КъурIан дагорна лаьцначунна йеттар къобалдина Делимхановс а, Даудовс а

Даудов Мохьмад, Делимханов Адам, Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада а хастийна Кадыров Рамзанан 15 шо долу воI, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь КъурIан дагийна аьлла, лаьцна латточу Журавель Никитина йеттарна.

"Пачхьалкхан думин депутаташ а, Оьрсийчоьнан Федерацин Нохчийчоьнан цIарах сенаторш а, со а цхьаьна, тIетов Адам Рамзановична", - йаздина Делимхановс шен телеграм-каналехь.

Оьрсийчоьнан парламентан лахара а, лакъара а палатера векалша Журавельна йеттарх лаьцна официалехь аьлла хIума дац. Думехь, Делимханов воцург, кхин а кхо депутат ву – Догаев Ахьмад, Лечхаджиев Руслан, Саралиев Шамсаил, Ахмадов Мохьмад, Геремеев Сулейман а.

"Ша бакъволу бусулба хилар дIагайтина, шен пачхьалкхан патриот ву, бакъволу нохчо а ву, шегара даьллачух жоп дала кийча а ву, шена хIуъа дахь а" аьлла, дIахьедина нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

Журавельна йеттар нийса ду аьлла, вистхилла иштта оьрсийн радикалан философ, публицист Дугин Александр а.

"Нагахь санна, и стаг дийна велахь, Кадыровн кIант (хаамаш - бакъ белахь) кхин "къиза" а ца хилла цуьнца", - далийна Дугинан дешнаш пачхьалкхан "Грозный-Информ" информацин агенталло.

Хьалхо Нохчийчохь бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дош делира, Журавельна йиттина бохуш дуьйцург ша луьстур ду аьлла, "республикехь цхьанна а йетта ца йеза, йа хьийзон а ца веза" аьллера цо.

Делимханов а, Даудов а Малхбузен санкцеша лаьцна ву.

Волгоградехь КъурIан дагош видео гучуйелира социалан машанашкахь стигалкъекъа-беттан 19-чохь. Ши де даьлча ницкъахоша дIахьедира, шаьш меттигера вахархо, Украинера схьаваьлла Журавель Никита лацарх. Йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза. Хууш ду, аннекси йинчу ГIирмера иза Волгограде веана хилар. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра омра дира Волгоградан кIоштахь КъурIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Дукха ца Iаш I9 шо долу Журавель Соьлжа-ГIала валийра, цигахь "халкъан кхел" йе цунна бохуш, кхайкхамашца тIеийцира иза меттигерчу бахархоша.

Журавельна йиттина бохуш дийцадаьккхира марсхьокху-беттан 16-чохь – Нохчийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша зорбане даьккхира лаьцначо дина арз. Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас и гIуллакх листа аьлла, тIедожийра. Йозуш йоцчу хьасташкара Журавелерчу хьолах хууш дац.

Бахначу гIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира. шен кхуьй а кIант – Ахьмад, Эли, Адам - Украинерчу тIамехь дакъалаьцна ву аьлла. Цунна тоьшалла деш видео зорбане йаьккхира цо, цу тIехь пулемет а, гранатомет а йетта цара. Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша тергойира: и видео тылехь дIайазйина хиларан.

Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна – 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а некха тIехь лелон мидалш йелира "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла. Цунах лаьцна хаийтира республикера къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада.

Мангал-баттахь хаамаш бора, Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий а, иштта цуьнан йоьIарий а, "кхинболу доьзалхой а" тIеман Iаморашкахь бу аьлла. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша элира, тIеман пропаганди йукъа Кадыровн доьзал ийзор, регионера бахархой "лаамхой" санна йукъабалон дагахь йолийна "шоу-проект" йу аьлла.

"Хьалхарчийн болам" кегийрхойн декъан куьйгалхочо, Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волчу 17 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада йуьхь йаьккхира бакъо йоцуш машенаш хоьхкучу кхиазхойн. Оцу йукъанна мехкан урхалхочун кхиазхо кIант масийттазза гина вара хьалхо машен хоьхкуш, тIехула тIе машенаш лелайо цуьнан жимахволчу шина вашас а. Дуккха а масалш ду, Кадыровн бераша могIарерчу бахархошна лелон цамагориг, дихкинарг дина. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша бинера цуьнан тидам.

Нохчийчоьнан урхалхочо шеконашка биллира Iарбойн пачхьалкхийн а, Туркойчоьнан а куьйгалхойн динца болу хьежамаш, иштта цо кхерамаш тесира Европерчу НАТО-н декъашхошна-пачхьалкхана, тIамца тIелетар ву аьлла. КъурIан дагорца доьзна ультра-аьттун жигархоша акцеш хIитторца доьзнера и.

Делимханов Адам воьзна лоруш ву оппозицин политик Немцов Борис а, диллина Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхуьлуш хилла ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан конмандир хилла Байсаров Мовлади а верца. Делимханов Интерполехула лехамашка велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна, журналисташна кехарамаш тийсарна а, федералан кхелахочун доьзалхойн коьртеш дохур ду бохуш, кхайкхамаш барна а цунах талламбар тIедожийнера. Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москвара Мещанскан кIоштан Кхеташонан депутатна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарца. Стохка аьхка оппозицин политико Яшин Ильяс "уггар кхераме Оьрсийчоьнан депутат" ву элира Делимханов. Президенто Путин Владимира инарла-майор цIе йелла Нохчтийчуьра парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. 20I4-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш ларйеш вац аьлла. 2020-чу шарахь цунна дозанаш туьйхира Британихь а, ЛГБТ+адамийн бакъонаш лар ца йарна Нохчийчохь. Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Польшин санкцеша а лецира Даудов. Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 20I9-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.