Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долчу кIантана Кадыров Адамна керла дарж делла республикехь: дукха хан йоццуш тIеман министраллина йукъахь кхоьллинчу шейх Мансуран батальонан куратор вина цунах. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу тIеман эксперташа а, аналитикаша а элира, и позици номиналан йу, цара тидам бира Кадыров Рамзанан кхоалгIа кIант хьалхатоттуш дукха хан йоццуш кхоьллинчу компаница доьзна хилар цуьнан дIахIоттор.
Батальонан куратор ву аьлла Кадыров Адам дIакхайкхийра лахьан-беттан 29-чохь – цул а пхи де хьалха, лахьан-беттан 24-чохь, цуьнан 16 шо кхечира. Цо "кураторалла" лелор долу дакъа вовшахтоьхна кху шеран гIадужу-баттахь – Украинана дуьхьал тIемаш бан йахийта Iалашонца регионехь кхоьллинчу йалханнах цхьа дакъа ду и.
Шейх Мансур – Оьрсийчоьно империно Кавказ йоккхучу заманчохь къам маьрша даккха вовшахтоьхна хиллачу ламанхойн боламан куьйгалхо вара. Цуьнан цIарах йу ишта Украинан тIеман министраллина чуйогIу 2014-чу шарахь вовшахтоьхна нохчийн лаамхойн батальон. Иза кхолларан цхьахйолчу Iалашонех лору тIемалоша Къилбаседа Кавказана "деоккупаци" йар. Шена догIучунна кадыровхойн батальонан цIе туьллуш шейх Мансуран цIарах пайдаэцар политологаша лору халкъан турпалхошкахула Кадыровн рожана легитимизаци йечу стратегин дакъа, ткъа цуьнан критикаша –"мехаллаш хийцар" лору.
КХИН А ХЬАЖА: "Ловзаран инарла" Кадыров АдамКадыров Рамзанан кIанта оцу декъан "кураторалла" лелор хиларх хаамбира Нохчийчоьнан урхалхочун бIанакъосташа: мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, регионан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама а. "Халкъан динан а, доьзалан а, культурин а мехаллаш Iалашйечу гIуллакхехь хила ма дезза жамI" ду и аьлла Кадыров Адам дарже хIотторах Делимхановс, хIун динчунна дарж делла кхин дийца а ца дуьйцуш.
"Батальонан декъашхошна мел оьшург латторхьама" Адама дан дезарг дийр ду, чIагIдо Дудаевн постехь. Оцу йукъанна нохчийн хьаькамийн цхьана а публикацихь билгалдаьккхина дац кхиазхо волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан кураторан даржехь кхочушдан дезачу декхарех лаьцна. Стенах жоп дала деза цо, хIун лелор ду батальонехь – хууш дац.
Тиктокаш куратораллин метта?
ТIеман министраллин кхечу дакъошкахь оцу кепара, Кадыров Адаме деллачух кураторан дарж дац – цIена нохчийн истори йу хIара, билгалдоккху редакцица хиллачу къамелехь возуш воцчу тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
"Формалехь аьлча, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъашлахь куратораллин цхьа а институт йац. Делахь а муха нисделира ма-дарра аьлча, цкъа лаамхойн тобанаш, цул тIаьхьа мобилизаци йина дакъош, вовшахтохараллаш гучудийларца, царех жоп дала буьйлабелира губернаторш, йа меттигера кхин болу хьаькамаш. Амма дикка къаьсташ дац, Кадыров Адаман хIун гIуллакх ду, цуьнан хIун бакъо йу, батальонна оьшург латтон. Хетарехь, рогIера фикци а, дарж а хила мега хIара, цигахь хIуммаъ а дийр дац", - тешна ву Михайлов.
РогIера фикци а, дарж а хила мега хIара, цигахь хIуммаъ а дийр дац
Цига ван а вогIуш, пиар-фотосессиш а йеш, тиктокаш дIа а йазйеш лелар волчух тера ду Кадыров Адам, оцу тIехь кураторалла цуьнан доьрзур ду, кхин дIа дийцира къамелдечо.
"Фактехь, батальонна оьшург цхьана декъана латтор ду тIеман министралло, цхьана декъана – Нохчийчоьнан Iедалхоша. Теорихь олийла ду, эскархоша Кадыров Адаме информаци кхачор йу, шайна билггал хIун оьшу хоуьйтуш, вукхо Нохчийчоьнан Iедалхошка дIакхачор бу и хаамаш. Кхузахь цхьа дIоггара корматаллаш кхин оьшуш а ма йаций", - тIетуьйхира аналитико.
Цо бохучунна тIетов израилхойн тIеман обзорхо Шарп Давид, цо билгалдоккху, пачхьалкхан ницкъаллин структурашкахь къеггина иерархи а, штатан хIоттийна раж а хилар, цигахь оьшуш вац бохура цо куратор.
"Хеттарш кхолладолуьйту тIеман агIор "батальонан куратор" бохучу кхетамо. И бохург хIун ду – къаьсташ дац, армин терминологи йукъара дац и дош, политикера ду. Масала, цхьана гIалано цхьана батальонна тIехь кураторалла эцна", - билгалдлккху Шарпа.
Кураторан белхан политикан вастах дийцира бакъоларйаран "Вахархо. Эскар. Бакъо" тобанан директоро Кривенко Сергейс.
"ТIеман ницкъашлахь официалехь куратор вац. Делахь а, мацахлера формалехь доцу ламаст ду цуьнца. Масала, Москван мэро гуттар а кураторалла лелийра "Москва" крейсерна тIехь. Цуьнан маьIна хIун дара, декъан буьйраллин йиш йара иштачу кураторе гIо деха, цуьнгара цхьаъ йеха", - кхетадо эксперто.
"ЦIена нохчийн специфика йу"
Оцу меттиге хIоттавале масех кIира хьалха хIетахь 15 шо хилла Кадыров Адам шен ден "кхерамзаллин сервисан" куьйгалхо хIоттийра. И позици а формалехь йу элира эксперташа. Батальонан кураторан дарж цхьа компенсаци йу цуьнан дуьхьа йелла, бохура Къилбаседа Кавказехула говзанча волчу аналитико Чемберс Гарольда.
"Кхул а хьалха Адамна кхачийна цуьнан ден кхерамзаллин сервисан куьйгалхочун дарж дуккхаъчарна билгалонан хийтира. Цундела керла дIахIоттор, и цхьа "бонус" йу, кураторан дарж ницкъаллин урхаллина йукъадогIуш хиларе хьаьжча. Делахь а, оцу йукъанна цхьана а хIумано билгал ца доккху, кураторалла цхьа доккха хIума хир ду аьлла. Кхеташ дац, Адаман карахь хIун хир ду, пропагандистийн роликашкахь гучувийлар а, герзаш деттачу эхар а доцург. И бен цо ишта а дац кхин деш хIума", - кхетийра эксперто.
Кхеташ дац, Адаман карахь хIун хир ду, пропагандистийн роликашкахь гучувийлар а, герзаш деттачу эхар а доцург. И бен цо ишта а дац кхин деш хIума
Шейх Мансуран цIарах батальон – и Кадыровна дозанашца а, урхалла дарехь а гергара хIума ду, боху Чемберса. Цуьнан командир хIоттийна Геремеев Руслан – Кадыровн бIанакъост, оьрсийн политик Немцов Борис вийча гIаттийначу гIуллакха йукъахь вийцина волу.
"Батальон Гуьмсехь куп тоьхна йу, кхин а шина баттахь "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" Iаморашкахь хир бу цуьнан эскархой. Тамаша бу-кх, тIейогIучу заманчохь иза цхьанхьа хьажайахь. Иштта, хIара чIогIа бIегIийла йолуш проект йу Адаман престиж айбан. Иза куратор хIоттор кхетадо, иза берхIийтта шаре валанза хилар; кхин цхьана а къайлахчу сервисашкахь балха хIоттор низамехь магош дац, билггал дарж дIалаца гIертаро дуьхьал жоп долуьйтур ду къайлахчу сервисашка федералан тIегIанехь а, Кремлехь а".
Оьрсийчоьнан тIемалошна оцу кепара дIахIиттор – иза "йеккъа цIена нохчийн специфика" йу аьлла реза хуьлу Прагера Карловн университетан политологин факультетан профессор Аслан Эмиль.
"Суна хаарехь, негативехь хьуьйсу цаьрга, амма цунна дан хIума дац. Нохчийчохь хIуъа а хила йиш йу, Рамзан Ахматовична иза лууш делахь. Цкъа а хилла доцу хьал ду хIара. Массо а кхеташ ву, цирк йу и, амма цунна дан хIуммаъ дац – тапъаьлла Iийча гIолехь ду, тIаьхьа къурд олучул а", - дерзийра къамел цо.
ХIун магийна Кадыровна?
Нахана йукъахь кест-кеста гучувийла воьлла Кадыров Адам, КъорIан дагорна бехкевина Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу Волгоградера вахархочунна, 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа. ХIетахь нохчийн Iедалхойн тIедилларца, республикера кхеле кховдийра гIуллакх, оцу гIуллакхехула волайнхой бу аьла билгалваьлла 13 меттигера имам. Къиза цунна йетташ видео, 15 шо долчу Кадыровс лаьцначунна йетта куьйгашца а, мийрашца а, йаржийра Нохчийчоьнан урхалхочо. Республикера Талламан комитетан урхалло дуьхьало йира бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан, Кадыровн кIант кхиазхо ву аьлла – оцу хенахь 15 шо а дацара цуьнан.
Йиттинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу наха цуьнан кIант "КъорIан Iалашдинарг" ву элира. ТIаьхьо республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
Кадыров Адам шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор хIотторе хьовса деза цунна динчу совгIатийн контекстехь аьлла тешна ву профессор Аслан Эмиль.
Ницкъахойн могIаршка шен кIант йазван хьийза да, шен схьаваларе хьаьжна а доцуш, шен кIант чIогIа ву аьлла дIа а гойтуш
"Адам, схьагарехь, чIогIа похIме кIант ву. Исламехьа къуьйсург и ву, къаьстина агIонаш йолу стаг а иза ву, даим а цхьа совгIаташ а, премеш а цунна ло, Нохчийчохь делла а ца Iаш. Ткъа хIинца нохчийн батальонан куратор хила а хьолехь ву-кх иза. Ницкъахойн могIаршка шен кIант йазван хьийза да, шен схьаваларе хьаьжна а доцуш, шен кIант чIогIа ву аьлла дIа а гойтуш", - боху къамелдечо.
Кураторан даржо магадо Кадыров Адамна тIейогIучу заманчохь ницкъаллин структурашкахь болх бина зеделларг ду, цунах пайдаэца а йиш хир йу цуьнан политикехь лакхаволуш, билгалдоккху эксперто.
"Хьажал, хьуна лаьа хьайн воI суьдхо хила. Ахьа цхьана юридикан конторе балха хIоттаво иза, цуьнан болх бина шераш вовшахкхетийта, цо шен гIуллакхаш луьстушшехь. Пхи шо, ворI шо даьлча и цуьнан зеделларг дIалорур ду. Кхузахь а изза логика йу. Адамах, оцу доллчучуьнга а бIаьрг тоьхча, хенан йохалла шен тIаьхье йан хьийза цуьнан да, иштта цунна репутаци йо", - мах хадийра Аслан Эмиля.
Беламе хIума ду 16 шо долу кхиазхо батальонан куратор хIоттор, бохура аналитико Шарп Давида а.
"16 шо долу бераш армихь ца хуьлу, оцу дакъошлахь официалехь даржашкахь а хуьлийла дац. Вуьшта Кадыров Адамах олийла ду Iеламча, футболан инструктор. Паччахьна Кадыровна дерриг а магош ду. Йахначу заманчохь кеп-кепара паччахьийн уггар а шуьйра таронаш хилла шайна луург кхочушдан. Масала, Риман империхь паччахьо Калигулас шен говр йалийнера сенат йукъа", - дерзийра къамелдечо.
Кадыров Адам вина 2007-чу шеран лахьан-беттахь. Цуьнан дас дIахьедора, йалх шо кхаьчний-кхачазий вара иза, хьафиз цунах хилча бохуш. Дагахь Iамийнера цо бохура КъорIан, дозалла дора Оьрсийчохь уггар а жима бусалбашна деза жайна дагахь хууш бер ду иза бохуш. Дас алар доцург, и бакъ хиларх цхьана а кепара тоьшаллаш дац.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 65 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцура, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту..
- Шейх Мансуран а, Бенойн БойсгIаран а цIарах батальонаш кхолларх Кадыров Рамзана дIахьедира гIадужу-баттахь. Кавказ.Реалии сайто дийцира, стенна лелош йу Кавказ йоккхучу заманчохь ламанхойн дуьхьалонан хьалханча хиллачийн цIераш Нохчийчуьра Iедало, муха цо гIо до Кадыровн пропагандина а.