Курскан кӀоштарчу Глушково йуьртахь мобилан телефонаш йухкучу туьканахь къола дина - тергонан видео тӀехь хаавелла тIеман барзакъца ши стаг. "Агенталла" хьастанна царах цхьаъ вевзина – хетарехь, Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллан белхахо ву иза.
Къола дечу мӀаьргонехь дӀайазйина видео хьалхо зорбане йаьккхинера "Типичный Курск" телеграм-канало. Цу тӀехь гуш ду зӀенан туьканахь цхьана чоьнан неӀ йохо гӀерта Оьрсийчоьнан ши эскархо – аьтто ца баьллачул тӀаьхьа цара дIайаьхьира туьканан витринера масех телефон, кассин стоьлах хьоьвсира.
"Агенталло" бинчу хаамца, социалан машанашкахь къуйх цхьаъ Абдулвадудов Юсуф аьлла йазвина ву– иза а цуьнан бакъйолу цӀе йу, йа йац - хууш дац. Интернетехь карийна цуьнан суьрташ, масала, Соьлжа-ГIалара Росгвардин къаьстинчу "Юг" батальонан командирца Межидов Хьусйенаца даьккхина а ду. Цул совнаха, хьалхо нохчийн эскархочо иштта машане даьхнера Росгвардин республикерчу урхаллин цIартIехь йолчу машена уллохь, "Кадыров Ахьмадан цIарах полк" тIейаздина футболка а йоьхна даьхна суьрташ а.
Хьалхо Нохчийчуьра бахархоша къола деш тоьшалла лач тIечIагIдира Курскан кIоштан губернаторан хьехамчас, тIеман блогеро Алехин Романа. Цуьнан дешнашца, къола дарх жоп дала дезаш бу бехкенаш, доллу тIеман дакъа, йа къам дац. Цо бахарехь, Курскан кIоштахь къоланаш динарш муьлш бу хиъна.
Иза иштта делахь а, Алехина дехар дина видео тӀера нахах лаьцна хаамаш а, суьрташ а шега дахкийта аьлла. Бехкенаш муьлш бу гучудаьлла аьлла, хьалхо хаамбира тIеман корреспонденто Романов Владимира а.
Цкъачунна оцу хиламна комментари йина йац Нохчийчоьнан Ӏедалша.
- Нохчийн "Ахмат" декъан эскархоша Украинерчу тIамехь ахча даккхарх, кхечу къаьмнех болу шайн могIарех схьакхеттарш хьийзабарх, къоланаш дарх, бакъо йоцуш нах лецна латторах лаьцна 2023-чу шеран йуьххьехь далхийра Гуьмсехь лаамхойх дIакхеттачу 26 шо долчу Астраханера Панченко Андрейс а.
- Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанахь дӀатарйинчу Росгвардин 94-чу оперативан полкехь гӀуллакх деш хилла, Украинехь вийначу Дятлов Владислава шен телефона тӀехь дIайаздинера, оккупаци йинчу Херсонан кӀоштан дозана тIехь талорш дар.
- Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира, дӀалаьцначу Мариуполехь лачкъийначу телефонийн долахоша шайн гаджеташ Нохчийчоьнан коьртачу гӀалахь электроникан туьканахь карийнера аьлла. Уьш, Украинан тӀеман ницкъийн векалша дийцарехь, меттигерчу бахархошкара нуьцкъала дӀайаьхнера Кадыровн дакъошкара эскархоша.