Куьйгашца легаш Iийдина полисхойн?! Муха йира ши куьг доцчу Нальчикерчу жигархочунна кхел

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу юкъараллин жигархо Иритов Аслан

2021 шеран Гезгмашин-беттан 2-чу дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу юкъараллин жигархочунна Иритов Асланна арахь такха ши шо хан кхайкхийна кхело, цо полисхошна еттар бахьане а дуьллуш. ШолгIа бехк - "Iедалан белхахо сийсазвар" – тIерабаьккхина, зулам дина хан ялар тергоне а оьцуш. Кхело бахарехь, полисхочух летта Иритов, цуьнан легаш а Iовдуш. Амма тидамза дитина жигархо куьйгаш доцуш хилар…

Деа шаре кхачош дахдинера Нальчикерчу кхело Иритовн дов. Шена тIаьххьара дош ала елла бакъо караоьцуш, жигархочо ша вац, элира, хIуманна а бехке. Прокурора набахтехь даккха ши шо тохар дийхира кхелахошна.

"Кхело харцойина, гайтина шегахь цхьа а хаарш дацар, ша доцург тIекхолла кийчча хилар. Соьга цхьаьнхьа а аьрзнаш ца дайта, цхьаьнхьа а яздан хан ца юьтуш. Муха дахдийр ду дов оццул? Аппеляци чуелла оха, дог доху Пятигорскехь нийсо толаре", - элира Кавказ.Реалиига Иритовс.

2017 шеран ГIадужу-беттан 31-чохь, Iуьйранна 7 сахьт даьлча, 12 ницкъхо веара вежарийн ИритовгIеран керта. Баккхий хьаькамаш а бара царалахь – мехкан бехктакхаман урхаллин буьйранча Крымуков Заур а, республикерчу экстремизманна дуьхьалоечу центран куьйгалхо Сарбашев Алим а, цуьнан гIовс Губашев Хьамидби а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нальчикерчу экспертийн-криминалистийн декъан буьйранчин когаметта волу Гергоков Азамат а, полицин куьпашна тIехьожучу а, кхиазхойн гIуллакхашкахула а долчу Нальчикерчу декъан куьйгалхо Докшукин Аскер а.

"ИритовгIеран доларчу керта полисхой низамо магош ца баьхкина. ХIусаман дайн лаамза бакъо яцара церан иза дан. Царех масех бен ца хилла белхахойн духарахь. Шайн документаш а ца гайтина цхьаъ воцчо – ИритовгIар къар ца белча, гайтина цо ша мила ву хоуьйту кехат. Доцца аьлча, низам талхийна керта хьаьвзинчара", – дийцира Кавказ.Реалиига бакъонашларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" арахьарчу агентийн реестр яьккхина, "Мемориал" реза ца хилла и статус шена тIеэца – редакцин билгалдаккхар).

Го хилларг полисхоша кечйина провокаци юйла, ткъа СОБР хаийна хилла кертан йистте, ИритовгIар дарбеш, цаьрга низам дохадайта

Кхайкхаза баьхкина ницкъхой шайца эвхьазбийла боьлча резадацар дIаоьхьна ИритовгIара, дов даьлла, цул тIаьхьа керта еъначу ницкъхойн лерринчу тобано лецна вежарий ИритовгIар.

"Кхеташ дац, стенгара бевлла цу сахьта леррина ницкъаш (СОБР). Конфликт йола а ялале, лерринчу ницкъийн дакъа муха нисделла ИритовгIеран кертан маьIIехь? И хаттар кхелехь а деллла, амма дисина жоп доцуш. Цундела го хилларг полисхоша кечйина провокаци юйла, ткъа СОБР хаийна хилла кертан йистте, ИритовгIар дарбеш, цаьрга низам дохадайта", – аьлла хета Орловна.

Иритов Асланан вешин Бесланан ши пIенда кагбина – лоьрийн тоьшалло боху иза – Асланан зудчун Маринин пIелг кагбина, йоьIан Анжеликин корта лазийна, асфальта тIе охьа а тоьхна. Шен Асланан йохийна юьхь-марш.

Полисхой а бахана лоьрашка аьрзнаш эцна: Крымуков Зауран легаш лазийна хилар тIечIагIдина, Губашиев Хьамидбин балда лазийна, корта дIа а тоьхна.

"Кхел йоьдуш билгал ца даьккхина полисхошна ИритовгIара, цхьана декъанна аьлча, куьйгаш доцчу Аслана чевнаш йина хилар. Кхелахой хьаьвсинчу видео чохь гуш дац Аслана цхьана полисхочунна зен деш. Масала, йоккха шеко ю полисхочунна Губашиев лазийна хиларх – цуьнга хьаьжначу хирурго а, невролого а кеп-кепара хIиттийна диагнозаш. Стенна нисделла иштта?" – цецвуьйлу Орлов.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Бехктакхаман-процессуалан кодекс а талхош йина кхелан-медицинан экспертиза, цундела Иритовн адвоката керланиг яккхийта дехна, амма кхел реза ца хилла. Дехна адвокато видеоматериалашна экспертиза яйтар а, хьан хIун аьлла толлуш – Iедалан белхахошна тIелерна бехкевора Иритов. Амма оцу дехарна а жоп ца делла кхело.

"Оцу дерригено а вайна гойту кхело харцо йинийла, цуьнан сацам харц буйла, Иритовс а, цунна адвокат кхачийначу оха а кхел юхаян еза боху. Сатийса дуьсу, рогIерчу кхелан инстанцино дов нийсонца талларе а, сацам боггIург тIеэцаре а", – элира Орловс.

"Хьоьга Iедало шена тIекхойкху"

Официалерчу версица, 12 полисхо а, "герггахь нисбелла" леррина ницкъаш а Иритов Iедална тIевоьху кехат дIадала бахана хилла – иза "Вольный аул" боламан жигархошца цхьаьна гулам хIотто гIертар низамехь дац ала бохкуш хилла полисхой. Цаьрга уьш Аслан вехачу керта ца кхаьчна аьлла. ХIусамдай кIоршаме хьийзира, шайх летара, ткъа шаьш дуьхьало еш лаьттира, боху Iедалхоша.

Куьйгаш данне а доцчу Иритовс легаш Iийдина полисхочун, гIоддах шен "куьйган пIелгаш тIе а къуьйлуш"

"Полисхоша "низам ца дохийна" нехан керта бовларца, ИритовгIара яьккхина конфликт, боху Iедало. Ткъа эксперто видеодокументаш а зийна, язбинчу сацамехь полици йо довдаккхарна бехке", – билгалдоккху "Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" Къилбаседа Кавказан декъан куьйгалхочо Аламов Мохьмада.

Талламчаша массийттазза хийцина девнан фабула. Юьхьнца кечдинчу документаша бохура, куьйгаш данне а доцчу Иритов Аслана легаш Iийдина полисхочун, гIоддах шен "куьйган пIелгаш чIагI а деш".

ТIаьхьо, 2018 шеран Зазадоккху-беттан 6-чохь рогIехь тIебаьхьна бехк, цигахь боху, Иритовс маьттаза мотт лебина Крымуковга, корта тоьхна лазийна Губашиев.

Кхел йина девнехь дакъалацарна Иритов Бесланна а – сацамо 6 бутт набахтехь такха кхачийра цунна, амма и хан цIахь лаьцна яьккхийтина хиларна, дIахийцира.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело хицам боцуш битина сацам. Иритовс ша бехке ца лору. ""Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" белхахочо Гусев Константина дIахьедира кхеле, талламна ца карийна Иритов Аслан бехкеван тоьшаллаш, аьлла. Масала, видеогайтамехь Иритов а, Губашиев а, Крымуков а къамелаш деш ву, амма вац леташ.

ИритовгIарна хилла чевнаш

Нальчикера гIалин кхел дов луьстуш Iачу юкъанна Иритов Аслан ша гIиртина шена баьхкина хиллачу, шена а, шен вешина а, зудчунна а, йоIанна а чевнаш йинчу полисхошна дуьхьал бехктакхам айбайта.

Иритовн дехар кхочушдина, амма шен рогIехь прокурарора эксперташ бехкебина чевнийн хьокъехь харц тоьшаллаш кечдарна. Аламовс бахарехь, хIинца а аьтто ца баьлла полисхой жоьпе озон.

"ХIара дерриг а сов дахделла. Масала, талламчас шега материалаш юхахьовсийча бохура, полисхошна дуьхьал дов айдарх долу кхелера кехаташ кхаьчна дац шега. Оцу бахьаница аьрзнаш дан а дийзира", – дуьйцу бакъоларъярхочо.

Вольный аул

Нальчиках дIатоьхна цуьнан йистера Вольный аул 1970-чу шерийн юьххьехь. Цигарчу "Нальчикский" миллионер-совхозехь къахьоьгуш вара ши эзар стаг. И совхоз, Иритовс бахрехь, шерашкахь банкроте кхачийна леррина, йохийна.

2017 шарахь куьйгалло Вольный аулерчу бахархошка дIалур ду элира латта. Жигархоша кехаташ а кечдира цунна. Амма и латта юьртахошна ца кхачош, Нальчикан бахархошна хIусамаш ян къастийна мэрино.

2017 шо доьрзуш латта лело бакъо къастош аукцион кхайкхийна, амма ца битина оцу аукционе Вольный аулан бахархой, цара кхоьллина "Вольный аул" юкъаралла экстремистех лаьтташ ю, аьлла. Республикерчу юстицин министралло тIаьхьо дIаяьккхина цунна тIера и ирча статус, ткъа йисина юкъаралла аукционехь дакъалаца йиш йоцуш.

Лаьттаца боьхна сацамаш кхеле баьхна дуккхаза а, 2019 шарахь Къилбаседа Кавказерчу арбитражан кхело бакъйина Нальчикан администраци, харцонаш ца карийна латта декъарца.

Кхуьуш, есташ ю коррупци, амма тхоьга иза ца эшало. Мехкан куьйгалхочун гергара ву верриг а хьаькам

Инцидент оьккхучу дийнахь Иритов Аслан а, "Вольный аул" цхьаьнакхетаралла а протестан митинг ян гIерташ хилла Нальчикан мэрина хьалха – иза хIоттор низамехь доцийла хаийта, кехат жигархочуьнга дIадала баьхкина хилла полисхой. Ткъа Иритовс, ша вацара митинг хIотто воллуш, низамна дуьхьалхотта гIерташ, шега хьалхо даийтинера дехкарх лаьцна кехат, чIагIдо.

Делахь а жигархоша оцу дийнахь дIаяьхьна мэрина хьалха митинг – ца хилла цигахь Иритов. Мэрино дийцарехь, "политикан маьIна долу" кхайкхамаш беш хилла гуламхоша – полицино дIасалаьхкина протестхой, лаьцна хилла царех 12 стаг.

"Кхузарчу Iедалехь бу вовшийн гергара болу нах, уьйраш лела царна юкъахь. Махкахь кхуьуш, есташ ю коррупци, амма тхоьга иза ца эшало. Мехкан куьйгалхочун гергара ву верриг а хьаькам. Дерриг а эцна ду. Хийца ца делла цхьа хIума. Полицин коьрте керла хьаькам веара – Павлов. Со воккхавера. Кехаташ гIовттийра, тхан латта, бахам лачкъийна хиллера, совхозан бахам кхечу урхаллин долабоккхуш хIоттийна дац цхьа а кехат. Амма хан дIаяхна, бехктакхаме ца ийзабало бехкенаш, делахь а гIала декхаре ю харцонца динарг юхаэца", – тешна ву Иритов.

***

Бакъонашларярхочунна Орлов Олегна хетарехь, Иритов Аслан кхеле озор дозу цуьнан жигараллица.

"Оьрсийчоьнан коьрта васташ ду кхелаш, лецарш. Шена тоьхна хан текхна Иритовс а. Иза ший а куьг доцуш стаг ву, хан тоьхна цунна ОМОНхочун, Росгвардерчу бIотIин легаш Iовдарна. Вац Иритов я политик а, юкъараллера жигархо ву…", – элира кхел йирзинчу муьрехь журналиста Невзоров Александра.

Аппеляци листаре хьоьжу хIинца Иритовн адокат. "Iазапна дуьхьалоталлоран комитет" – цунна а, цуьнан гергарчарна а йиттинчу полисхошна дуьхьал бехктакхам гIатторе. "Вольный аул" – меттигерчу бахархойн латта цаьрга дерзоре.