Оьрсийн пачхьалкхан хаамийн гIирсаш тIаьхьарчу шина-кхаа кIирнахь вуно эвсаре болх бира Германехь бехаш болу Оьрсийчуьра орамаш долу нах, шайх „оьрсийн немцой“ олуш болу, меттигерчу Iедалшна дуьхьал баха а, уьш къепедацарш лелорна ира-кара хIиттон а.
Дечкен беттан 11-чохь ишколе яха араяьллачуьра кхин цIа ца йогIуш, цхьанхьа дей-буьйсий даьккхина, шозлагIчу дийнахь бен ца карийначу Лиза цIе йолчу 13 долчу йоIана гуонахьа хIоттаделлачу хьолах пайда а эцна, Германин тайп-тайпанчу гIаланашкахь беха оьрсийн урхаллин дуьхьал митингаш ян а, мигранташна дуьхьал гамоне кхайкхамаш бан а жигар баха каделира Москохарчу пропагандин къинхьегамхойн.
Дерриге а дIадоладелира, Оьрсийчуьрчу телевизионан Хьалхарчу каналан Берлинерчу корреспондента Благой Ивана ши кIира хьалха немцойн коьртачу шахьарера кечйинчу репортажаца. Цу чохь цуо дийцира, I3 шо долу оьрсийн немцойн доьзалера Лиза цхьана Iарбойх терачу мигранташа яда а йина, 30 сохьтехь шайн цхьана петарах йийсарехь латтийнера, цара цунна ницкъ а бинера, бохуш.
ЙоьIан дай-нана цу хIумнах шок хилла, камерина хьалха дистхиллуш ца хиларна, бохуш, цуо гайтира цуьнан уллора гергара нах бу бохурш. Иштта репортажехь гайтира, и йоI ядор а, сийсазйар а бахьана долуш протестан акце арабевлла аьлла гойту нах. Цара шайний-шайний и йоI мас-малик санна евза, цунна динарг шаьш дуьтур дац, эшахь шаьш а арадевр ду мигранташна ницкъ бан, бехира.
Амма нагахь санна Оьрсийчохь цигарчу пропагандхоша телевизионехула хIуъу харцдерг дийцарх иза церан чекхдолуш делахь а, Германехь дукха чехка гучуделира, Благой Иванан репортаж беккъа аьшпех лаьтташ хилар. Масала, гучуделира, и йоI къайлаяьлла, цIа ца йогIуш дей-буьйсий даьккхина цIехьа йирзина елахь а, амма иза садоллучу дегIо ядийна я хьийзина ца хилар.
Цул совнаха гучуделира, Берлинера полици и гIуллакх вуно боккхачу тидамца толлуш хилар. Иштта гучуделира, ша йоI башха митинге гулбеллачара ма-дийцара мас-малик ца хилар а, хIинца а I3 шо бен доцучу цуьнан дукхахенахь дуьйна схьа тIехьийза кIант хилар а, иза и кIант волчехь кест-кеста буьйсанаш йохуш Iаш хилар.
Эххар а гучуделира, Благой Ивана Лизин хьокъехь гулйелла баьхна йолу духьалонан акци – иза, бакъдолчехь, Берлинерчу расистийн хьежамаш болчу НПД партин митинг хилар, ткъа цу митингехь дакъалоцуш дуккхаъ оьрсий буйла хиинчу Благойс церан цхьа тоба йистах а яьккхина, уьш Лизин хьокъехь бистхилийтина хилар а.
Цу берана гонахьа иккхинчу IалагIожан кесталгIа политикан тIегIене даллалла хIума хилира, хIунда аьлча масех де хьалха телевизионехула вистхуьлуш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а кхайкхам бира немцойн Iедалхошка, Лизин хьокъехь кхоччуш талламаш бе, цуьнан шен дешнашца аьлча, „тхан йоIца“ хилларг къайла дахьа а ца гIерташ, аьлла.
Цунна дуьхьал шен рогIехь Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франквалтера вуно шога дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан Iедалш Лизица дерг немцойн талламхошна а дитина, кхечанхьа хьовсича бакъахь хир ду шаьш боккъал а адамийн бакъонаш лар йарна сагатдеш делахь, аьлла.
И дерриге а хIинца эххар а , эладиттанийн а, моттарашний а тIегIанера дIа а доккхуш, пIераскан дийнахь официалан дIахьедар дина Берлинерчу прокуратурано. Цу хьукматан векало Штельтнер Мартина Лизин гIуллакх теллина прокуратура яьлла, элира.
Цуо дийцира, Лиза я ядийна а яц, я хьийзина а яц, цу оьрсийн йоIан телефонан пеленгаци яр бахьана долуш гучудаьлла, иза ша шен лаамца шен I9 шо долу тIехьийза кIант волчу а яхана, цигахь цуьнца хан йоккхуш хилла, аьлла. Цу кIанта а, цуьнан нанас а и хIума тIе а чIагIдина.
Ишколехь ша вуодешар а, шен кхиамаш цигахь ледар хилар а бахьана долуш цIаяха ца йоьхьуш, тIехьийза кIант волче а яхана, цул тIаьхьа дас-нанас шена еттарна кхоьруш дийцина хилла цуо цаьрга, ша мигранташа яда а йина, хьийзина, аьлла.
Хетарехь, йоIа дуьйцург харцдерг дуйла хIеттахьех хууш шайна хиллехь а, дас-нанас и хIума Хьалхарчу каналан корреспонденте даьккхина. Там бу, царна телеканало и аьшпаш буьттург ахча делла хила а, амма иза хIинца а талламхоша тIечIагIдина дац. Ден-ненан хьокъехь прокуратурано къаьстина таллам беш бу, цара берана кхочуш Iуналла ца дар бахьана долуш.
Таллам бу иштта оьрсийн Хьалхарчу телеканалан Берлинерчу корреспондентана Благой Иванна дуьхьал дIахьош а, цуо харцрепортажаца къаьмнашна юккъехь гамо кхолларна а, Германин Iедалшна харц цIе йолорна а.
Цунна дуьхьал прокуратуре латкъам бинчу немцойн адвоката Люитле Мартина дийцира Маршо радионе, прокуратурано Благойна дуьхьал шен таллам хIинца а дIахьош бу, амма пIераскан дийнахь Лизах дерг Iедало дерриге а бакъ ца хилар официале дIакхайкхиначул тIаьхьа и журналист жоьпе озор аттачу дер ду аьлла хета шена бохуш.
Люитле Мартин: „Прокуратура таллам дIахьош ю, цкъачунна материалш гулйеш ю иза. Къаьмнашна юккъехь гамо яржор, питан тассаран хьокхехь бу цуьнан таллам. Нахех цабезам кхолларх а. Дера, кхеташ ду, хIинца цу йоIах болу талам дIаберзаро тхан латкъаман хьокъехь прокуратурано бечу талламна а тIеIаткъам бийр хилар. ХIунда аьлча, прокуратурано гайта ма-гайтиний, и дерриге харцдерг хилар.
Суна иштта ала лаьа, вуно дика хийтира суна, министро Штайнмайера цу хьокъехь оьрсийн Iедале аьлларг. Цуо кхетачу агIор элира, цхьа а бахьана дац и хьал политикан пропагандин Iалашонца дийцаре даккха. Талламаш бар немцойн Iедалхойн болх бу, цара шайн болх дика а бина, аьлла. Бан а бина цара дика болх. Иза хIинца гуш ду“.
Цу юкъана, Берлинерчу прокуратурано 13 шо долу оьрсийн йоI Лиза бахьана долуш таллам дIахьош бу иштта кхин а шина жимчу стагана дуьхьал. И ткъех шераш долу ши стаг, Iедалхошна гучудаьлла ма-хиллара, тIаьхьарчу масех баттахь Лизица гергарло лелош а, цуьнца эвхьазчу зIенехь а хилла.
Царна юккъехь зIе Лиза цIера едда къайлаяьллачу дийнахь -бусий хилар а гучудаьлла полицина. Немцойн низамашца, I4 шарал жимахчу бераца цу кепара зIенаш хилар зулам санна тудуш хиларна, и ши стаг жоьпе озор ву.
Ала догIу иштта, I3 шо долчу цIера еддачу оьрсийн йоIан харцлеро кхоьллина йолу IалагIож бахьана долуш кхета буьйлабелла эххар а Малхбузехь а, Оьрсийчоьнан пропагандин система муха болх беш ю, иза мел кхераме ю а. Германехь вехаш волу 4 миллион „немцойн оьрси“ цу пропагандано мел сиха муьлхачу а къепедарцаршна ира-кара хIоттон йиш ю а.
Берлин гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн сенаторо ХIенкел Франка цу хьокъехь журналисташца ша дIаяьхьанчу пресс-конференцехь элира, оьрсийн доьзалерчу йоIана гуонахь хIоттаделлачу хьоло гойту, Оьрсийчуьрчу пропагандано Германехь бехачу нахана мел тIеIаткъам бо.
ТIаьхьарчу деношкахь немцойн юкъараллехь, и йоI ша немцойн телевизионехула гайта а гойтуш, цуьнга шеца хилларг дийцийта, ша бахьана долуш оццул дукха проблемаш кхоллаяларна цуьнга шена нах къинтIера а бахийта бохуш бекаш болчу кхайкхамашна сенаторо ХIенкелс элира, иза дан мегар дац, аьлла, хIунда аьлча немцойн низамашца бераца хIума Iоттаделча, цу беран юхь-сибат а, бакъйолу цIе а ларйан езаш ю, цунна кхин дIадолчу дахарехь халонаш ца хилийта, аьлла.