"СК SOS" кризисан тоба "арахьарчу агентийн" реестре йаккхаран бахьана хила тарло, нохчийн полисхоша лачкъийначу Нохчийчуьра гейна Арсамиков Идрисна цуьнан бакъоларйархоша гIодар. "СК SOS" тобано накъосталла латтадо, Къилбаседа Кавказехь хьийзочу ЛГБТК-нахана.
"СК SOS" арахьара агент кхайкхорах кхеточу юстицин министралло далийначу бахьанашлахь ду и, хаамбина кризисан тобано. Урхалла тIетевжина "СК SOS" тобанца йоьзначу 21-чу публикацина, цу йукъара итт хьакхалуш йу Арсамиковх. Иштта министраллин жоьпехь билгалдаьккхина, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало латточу Коьртачу урхаллера "вовшахтохаралло политикан болх беш хиларх" материалаш кхачар.
Кху шеран стигалкъекъа-баттахь "арахьарчу агентийн" реестре йазйира "СК SOS" кризисан тоба. Юстицин министралло чIагIдора, цо "арахьарчу агентийн материалаш кхуллуш а, йаржош а дакъалаьцна, арахьарчу хьасташкара гIо а кхочуш" аьлла. Иштта "ЛГБТ-йукъаметтигашна пропаганда а йина, Оьрсийчоьнан синан, оьздангаллин мехаллаш ларйечу, чIагIйечу пачхьалкхан политикаца, иштта конституцихь приоритетехь долчу ноналлина а, бераллина а, доьзална а бIостане гIуллакх лелийна" боху.
- 28 шо долу Арсамиков Идрис кху шеран чиллин-баттахь Домодедово аэропортехь лаьцна, нохчийн полицига дIавеллера. Хьалхо шен ориентаци бахьана долуш Iазапаш лайна ву иза, цул тIахьа бакъоларйархойн гIоьнца 2019-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара иза, Нидерландашкахь тховкIело йелира цунна. Кхо шо даьллачу хенахь шен ден тезета цIа веара Арсамиков – хIетахь кадыровхоша схьадехира цьунгара кехаташ, цундела висинера иза Европе дIаваха аьтто боцуш. Регионера аравала гIоьртина Арсамиков лаьцна, бертаза йухавигира даймахка. Цул тIаьхьа Арсамиковс дIайазйина ши видео гучуйелира. Цу видеошкахь цо дIахьедира, бакъоларйархойн гIо оьшуш дац шена аьлла. "СК SOS" тешна йу, цунна ницкъбина аьлла. Цул тIаьхьа дуьйна нохчийн гейх лаьцна хууш хIуммаъ дац.
- Кризисан "СК SOS" группа кхоьллина 2021-чу шарахь. Доллу 2022-чу шарахь церан каракхаьчна Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-адамийн бакъонаш хьешарх 130 хаам. Къаьсттина Дагестанера а, Нохчийчуьра а. 2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано пачхьалкхера арволуш а, кхечу махкахь политикан тховкIело луш а гIо дина 45 стагана, шаьш бехачу меттигашкахь кхерам латтарна дехьабовлуш гIо дина 26-нна. 2023-чу шеран хьалхарчу пхеа баттахь кризисан тобане кхаьчна 90 дехар.