Лаамхой чекхбевлла: ТIом бан ца луучу нохчашна критика йо Кадыровс

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран винчу денна леринчу эскаран дIахIиттаршкахь бу нохчийн эскархой. Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 2022-чу шеран гIадужу-беттан 7-хь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гонарчу наха а агрессиве медиакампани йолийна лаамхойн кепехь Украинерчу тIаме баха ца луучу республикан бахархошна дуьхьал, - тоъал доьналла а, иман а ца хиларна бехкебо уьш. Цуьнца цхьаьна Кадыровс дIахьедина, мобилизаци чекхйаьлча а армех кхойкху кехаташ кхочур ду, иштта чоьхьарчу гIуллакхийн министрана "ницкъахой кийча латтор" тIедиллина цо.

Украинехь нохчийн эскархошна даккхийра зенаш хилча Кадыровс къаьсттина шогачу кепехь дIахьедарш дира: гIадужу-беттан 24-хь ракетаца "Нефтеполкан" штаб санна лелош хиллачу школана дина тохарш бахьанехь мел кIезга а 23 кадыровхо вийра.

"ХIай, нохчий! ПаргIат цIахь дийшина муха Iало шу? Со шух чIогIа цецволу. Эзарнашкахь маьждигашкахь, военкоматашкахь, тIеман тобанашкахь дIагуллуш хIунда дац шу? Шу хIун нах ду? Шайн доьзалшка хIун эр ду аш? […] Зударша бепиган юьхьиг, сигаьркийн бот а луш кхобу божарий хир бу шух. Шу тIелхигаш хир йу, кхин хIумма а хир йац", - дIахьедина республикан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь.

Украинера тIом болабелчхьана Кадыровс гуттара а "дахмехкан гIароле дIахIитта" кийча дуккха а нохчий хиларх дIахьедеш хиллехь, амма хIинца бIостнехьа къамел до цо, амма иза нохчийн маттахь хуьлу.

"ХIора дийнахь регионашкара гIаскхи схьабогIу [лаамхой]. Цхьана дийнахь 70 вогIу, кхечу дийнахь – 80, кхечу дийнахь – 100. Массо къаьмнех болу нах богIу, нохчийн "Ахмат" тIеман тобанахь дакъалаца шайн лаам хиларх дIахьедо цара", - иштта махкахошна эхь хетийта гIоьртина Кадыров.

Амма Нохчийчохь цхьаъ бен йац йоцачу хеначохь эскархой тIамна кечбеш центр – Гуьмсара Оьрсийн спецназан университет. Цо хIора кIирнахь 200 гергга кечвина салти фронте хьажаво. Кадыровс хьахийначу терахьашкара догIу, оцу центр чу тарлучул а республике масехазза алсам нах кхочу тIамна кечамаш бан.

Кадыровс хьоьху махкахошна, мостагIашца тIомбан ца кхоьруш хиллачу шайн дайшкара масала эцар. Ца бахарехь, Оьрсийчоь Украине тIамца чугIортар – иза джихIад (бусулбачу нехан сийлахь тIом. – Ред. билг.) дац аьлла ойла кхоллайелча, стаг жоьжахате кхочур ву. Цул сов, Кадыровс бахарехь, ишттачу стеган ламазаш а, кхинйолу Iамалш а къобал хир йац.

Оьрсийчоьнан интересашна дуьхьа тIаме ваха лаам гойтуш воцучу "пайдабоцучу нохчочун" шаьш кхоьллина йолу васт лелайо Нохчийчуьрчу хьаькамаша тIаьххьарчу кIирнашкахь.

Тхо цIакхачахь, оха цхьана а урамехула лелуьйтур дац шу

"Мажошна басар а дой, тIелетта хечеш йухий, хуш дууш, даккхийра къамелаш до аш. АллахIаца дуй буъу ас, суна ураме аравала эхь хетар ма дара, сан вежарий тIемехь кхелхачу юкъанна. Эхь ду-кха иза, вайн истории сийсазйо аш. […] Тхо цIакхачахь, оха цхьана а урамехула лелуьйтур дац шу", - кхерам тесина махкахошна Курчлойрчу РОВД-н куьйгалхочо Агуев Рустама.

Цуьнан къамел шен телеграмерчу каналехь арахийцира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, цо тIетуьйхира: "Вайна ма-хаара, вайна юкъахь кхечу къаьмнех болу, нохчийн мотт буьйцуш дуккха а нах бу. Хетарехь, и хIумнаш царах хир ю".

Ичкерин агIончаш – фронте

Ша винчу Ахмат-Юртахь ницкъахошца цхьанакхетачу юкъанна Кадыровс дIахьедира, мобилизаци йирзича а, Нохчийчохь армех кхойкху кехаташ дIасакхехьуйтур ду, тIаккха кечбинчу эскархойх лаьтташ йолу тобанаш кхоллар тIедиллира цо. Республикан урхаллерчу кхеташонехь регионан куьйгалхочо чоьхьарчу гIуллакхийн министре хаьттира, "дIабахийта" Iалашонца болу эскархой кийча хилар, тIаккха сиха реаци йаран тобанашкара ницкъахошна топографин корматаллаш а, GPS-х пайда а оьцуш, гIалин юккъехь тIом бан говзалла а хьехар тIедожийна цо.

ХIинца къестамашца йо мобилизаци - 90-чу, 2000-чу шерашкахь нохчийн дуьхьалонан декъашхойн бераш дIакхойкху, дийцина Кавказ.Реалиига сепаратистийн Ичкери республикан Германерчу векало Сулейманов Хизира.

"Уьш республика йозуш цахиларан агIончаш буйла хууш, церан цIа масех стаг вогIу тIеман барзакъ а духий, армех кхайкхаран кехаташ кара ло. Кху деношкахь хиина суна, соьца цхьана полкехь [Нохчийчохь оьрсийн эскаршна дуьхьал] тIомбина волчу накъостан кIант а, вешин кIант а фронте вига кечамаш бан дIавигина", - чIагIдо цо.

Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино яздора, мобилизацих къехкаш берш лоьху Нохчийчохь: оцу категори юкъахь бу, дукха хан йоццуш арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделларш а, шаьш бехачу меттиган адрес хийца гIертарш а, иштта мобилизацина дуьхьалболчийн гергарнаш а. Уггар хьалха дIахьийсабо и бахархой – дукха хьолахь буьйцурш бу тIекхайкха хан йоцу нах.

Низам дохош лелар

ТIеман авантюрехь дакъа ца лоцуш Iачу нохчийн хьокъехь шога, сийсаза къамелаш дар – царна эхь а хетийтина, уьш тIаме бига гIетар ду, аьлла хета бакъоларйархочунна, "Гражданское содействие" фондан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина.

Оцу тайпа сонта методаш йогIуш ю республикан куьйгалхочуьнца а, цуьнан гонаца а

"Оцу тайпа сонта методаш йогIуш ю республикан куьйгалхочуьнца а, цуьнан гонаца а. Амма [Iедал] къиза, низам хедош лелахь а, Нохчийчохь а йо протесташ. Дукхачу хьолехь уьш зударий хуьлу, хIунда аьлча, божаршкачул а жимма кIеда хуьлу цаьрца. Амма вайна хаьа, дукха хан йоццуш митинге бевллачу зударшна хилларг", - дийцина шена хетарг бакъоларйархочо.

Мобилизаци йолийча протесте бевлла хилла зударий дIалийцира. ТIаьхьо нохчийн бакъоларйархочо, оппозицихочо Янгулбаев ИбрахIима The Insider хьостане дийцира, оцу зударийн кIентий, хIусамдай, кхинболу гергарнах нуьцкъаха "лаамхойн" кепехь тIаме хьовсийра.

Нохчашна тIамехь дакъалаца лаам цахилар оьрсийн эскар оцу тIамна кийча цахиларца доьзна ду, аьлла хета Бельгехь вехачу нохчийн режиссерна, юкъараллин гIуллакххочунна Хачукаев Сайд-Мохьмадна.

"Автоматаца, гранатометаца болу тIом – иза дIаяьлла хан хилар нахана хууш ду. Украинехь боьдург таханалерчу дийнан тIом бу. Цхьана тохарца футболан аренан санна барам болу меттиг йохош герз ду мостагIчуьнгахь. […] Иза вуно дика гуш ду Нохчийчохь, Монголехь, Бурятехь. Хьанна луур ду оцу тIаме ваха? Цундела оццул нах бу хIинца дозанал арахьа дIабоьлхуш", - дуьйцу къамелдечо.

ТIамна дуьхьал болчу нехан хьокъехь лелош йолу агрессиве медиаполитика фронтехь эшамаш хиларна, эскархой байъарна лелош ю, аьлла хета Хачукаевна.

Полицехула тIаме

Оцу юкъанна Нохчийчохь "бахархошна лерринчу операцин Iалашонаш" кхеторан болх болийна. Иштта тIедиллар дина нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада меттигерчу динан гIуллакххошна. Iедалан дерриг а кенийн векалца цхьанакхетар долчу юкъанна цо билгалдаьккхира, МВД-н, Росгвардин хьукматашкахь хIинца а эзар сов мукъа белхан меттигаш ю. Цул тIаьхьа молланаша мессенджерашкахула бахархой декхаре бора, шайн цIахь низамлардаран хьукматашкахь болх бан йиш йолчу божарех лаьцна чот йан.

Оцу кепара ницкъаллин сервисашка бахка агитаци йар – иза мобилизацин цхьа кеп хир ю, аьлла хета йозуш йоцчу "стратегин анализан Центран" а, "Централан Европан Иститутан" а талламан цхьанакхетараллин эксперта, Кавказ таллархочо Баранец Томашна.

"Къилбаседа а, Къилба а Кавказера бахархоша вуно хала тIелоцу иштта сийсаза дIахьедарш. Амма и муха лело деза ду хаттар. Вайна гуш ду Нохчийчуьра мел стаг хьажийна. Оцу тайпа "стратегин" [стогалла йац бохуш йахье ваккхаран] эвсараллин доза ду, хIунда аьлча, массарна а хууш ду, шинна а агIонна мел даккхийра эшамаш ду хуьлуш", - дийцина эксперта Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

***

Кавказ.Реалиин редакцино хьалхо яздира, Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара салтий кест-кеста Украинехь тIемаш бан дуьхьалбовлий, цIа оьхуш хиларх. Оьрсийчохь оцу тIехула дIабоху уьш "тIемаш бан пайден бац" олий. Оцу хьолехь нисбелира, масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра 115 Росгвардин эскархо а, Буьри-ГIалара 50 контрактхо а, Краснодар-мехкан ОМОН-н "Пластун" ротера эскархой а. Къилба ХIирийчуьра Оьрсийчоьнан базера кхин а 300 гергга эскархойн аьтто белира шайн лаамехь Украинера юхабахкарна таIзар ца деш бовла.

Нохчийчоьнан бахархой нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсабо бохуш хаамаш кхочу, оьрсийн Iедало мобилизаци йирзина аьлла дIахьедар дича а.

Оцу юкъанна дуккха а наха эмиграци йо республикера – нохчийн юкъараллин цхьанатохараллашка а, жигархошка а алсам орца доьхуш кхайкхамаш кхочу. Кху шарахь Нохчийчуьра кхузза дукха бахархой дIабахана, дайначу шеран оцу хенаца дуьстича.