Курскан кIоштара позицеш шаьш дIахецар бакъ ца до "Ахматан" командиро Алаудиновс

Алаудинов Апти

Курскан кӀоштахь дозанехула чекхбовларца доьзна хьал "кхин дIоггара гIад дайна а дац" аьлла дӀахьедина "Ахмат" олучу лерринчу эскарийн буьйранчас Алаудинов Аптис. Цо харцбира хьалхо нохчийн батальонаша дозанехь позицеш юьтуш хиларх лаьцна баржийна хаамаш – цхьаболчу хаамашца, "ахматхошлахь" болу эшамаш хӀинцале а иттаннашкахь бу.

"Ахматан" эскархоша позицеш дӀатесна хиларх лаьцна хаам бина ницкъахошца йоьзна лоручу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало. Церан хьасташа бахарехь, и хӀума хилла Оьрсийчоьнан дозанца йолчу Суджа гӀалина гергахь: тӀелатар бахьана долуш лаххара а 15 "Ахматан" эскархочунна чевнаш йира. Цул тӀаьхьа дакъа "дӀасадаьржира", Украинин эскархойн аьтто белира регионан кӀоргге чу кхача. Оьрсийчоьнан тӀеман блогерша йаздо, Украинин тӀеман ницкъаша дӀалаьцна Суджан-кӀоштара Николаево-Дарьино а, Дарьино а, Свердликово а нах беха меттигаш, бохуш.

Алаудиновс тIаьхьо дIахьедира, ВСУ-н эскархой масех меттигашка чубаьхкира, ткъа "Ахматан" йиш йац "Оьрсийчоьнан 400 чакхарма дехьа йолчу меттигехь дисса" аьлла. Курскан кIоштара тIеман могIанехь нохчийн эскархой хилар цо тIе ца чIагIдира. Стигалкъекъа-бутт йуккъе баьлча Суджа олучу постехь тоьпаш йиттинера нохчийн "Ахматан" эскархо лазош, йаздира "Астра" гIирсо. Ша Кадыровс а хаам бора Курскан кӀоштахь нохчийн ницкъаш хиларх лаьцна. Охан-бутт болалуш цо дӀахьедира Курскан кӀоштан куьйгаллера, регион "украинхойн диверсин а, терроран а тобанех" Iалашйарна баркалла бохуш, кехаташ кхаьчна аьлла.

"Хьал, ма-дарра аьлча, гIад дайна дац. Тахана жигара Донецкера тIеман позицешка хьалхагIерташ болу тхан ницкъаш йухатоха гӀерта мостагI. Амма боккха кхинхетам бу, тхоьгахь тоъал ресурсаш йу, цигара [эскархой]"йуха ца баха", - элира Алаудиновс.

И дешнаш аьлла дукха хан йалале тӀеман министралло дӀакхайкхийра, Оьрсийчоьнан эскарийн тобанан резерваш Курскан кӀоштарчу Оьрсийчоьнан Федерацин а, Украинин а пачхьалкхан дозане гIерташ йу аьлла. Оьрсийчоьнан "Два майора" канало бинчу хаамца, шинарин сарахь дуьйна Украинан эскарша дӀалаьцна регионера 11 меттиг. ТӀамана гӀортор йечу "Рыбарь" канало хьесапаш дарца, Оьрсийчоьнан дозана тӀехь йолчу ВСУ-н эскархойн терахь ду 400, кхин а ши эзар кхаччалц эскархо ву дозана гонах гулвелла.

  • Курскан кӀоштана тӀелатар дечу хенахь Украинан эскархоша йийсаре лаьцна лаххара а оьрсийн шиъ салти. Шинарин дийнахь Украинин телеграм-каналашкахь гучуйелира йийсархой гойтуш видео. Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омра динера дозанехь йолчу кӀошташкара эскаре кхайкхина болу салтий дӀабаха аьлла.
  • Украинин тӀеман ницкъаша дина тӀелатар бахьана долуш беллачийн терахь 28 стаге кхаьчна аьлла, хаамбина ТАСС агенталле цу регионерчу штатехь воцчу коьртачу хирурго Локтионов Андрейс. Берийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Львова-Белова Марияс дӀахьедина, 6 бер а ду зе хиллачарна юкъахь аьлла. Губернаторан декхарш ханна кхочушдечу Смирнов Алексейс хаамбина, тӀаьххьарчу дийнахь лаххара а кхо меттигера вахархо велла аьлла.
  • Стохка товбеца-баттахь, кадыровхой Белгородан кӀошт "ларъйан" баьхкина бутт баьлча, Украинин агӀор тӀом бечу йозуш йоцчу Ичкерин агӀончийн дакъоша рейдаш йира Белгородан кӀоштахь. Цара дийцарехь, кадыровхой цигахь дуьхьал ца кхетта царна – и тӀечӀагӀдеш зорбане яьккхинера шаьш дIайазйина видео а.