилла лозунгаш хьукматашкахь язйина, кечйина, бохура тешаша.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тептаро иза бехке лору "нах байъарна, гIелонаш ярна, кхийолу адамийн бакъонаш хьешарна".
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тептаро иза бехке лору "нах байъарна, гIелонаш ярна, кхийолу адамийн бакъонаш хьешарна"
Ткъа Кадыров арахьара политика юьйцуш Iачу юкъанна Нохчийчуьра уьдура бахархой. 2016 шарахь йоккха кризис иккхира миграцица Брестехь – Беларусерчу дозанан гIалахула, карахь Шенгенан визанаш а йоцуш, Европе политикан тховкIело еха дIагIертара нохчий. Дукхаболучара дуьйцура шаьш респрессех чекхбевлла хиларх, оцу бахьаница махкара уьдуш хиларх лаьцна.
Тергамчаша а, бакъоларъярхоша а дийца доккху Кадыров цIе естийна язъеш хиларан хьокъехь. Махкахь массанхьа а кхозу цуьнан а, цуьнан ден а суьрташ, ечу гIишлошна тоьхку Кадыров Ахьмадан цIерш. 2014 шарахь Устрада-ГIалахь дIахIоттийначу маьждигна ло Кадырова Айманин цIе.
Немцов Бориса ша велле хьалха яздора, "экономикан кризис бахьанехь Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна ахча латтор дитахь, 20 эзар кадыровхо ву пачхьалкханна проблемаш хIитто кийчча Iаш". Кхело Немцов вийнарг нохчийн лерринчу ницкъашкахь буьйранча лаьттина Дадаев Заур хилар билгалдаьккхира.
Даима а хирг ду ФСБ-не кхин а цхьа куьгбехкениг – Геремеев Руслан – лен цавалар, цуьнга ур-атталла иза тIекхойкхуш яздина кехат а дIа цакхачар. Болчу хаамашца, иза ларвеш бара махкара ницкъхой, пачхьалкхера дIавахара Геремеев.
Дерриг а къинош геч а деш, Оьрсийчуьрчу бахархоша къобалво Кадыров - "Левада центро" 2015 шарахь цунах теша нах бу бохура 55%. Къилбаседа Кавказехь дахар машаре дерзийнарг Кадыров ву, бохура хеттаршна жоьпаш деллачу нахах кхоалгIачу декъо.
КхоалгIа хан: мажош а, бекхамаш а
"Мажош нийса цалелорна" лецар, царна гIелонаш яр шорделира Нохчийчохь 2015-16 шерашкахь. Мажош ерш вахьабхойн агIончаш бу, бохура, уьш террористийн могIара хIиттабора, зуламаш тIекхуьйлура царна. Иштта лецира Росгвардин декъанна тIелетта аьлла Бакаев Iела. Иза ведира махкара а, Оьрсийчуьра а. Маж "нийса цалелорна" лаьцна а латтийна, ша дIахецча махкара вада дийзира тахана массарна а вевзачу блогеран Абдурахманов Тумсон.
Чиллан-беттан 26-чохь Швецехь веха блогер Абдурахманов Тумсо вен гIоьртира киллер. ТIаьхьо кIелойира цуьнан вешина Мухьаммадна а – вен аьтто ца белира. Европерчу Iедалшна гарехь, зуламаш дан нах хьийсабо Нохчийчуьрчу куьйгалхоша
"Нах къинтIера бахар" моде дерзорца дагахь лаьттар ю Кадыровс Нохчийчоьнан куьйгаллехь яьккхина зама. Кадыровх вониг аьлларг, цунах кхаьрдинарг, кхера а вой, декхарево ша аьлларг телеканалехула юхаэца. Блогераш, актераш, меттигера бахархой, зударий, кегийрхой, палтасархой, туристаш, муьлхха а ларамза дош аьлларг кхачош ву нах къинтIера бохучу тIегIане.
Ткъа Кадыровгара Инстаграмо дIаяьккхина аккаунт рогIерчу санкцешна иза юкъаязвича - " Магнитскийн акте". Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тептаро иза бехке лору "нах байъарна, гIелонаш ярна, кхийолу адамийн бакъонаш хьешарна".
Стохка кхин цхьа санкци а яьккхина Цхьанатоьхначу Штаташа Кадыровна дуьхьал. Уьш хIинца хьакхало цуьнан зудчух Медних а, йоIарех Iайшатах а, Каринех а.
Ша кхоазлгIачу даржехь дохучу шерашкахь Кадыровс алссам хIиттийра лакхарчу даржашка шен гергара нах. ЙоIах Iайшатах хилира культуран министра гIовс (хIинца иза ша ю министр), вешин кIантах Хьамзатах вира спортан министр, гергарчех волу кхин жима стаг, Закриев ИбрахIим, хIоттийра Iедалан администрацин коьрте, йишин воI Черхигов Идрис ваьккхина некъан инспекцин коьрте, йоI Хадижат ю Соьлжа-ГIалин берийн бошамийн департаментан куьйгаллехь.
Оцу юкъанна хIаллакбеш бу Кадыровн критикаш. Киевехь герз тоьхна йийна сепаратисташна дуьхьал Украинан эскарехь гIуллакхдина Окуева Амина. Цул хьалха иза а, Путинна кIелоярна бекевеш хилла цуьнан майра Осмаев Адам а вен хьажийнарг вара нохчо Денисултанов Артур.
Алиев Iимран (Мансур Старый) карийра вийна Францерчу отелехь. Иза вийнарг вада кхиира. 2019 шарахь Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха. Умаров Мамихан (Анзор из Вены), Кадыровн критик, вийра Австрин шахьарна гергахь 2020 шеран Мангал-беттан 4-чохь.
Чиллан-беттан 26-чохь Швецехь веха блогер Абдурахманов Тумсо вен гIоьртира киллер. ТIаьхьо кIелойира цуьнан вешина Мухьаммадна а – вен аьтто ца белира. Европерчу Iедалшна гарехь, зуламаш дан нах хьийсабо Нохчийчуьрчу куьйгалхоша.
Кхин а цхьа йоккха къизалла яра Кадыровн шераша гайтинарг – камерашкахь шайна товш боцу нах хьийзор. Масала, 2020 шеран Гезгмашин-баттахь лаца а лаьцна, верзина а ваьккхина, шишанна тIехаийра оппозицерчу 1ADAT телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман. КхидIа цунах хилларг хIинца а дац хууш.
ЙоьалгIа хан: хIун хир ду Нохчийчоьнах?
"Кадыровн политикан новкъахь цхьа а хIума хийцалур дац. Иза федералан центрах возу. Республикехь хьал кхин ца хиллал ирча ду, урамашкахь тоьпаш етташ нах ца байъахь а. Ницкъхоша наханна ен прессинг вуно онда ю. Оха мохь биттира оппозицин ницкъашка, бакъоларъярхошка, амма тхоьга ла ца дуьйгIира. Эконимкан хьал мел оьшу а хала хир ду бахархошна – Iедална а, ницкъхошна а дIадала деза рицкъ. Къилбаседа Кавказехь лецна нах дIаязбеш а бац полицино шен тептаршка. Йиттина охьа а бехкина, цаьргара дареш даххалц. И зеделларг хIинца массо а регионашкахула ду даьржаш", - боху политолога Кутаев Руслана.
"Цуьнан гоно нисдина иштта, гарехь, ткъа иза резахилла. Мехкан да ву иза вуьззина, цунна хIун бен ду? Вина де а, инаугураци а, ГIалин де а - и дерриг а цуьнан ду", - элира Орловс
Бакъоларъяран"Мемориал" центран (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза яц оу сацамна – редакцин билгалдаккхар) куьйгалхочунна Орлов Олегна гарехь, хийцадала хIума дац Нохчийчоьнан коьрте юха а Кадыров хIоттаро.
"Тохара а санна, ерриг а территори, адамийн синош шен долахь долу эла хилла лаьттар ву иза, Оьрсийчохь анклав хилла йисинчу территорин куьйгалхо", - боху Орловс.
Бакъоларъярхочо бахарехь, Нохчийчохь хIинца кIезиго бойъу лецнарш.
"Лечкъийна, низамехь а доцуш лецна нах дукха хьолехь хIинца дийна буьту, уьш дIа а хоьцу, амма дац иза низам лардар совдаьлла бохург, царна ца етта бохург. Лецна нах мукъабовлийтар ас дузу ирча хиламаш Iорабохуш хиларна, масала, 1АДАТО. "Мемориало" а бовзуьйту и тайпа хиламаш, уьш талла шен аьтто баьлча. 1ADAT-о информаци даима а толлий яржош яц, цуьнан принцип ю сихха зуламаш Iорадахар", - дуьйцу Орловс.
Цо бахарехь, Кадыровн инаугураци иза винчу денца йоьзна цунна "совгIат деш".
"Цуьнан гоно нисдина иштта, гарехь, ткъа иза резахилла. Мехкан да ву иза вуьззина, цунна хIун бен ду? Вина де а, инаугураци а, ГIалин де а - и дерриг а цуьнан ду", - элира Орловс.
Инаугураци йоьдуш, ша дуй бууш, Кадыровс дош делла "нехан бакъонаш, маршонаш Iалашъян, Конституцица ваха, Нохчичоьнан конституци ларъян, дуккха а къаьмнех лаьттачу халкъанна тешаме хила". Ткъа и де тIехIоттале хьалха Путин Владимира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна елира "Даймахканна хьуьнар гайтар" олу 3-чу даржан орден.