"Куьг кховдаде цаьрга – доттагI, ваша, гIортор хир ю хьуна". Украинера депортаци йан кхерам бу нохчашна

Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан эскархой, Украина, марсхьокху-бутт, 2022 шо. Гайтаман сурт

Иттаннашкахь нохчий Украино шайн махкара Оьрсийчу дIахьажон кхерамна кIел нисбелла. Царех цхьаберш оцу пачхьалкхе бакъо йоцуш баьхкина, вукхеран махкахь баха бакъо луш деллачу кехатан хан кхаьчна. Сингаттам хьакхабелла иштта укрианхойн армигахьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойн батальонийн эскархойх а. Оцу нахах лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.

Дауд (цуьнан кхерамзалла Iалашйархьама цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) кхечира Киеве масех шо хьалха, Украинехь ваха висира иза, хIунда аьлча, даймахкахь шога зулам дина аьлла, цунна тIаьхьабевллера. Кхуьнан алиби тергамза йитинера талламо, ткъа кхуьнан масех гергара стаг лачкъийна дIавигина, царна тIехь къизаллаш лелийнера.

Дауд тешна ву, Нохчийчоьнан Iедалхошкахьа шен негативе хьажам хиларца а, Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь гIаттамхойн могIарехь ша тIемаш барна а тIаьхьабевлла шена аьлла. Кхо шо хьалха Оьрсийчоьно дIавехнера мухIажар, ткъа Украинехь шозза а дуьхьало йира цунна тховкIело йала.

2022-чу шеран чиллан-баттахь, шуьйра тIом болабелча, Дауда къуьйсура Украинехь виса шен бакъо, амма хIетте а сацамбинера, цунна экстрдици йеш. ТIемаша новкъарло йира процедурина. Лаамхойн батальонах дIакхийтира иза, цхьа шо а ду Оьрсийчоьнна дуьхьал уггар а халачу меттигашкахь цо тIемаш бен.

Украинехьа лаьтташ бу нохчий хIинца а, шайна кехаташ ца деллашехь. Тхан бахархой хиллачул тIаьхьа, кхин а жигара Iалашйийр ю цара пачхьалкх

ХIетте а Оьрсийчоьне дIабала лаьттачу кхерамах ца бевлира уьш. Оццу хьелашкахь лаамхойх болу Нохчийчуьра кхинболу бахархой а. Украинхойн хъаькамаша масийттазза аьллера, церан легализацин хеттарш шаьш луьстур ду аьлла, амма цкъачунна хийцаделла хIума дац.

2018-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинан Коьртачу прокуратуро ФСБ-но дIавоьхуш хилла ГIалгIайчоьнан вахархо Тумгоев Тимур дIавелира. Цунна экстрдици йар юкъахдаьккхинера ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето, делахь а цунах гIо ца хилира – Украинехь тховкIело йехарх а санна.

ТIаьхьо къаьстира, Оьрсийчоьнан Iазапаш хьоьгуьйтучу набахте Тумгоев кхаьчнийла. Кхечу тутмакхашца цхьаьна ша чохь латтон хьелаш бахьана долуш мацалла а кхайкхийра цо. Цунна йиттина ца Iаш, масийттазза сийсазвира иза, дискриминаци лелийра цуьнца: КъорIан а, ламазан куз а схьабоккхура цуьнгара, ламаз ца дойтура, аьшнашдора цуьнан дин лелор.

"Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь" аьлла, рапорт арахийцира Анализан а, конфликташ кхоллаялар юхатохаран а центро. Бакъонашларйархойн хаамашца, исламан агIончаш къаьсттина хьийзабо оьрсийн колонишкахь. ТIехь ницкъбо, йетта, кхечу тутмакхаша гIело латтайо – и дерриге а дукха хьолахь шайн гергарчу нахаца цхьана а ца кхоьтуьйтуш.

2018-чу шарахь Украине кхечира Бакаев Iела тховкIело йеха дагахь, амма аэропортехь лецира иза, Нохчийчуьра Росгвардин декъана тIелетта аьлла, Интерполехула лоьхуш хиларна. Масийтта бутт СИЗО-хь баьккхира Бакаевс, цул тIаьхьа араваьккхира шен цIахь лаьцна а вуьтуш. Цо бахарехь, Росгвардин декъана тIе-м муххале а ца леттера иза, оцу дийнахь ур-атталла махкахь а ца хиллера иза. ТIаьхьо Интерполон базера дIаваьккхира Бакаев.

ТIом болийначу заманчохь Оьрсийчоьне дIавала Бакаевна кхерам лаьттара. Лаамхойн батальонах дIакхета лаам бара цуьнан, амма шен доьзал кIелхьарбоккхуш Европе дIавахначул тIаьхьа Украине юха чу ца витира иза.

"Дуьхьалойар низамехь дац"

Одессерчу бакъоларйархойн "Правое дело" цхьанатохараллин программийн координаторо Яковенко Валерийс дийцира, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархоша масийттазза бакъонан гIо дийхира организацига аьлла. Дукха хьолахь шаьш Интерполон лехамашкара дIадахар, экстрадици йархьама бечу талламашкахь а гIо дахьара бохуш.

Бакъоларйархочо бахарехь, Оьрсийчоьнан агIоно даша тIехь чIагIо йо шаьш дIавоьхучу стеган бакъонаш хьоьшур йац олий.

"Экстрадици йар доьхуш доуьйтучу кехата тIехь кхерамзалла а латтор ю, бакъонаш Iалашйайта а, ларйан а таронаш лур ю олий йаздо. Ницкъбийр бац, адам сийсазден хIуманаш а лелор дац олу. И гарантеш билгалйаьхна ю Iазапашна дуьхьалойаран Конвенцихь а, дуьненаюкъарчу кхечу бертан дийцаршца а… Амма и стаг каракхаьчначул тIаьхьа цхьаммо цхьа а хIума лардийр дац. И тIедахкарш кхочуш ца дахь, и стаг юхавоьхийла ду, амма юхалур вац", - боху Яковенкос.

Цо дийцира, "Правое дело" организацин белха юкъахь гIалгIай дIабоьхуш шиъ а, цхьана нохчочунна экстардици йарх цхьа гIуллакх а ду аьлла.

"Дехар динчу цхьана гIалгIачун хаттар листина даьлла, цуьнан дерриг а дика ду. ШолгIачун хьокъехь Интерполон комиссин хьесапе хьоьжуш ду тхо. Интерполехула лоьхучуьра нохчо а дIаваьккхина. Иза лаамхойн батальонан эскархо ву", - дийцина бакъоларйархочо.

Цо карладаьккхира, "Арахьарчу бахархойн бакъонан статусех а, пачхьалкхалла йоцчу нахах а" лаьттачу низамехула Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало йеш гIо дина арахьара бахархой нуьцкъаша уьш схьабевллачу махка, йа Украинана дуьхьал агресси йинчу пачхьалкхе, йа Украинан цхьаалла а, суверенитет а къобал ца йечу махка дIахьовсабойла дац аьлла.

Стохка чиллан-бутт байначул тIаьхьа Оьрсийчоьно дIабоьхучу Украинера нахана депорт йар сацийра. Цул хьалха лаамхойн батальонийн декъашхойх лаьцна кехат даийтинчул тIаьхьа хIоразза а тоьшаллаш гулдан дезара цо билггал Украинан агIор тIемашкахь дакъалаьцна хиларх, билгалдоккху Яковенкос.

Нагахь санна ас Iалашвийриг Оьрсийчоьнан агIоне дIалахь, санкцешна бухахь йолчу организацица бертабахар хир ду иза

ХIинца Оьрсийчоьнан бахархой даймахка дIа ца хьовсабо, кхечу мехкашка хьийсабо, хIунда аьлча тIом бахьанехь официалехь доза дац. Ткъа 2019-чу шарахь низамехь хийцамаш хиллачул тIаьхьа арахьарчу пачхьалкхийн батальонийн эскархой дIахьийсабойла дац.

"Украинехь билггал белхаш беш ю кхелаш, лартIахь адвокат нислахь, бакъо толайойла ду. Процедура чолхе ю, ткъа хенаш кхелаша лар ца йо", - кхин дIа дуьйцу Яковенкос."

Бакъоларйархочо боху, Украинан миграцин урхалло низам талхадойла ю, масала, тховкIело а, пачхьалкхалла а йоьху кехаташ чу ца оьцуш.

"Боьдуш тIом бу, мухIажаршна статус лун кехаташ чуэцар сацийна ду олий, бахьанаш даладо хьаькамаша. Амма дуьхьалойар низамашца дац, мухIажарийн статусех Конвенци къобалйеш, оцу хаттарехула къоман низам тIеэцна Украино, иза болх беш ду хIинца а", - билгалдоккху къамелдечо.

Стохка Одессехь кхело сацамбира, дуккха а шерашкахь оцу гIаличохь ваьхна, уркаинхойн пачхьалкхалла йоьхучу нохчочун хьокъехь. Миграцин хьукмато тIе ца лаьцнера цунан документаш, ткъа кхело дIахьедира хьаькамаш низамехь лелла бац, гIуллакх юха талла аьлла.

"ТIеман хьал хиларна а, йа цуьнан шен лаам хиларо а бакъо ца юьту Одессан кIоштарчу ГУ ДМС-н (Державна міграційна служба) хьаькамна Погребняк Еленина а, кхечарна а Оьрсийчоьнан бахархойн дехарш ца луьстуш дита. Аьлча а, и стаг схьаваларан бухе а хьоьжуш, дискриминаци лело. Чуделла кехат листа а ца луьстуш Погребняк Еленас юхадаларан цхьа бахьана ду, и стаг Оьрсийчоьнан – Украинана дуьхьал тIом болийначу пачхьалкхан вахархо хилар", - аьлла ду документа тIехь.

Бакъоларйархо Яковенко тешна ву, дIабоьху Оьрсийчоьнан гIалгIайх, нохчех болу бахархой, иштта Украинехьа тIемаш бинарш а цхьаьна, къайлах хийца тарло, масала, йийсаре лецначу украинхойх аьлла.

"Еххачу заманчохь тIемаш бен Украина Iалашйархой, шайн тобанашца лаьтташ бу. Цу тIе церан карахь герз ду. Массо а кхеташ ву, цкъачунна уьш хьабойла йац. Амма нагахь санна и стаг цкъа мацах тIом бина, цхьана бахьанашца батальонна юкъара ваьллехь, шен накъосташца зIе латтош вацахь, иза дIавала тарло", - кхетадо Яковенкос.

"Кхераман зонехь болу нах"

Оьрсийчоьно дIавоьхучу Нохчийчуьра вахархочун юрист Ангелин Иван тIетов украинхойн бакъоларйархочунна.

"Тарло оцу нахах пайдаоьцуш хилла дIасахийцаран фондах санна. ТIом бина стаг схьа а оьций: оха хIара дIалур ву, аш схьало цунна дуьхьал тхан тIемалой. Украинхойн юкъараллина гергахь Оьрсийчоьнан вахархо хийцина украинхойн эскархойх аьлла тарлур ду. Iедалхошкахьа долчу каналаша эр ду: цхьана нохчочух оха хийцина итт украинхо. Оьрсийчоьнан бахархой а дуьхьал хир бац, ткъа и стаг къиза вуьйр ву", - дуьйцу хьолах лаьцна Ангелина.

Украинан масштабехь кIезигчу нехан проблема ю хIара, амма оцу хIоранна а тIехьа доьзал, бераш ду

Ша Iалашвечунна дIасавалар доьхкуш диттина дозанаш дIадаха аьтто хилира адвокатан. Дуьненаюкъаралло дийцаре диллинарг а лоруш, цхьа могIа гIулчаш йаха дийзира оцу гIуллакхна, Ангелина бахарехь.

"2019-чу шарахь ас дийшира, Германихь Лакхарчу кхело дихкина нохчашна экстрдици йан, хIунда аьлча, Оьрсийчуьра даржхоша, къаьсттина Нохчийчуьрчара, церан бакъонаш Iалаш ца йо. Немцойн векалалле велира со, соьга цуьнан сацам баийтира гочбина. И кехат ас Коьртачу прокуратуре дIадахьийтира. ТIаккха Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь санкцеш йехира Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурина дуьхьал. ТIаккха Украинан прокуратуре йаздира ас, нагахь санна, ас Iалашвийриг оьрсий агIоне дIалахь, санкцешна бухахь йолчу организацин бартбар санна хир ду аьлла. Санкцеш украинхойн прокуратурех а хьакхалойла ду. Ши кехат ас дахьийтинчул тIаьхьа цара жоп делира, информаци тергоне эцна шаьш аьлла. ТIаккха тIом белира, ас Iалашвийриг [лаамхойн] батальонах дIакхийтира", - дийцина адвокато.

Дика цIе йаьккхира батальонехь нохчочун. Цара делла куехат а прокуратуре дIахьажийра ас, хIинца иза дIалахь дуьненаюкъараллица бина барт а бохабо аш аьлла.

Шен клиентана тоьшаллаш Ангелина гулдечу заманчохь, украинхойн прокуратуре кехат дахьийтинера цо: экстрдици йинчу нехан кхолламашна тIехь терго латтайой цара аьлла. Жоп даийтира, и нах латточу хьолах лаьцна Оьрсийчоьнан агIоно таллам ца бойту шайга аьлла. Дуьненаюкъарчу бертаца а догIуш, и стаг дIавеллачу пачхьалкхана тIехь декхар ду, иза латточу хьелех а, цуьнан кхолламах а лаьцна вукху агIоне хаамаш кхачон. Ангелина Iалашвечуьнгахьа кхин а цхьа аргумент ю иза, амма делахь а Украино дIавала кхерам лаьтта цунна хIинца а.

"Украинан низамашца а догIуш, сан клиент кху махкахь легалехь вац, кхинболу цхьа могIа нохчийн батальонийн декъашхой а санна. Оьрсийчу а ца хьажош, нагахь санна, иза кхечу пачхьалкхе вохуьйтий, иза а ду дала тохар хIунда аьлча, кхин Укриане чувуьтур вац иза. МухIажаран статус йоьхуш дехар дина оха иштта. Цкъа хьалха кхело цуьнан гIуллакх листа ца листахь, бакъо йац цунна экстрадици йан", - кхетийра адвокато.

Арахьарчу батальонийн легализацица лаьтта проблемаш луьстур ю аьлла, дош делла иштта уггар лакхарчу тIегIанера хьаькамаша, боху Ангелина.

"Цуьнан дуьхьа хIун дан деза? Юридикехь дехка деза, Украинан суверенитетехьа тIемаш бина нохчий агрессор-пачхьалкхе дIабала, сацам тIеэца беза нохчийн тIемалошна махкахь баха пурба луш. ХIаъ, цара тIамтIехь дакъалаьцна хилар батальонерчу кехаташца тIечIагIдина хила деза. Украинан президенто элира, оцу кепара [тIемалой Оьрсийчу] дIабалар юкъара даккха деза аьлла. Цо шен дош лардийр хиларх тешна ву со, хIунда аьлча, хIара чолхе проблема ю, нах кхераман зонехь бу", - боху юристо.

Цунна хетарехь, юкъаралхой жигара оцу гIуллакхна югIагIортахьара, оьшу сацам маса тIеэца тарлора.

"Проблема чолхе ю, амма цунах лаьцна кIезигчарна бен ца хаьа, адвокаташна а, дуьхьло лайначарна а бен. Украинан масштабехь кIезигчу нехан проблема ю иза, амма оцу хIоранна а тIехьа доьзал а, бераш а ду. Оцу юкъанна нохчийн батальонаш Iаламат чIоIга ю, къеггина штурмаш йеш операциш, зачисткаш дIахьо цара. Маьршадаьхначу дозанашка шаьш ма-кхоччура, бахархошна кхчанан сурсаташ дIасайоькъу цара. Нохчийн юкъаралхоша а айан мегар дара хIара проблема. Iедалхойн векалшца цхьанакхетарш оьшу, горга стоьлаш, белхан цхьанакхетарш, комиссиш", - аьлла хета Ангелинна.

Нохчийчуьра таIзарша чIогIа кхерийна бу уьш, цундела тапъаьлла Iаш бу

Цо билгалдоккху, нохчийн лаамхошна тIаьхьабовларх лаьцна дукхахдолу гIуллакхаш зорбанан гIирсашка ца кхочу, хIунда аьлча, массеран а таро йац некъах а, адвокатана, нотариусна, кехаташ гочдарна догIу ахча дала. Цул совнах, билгалдоккху къамелдечо, массеран а хадамалла ца кхочу шайн бакъонаш къовса.

"Цхьана стагана тIе а вогIий, ас олу, хIун дан деза, хIун латкъамаш бан беза. Латкъам йазбар цхьа зулам долуш санна тIелоцу цара цкъацкъа: "Муха, прокурорна арз дийр ду оха? ХIан-хIа! ТIаккха суна цхьаъ дахь?" Уьш кхоьру кхин а дала тохар хиларна шайна, - дуьйцу Ангелина. – Ас олу, ца йаздахь, уьш Оьрсийчоьне дIабала тарло, йа кхечу пачхьалкхе дIахьийсон, ткъу цул тIаьхьа Украине буьтур бац. Кхетабо: шу хIинца Украинехь ду. Оьрсийчохь дац олий. Латкъам бинера, иск чуйеллера олий, кхузахь цхьа а тIаьхьа ца волу. Мелхо а, оцу стеган терго йо, цуьнан проблема йерзон гIерта. Ткъа уьш кхоьру "ишта а бакъо йоцуш ву со, кхин а хьал телхар ду тIаккха" бохущ. Шайн Нохчийчуьра гергарчарна а сагатдо. И бохург хIун ду: цхьаммо динчунна латкъамбан ца лаьа стагана кхузахь Украинехь, царна хета, нагахь санна, Оьрсийчохь цунах лаьцна дIахаахь, шайн гергара нах хьийзон буьйлалур бу моьтту. Со-м кхета, Нохчийчуьра таIзарша чIогIа кхерийна бу уьш, цундела тапъаьлла Iаш бу".

ХIетте а тешна ву адвокат, Нохчийчуьра бахархошна экстрадици йарх лаьцначу гIуллакхан йист йаьккхинчул тIаьхьа, Украинана тешаме бахархой хир бу царех.

"Пачхьалкхалла шайн доццушехь Украинехьа лаьтташ бу нохчий хIинца а. Тхан бахархой хиллачул тIаьхьа, цара мохк кхин а жигара Iалашбийр бу. Куьг кховдаде цаьрга – доттагI, ваша, гIортор хир ю хьуна", - дерзийра юристо.

  • Украинан агIор хIинцале а ю тIемаш беш къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан агIончех масех лаамхойн батальон, царех цхьайерш официалехь Украинан тIеман ницкъийн декъехь ю.
  • Царех цхьаъ ю – Къаьстина ша-тайпа батальон (ОБОН). Цуьнан дукхахболу эскархой – 2000-чу шеран юьххьехь Оьрсийчуьра дIабахана, Европан пачхьалкхашка дIатарбелла Нохчийчуьра хьалхарчу а, шолгIачу а тIемашкахь хилла гIаттамхой бу Кавказ.Реалии корреспондент хилира эскархошца цара тIемаш бечу меттигехь.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Украинан Лакхарчу Радехь Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк бу аьлла, тIелецира, йемалдира нохчийн къомана дина геноцид а.
  • Нохчийчуьра мухIажарна депортаци йан дагахь ю Франци, даймахкахь Iазап хьегийта, йа вен тарло иза. Цунах лаьцна дийцира Кавказ.Реалиига цуьнан уллорчу доттагIчо, шен цIе цайаккхар а доьхуш.