Лаамхойн къоьлла ю? Нохчийчуьра имамаш тIеман кечамах чекхбохуш бу

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Коьртехь мехкан муфтий Межиев Салахь а волуш, нохчийн Iеламчаш тIеман кечамех чекхбевлла Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь. Цара дIахьедира, оьшучу далахь Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаца шаьш кийча ду аьлла. Iедалхошкахьа болчу динан юкъаралхоша Оьрсийчоьнан тIелатар "бусулбанашна деза" ду боху. Украинехь бусулба дин лелораш хьийзабо, "маьттаза леларна тIе а тIеIош" бохуш, кхетадо цара.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, Iеламнах кечбира шайна кхерамза герз лелон а, тактикан-тIеман корматаллина а, лоьраш тIекхачале хьалха оьшу медицинан гIодан а. ЧIагIдора, "ницкъ кхочучу барамехь толам хилийта цара дерриг до" бохуш – муха, дуьйцуш дац.

ЖIарин байракха бухахь джихIад

ТIаьххьарчу беттанашкахь республикера имамаш кест-кеста кхочу Оьрсийчоьно оккупаци йинчу украинхойн дозанаш тIе. Гуманитаран гIо оьций боьлху уьш, динан барамаш хIиттабо, амма цкъачунна тIомбан юкъаозийна бац уьш. Оцу юкъанна стохка лахьан-баттахь Нохчийчуьра суфийн юкъараллийн векалшка кхайкхамбира цо шайн батальонаш вовшахтоха аьлла.

"Имамийн батальон" кхолла Iалашонаш хиларх йаздора тIеман корреспонденташ бу бохучара – Оьрсийчоьнехьа йолчу милитаристийн телеграм-каналийн авторша. Цул тIаьхьа, дечкен-беттан 20-чохь, Newstracker хьосто Нохчийчуьра Динан урхаллина тIетевжина дIахьедира, Нохчийчуьра боллу имамаш а, къедаш а тIеман кечамех чекхбевр бу аьлла. Царех цхьаммо шен цIе къайлайаьхьна дийцира, муфтиятан векалшка хоуьйтуш дац, тIамтIе хьовсор бу уьш йа бац аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн дин: Украинана дуьхьал болийна тIом джихIад хIунда лору Нохчийчохь

ТIаьххьара официалехь Украине бахара Iеламчаш, масала, 2022-чу шеран гIуран-баттахь. Меттигерчу хьаькамаша кест-кеста шайн ресурсаш тIехь "тIемаш боьлхучу хьалхарчу меттигашкара" видеороликаш хIиттайо, тIом бан эскархой динан юкъаралхоша декъалбеш. Доккхачу декъанна, Соьлжа-ГIалин къеда лаьттинчу Хийтанаев Мохьмада шен махкахошна а, Оьрсийчуьра кхечу дакъошкарчу эскархошна а хьехамаш бен дуьххьара дац. Оцу юкъанна тIаьххьарчу шен къамелашкахь Хийтанаевс джихIадехчул а дуккха а дуьйцу фашизмех лаьцна. "Вай Украинана дуьхьал тIом беш дац. Церан Iедалша йаржийначу фашизмана а, нацизмана а дуьхьал тIом беш ду", - чIагIдора динан гIуллакхдархочо дечкен-баттахь.

Тамаш бу-кх и Iеламнах тоьлла тIемалой белахь – коьрта ду Гергарчу Малбаленна гергахь пропагандехь царех пайдаэцар

Нохчийн Iеламнах тIамна кечбар доьзна хила тарло Нохчийчохь лаамхойн къоьлла хиларца. Марсхьокху-баттахь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, ахчанаш лур ду аьлча а, цига баха луу нах карош бац аьлла: Устрада-ГIалахь 412 къоьллехь бехачу доьзалашкара кхо стаг бен реза ца хилира керла вовшахтухучу полке ван, шайн кхин бан болх боццушехь. Iедало царна гIоьнна хIоттийначу ахчанех хедабе уьш аьлла, тIедиллира Кадыровс.

Нохчийчохь "джихIад" коьрта "аргумент" хилла дIахIоьттина бахархошна тIамехь дакъалацар хаздечу кампанихь. Цул совнах, махкахь буьйсанна массо а дIа а хIиттош, Украинана дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчоьнан эскаршна ламазаш дан а буьйлабелира,

Оцу барамийн инициаторш хилира Кадыровн йоьIарий: культурин министр Iайшат а, школазхойн дешаран департаментан урхалхо Хадижат а. Цкъа ламазашна маьждигехь гулбинчул тIаьхьа, махкарчу бюджетан белхахаоша латкъамаш бора, бертаза дуьгу шаьш доIанаш дан бохуш.

Кийчахилар дIагайтар

Чиллан-беттан 25-чохь, Украине гIоьртинчул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Iедалхоша Соьлжа-ГIали юккъехь дIахIиттийра ницкъахой а, меттигера бахархой а тIеман барзакъца. Цигахь бистхуьлучара дIахьедора, муьлххачу заманчохь а "Оьрсийчоьнан интересаш Iалашйан гIовтта" шаьш реза хиларх. Цул тIаьхьа оцу бараман съемкаш йирзира, цигахь вовшахтоьхна хилла 12 эзар стаг (официалан терахь ду иза.-Редакцин билгалдаккхар.) дIасавуьйхира шайн хIусамашка.

Гезгамашин-баттахь Кадыровс юха а вовшахтуьйхира тIеман нах, "лаамхой" бу уьш аьлла. Iедалхойн хаамашца, исс эзар гергга бара уьш. Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхайале кIира хьалха дара иза.

50, 60 шераш долу имамаш хIун деш бу цигахь? Уьш стенна хьийзош бу?

Дуьххьарлера "лаамхойн" тобанаш беккъа нохчех вовшахтухуш хиллехь, охан-баттахь дуьйна Украинана дуьхьал пачхьалкхан йоллу регионашкара нах ийзабора. Iедалхоша хаамбора, Гуьмсерчу спецназан университетера хIора кIиранах 200 стаг ву тIамтIе вохуьйтуш бохуш, амма шо чекхдолучу хенахь хIора тобанехь верриг а 15 вара нохчо, чIагIдора Кадыровс.

Баха луурш кIезиг хиларна хьаькамо масийттазза критика йира махкахошна, боьршалла а, иман а ца тоьа бохуш. Регионан куьйгалхочо, масала, чIагIдо, маьрша керста паччхьалкхехь беха бусулбанаш декхаре бу цуьнан интересашкахьа тIом бан.

"Дино мел бохург вайн пачхьалкхехь Iалашдеш ду низамо. Нагахь санна, маьждигаш дан, ламаз дан хьуна могуьйтучу пачхьалкхехь хьо вехаш велахь, Дала тIедиллина ду хьуна и пачхьалкх Iалашйеш тIом бан", - дIахьедира Кадыровс. Оцу юкъанна цхьа могIа бусулба Iеламнаха бакъ ца йира и позици.

Сингаттаме дог-ойла

Республикерчу муфтиятан системин белхахошкахь тIамна кечамаш бар долорна сингаттам лаьтта, дийцира Кавказ.Реалиига Шуьйта кIоштарчу цхьана эвлан имамо, шен цIе къайлайаккхар дийхира цо. Iаморашкахь болчара "йа хазахетар а, йа дозалла а ца гойтура". Цуьнна белхан накъостех дукхахберш, Iеламчас дийцарехь, белхан меттиг хийца дагахь бу.

КХИН А ХЬАЖА: Тоьпашца дешархой: Нохчийчохь тIеман-патриотикан кхиор

"Со кхета, кегийрхой оцу гIуллакхна цара юкъаийзош, амма хIун деш бу цигахь шовзткъе итт, кхузткъа шераш долу имамаш? Стенна хьийзабо уьш? ХIаъ, оха даим а бегаш бора, хьал хийца гIерташ. Бакъдерг аьлча, Iедало цхьа ямартло йийриг хиларх ойла дIа -м ца йолу цкъа а", - дIахьедира къамелдечо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелориг чоьхьарчу юкъараллехь цхьа эффект йан ойланца деш дац, арахьарчу дуьненна, къаьсттина –Iарбойн Малхбаленна кеп хIиттош, аьлла хета Америкера Гергарчу Малхбаленан Институтан Iилманан белхахочунна Миронова Верина.

"Кхеташ ду, оцу 300 имамо цхьанна а гIо дийр дац. Кхузахь дIоггара коьрта дац, цара эскархойн могIарш дузур ду бохург (тамаш бу Iеламчаш уггар а тоьлла тIемалой белахь). Коьрта ду, царех Гергарчу Малхбаленна лерина пропагандехь пайдаэцар. Хьалха-Мартанара йа кхечу нохчийн юьртарчу маьждигашка лелачу бусулбанашна аьлла йац и рликаш", - аьлла хета Миронована.

Америкахойн аналитико, йаздархочо, Оьрсийчухула эксперт волчу Гобл Пола Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь мах хадийра хьолан шуьйрра. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Федераци чIагIо йолуш йац, "дакъошка йекъалур ю" бохуш, кхетам кхуьуш бу юкъараллехь.

"И хилахь, дуккха а бахьанаш долуш ду, Нохчийчоьнна а, Оьрсичоьнан Федерацин дозанашкара дуккха а меттигашна а суверенитет кхочур ю аьлла. Варшавин дIахьедар [Нохчийоь хьакъ ю маьрша хила алар] – иза билгало ю, тешам кхуьуш хиларан", - элира Гобла.

  • Товбеца-баттахь къаьстира, Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахойн къоьлла лаьтташ хиларх, махкахь цига балха хIуттуш официалехь доцуш, амма тIедожийна хилла ахча далар а юкъара даьккхинера. И доьзнера "нохчех лаьтта" керла полк а, цIерашца кхо батальон а вовшахтоха гIортарна: царех дIатоьхнера бакъоларйаран белхахой.
  • Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо боху хаамаш кхочу Оьрсийчоьнан Iедалша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
  • Оцу юккъехула республикера хаддаза дIаоьхура бахархой – нохчийн бакъоларйаран организацешка а, жигархошка а дуккха а дехарш кхочу гIо оьшуш. 2022-чу шарахь Нохчийчуьра дIавахна, 2021-чу шарца дуьстича, кхозза сов нах.