Гоьваьллачу Немцочо Сурт Диллина Путинах Кхаьрдаш

Оьрсийчоь -- Немцойн гоьвалла бедарийн дизайнер, фотограф Лагерфельд Карл а, Пирелли Групп компанин куьйгалхо Провера Трончетти Марко а, Москох, 30Лах2010

Дуьненчохь уггаре а лерамечех дизайнер ву Лагерфельд Карл. Карарчу хенахь Шанель цIийнан коьртехь волу иза шен Iаламат хазачу духаршца а, амма иштта экстраваганталлийца а вевзаш ву. Кху деношкахь цо оьрсийн премьер-министран кхардаме сурт диллина, „Путинан сатийсам“ аьлла цIе а тиллина.

Диллинчу суьртан, ма-дарра дийцича, кхин чулацам хуьлийла а дацара, Лагерфельд Карла бинчул совнаха. Ткъа цо, бакъволчу говзанчас санна, дуьхе а кхуьуш, оьрсийн премьер-министр Путин Владимир коьрта тиллина элин таж а йолуш виллина. И сурт цо Москохахь арадолучу "Метро" газетана диллина, цхьа лоьмар арахоьцуш цу газетан редактор а хIоьттина. Путин Владимиранчул совнаха, кутюрьес иштта Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан а, Шемин куьйгалхочун Асад Башаран а кхардаме суьрташ дехкина.

Делахь а, уггаре а алсам тидам говзанчас Оьрсийчоьнан хиллачу а, хила кечлучу а президентана тIе бахийтина. „Тов суна иза, - элира цо Путинан хьокъехь кхардамца. - И жима стаг шена ма луъу веха Оьрсийчоьнан куьйгаллехь хила ницкъ болуш ву“, - аьлла.

Лагерфельда иштта оьрсийн боьршачу нахана а, олуш ма-хиллара, догIург дIаделира. Оьрсийчоь дуьнентIехь уггаре а хаза зударий, уггаре а ирча божарий болу мохк бу“, - элира кутурьес, шен Iедалехь дешнаш а ца хоьржуш.

„Оьрсийчуьра божарий цхьа инзаре чамбоцуш нах бу, - элира цо. - Хаза -м, тешна а, ца хетара суна уьш, чIогIа ирча бу-кх“, - аьлла. Бакъду, модельера билгалдаьккхира, сел ирчачу царна юккъехь цхьаъ хазаниг ваьлла хилар, - иза, Лагерфельда дийцарехь, Наоми Кемпбелан тIехьийза кIант волу оьрси ву. Ала дашна, и цо вуьйцург миллиардер волу Доронин Владимир ву, ткъа Лагерфельдан дешнаша нохчийн кица дагадоуьйту, ахчано мел ирчаниг а хазво, бохуш долу.

Немцойн кутюрьес юккъера Доронин хаза ву аьлла къасторан кхин цхьа бахьана а хила мега. Лагерфельда шен карикатураш зорбане яьхна долу "Метро" газета Доронинан долахь хилар.

Лагерфельда дийцарехь, Москохахь иза хIинццалц схьа шоззий бен хилла вац. Шозза а цигарчу некъашкарчу машенийн дукхалло а, и машенаш, лелла йовла йиш йоцуш, юкъьелла, некъаш тIехь латтаро а бале лаьцнера иза. „ДуьнентIерачу цхьана а мегаполисехь яц цигахь санна трафик“, бохуш, цецвуьйлура Шанель модин цIийнан куьйгаллехь волу дизайнер.

Хьахон догIу, Лагерфельд карарчу хенахь дуьнентIехь уггаре а сийлахьчех а, везачех а дизайнер хилар. Немцойн къомах волу кутюрье шен экставаганталле дIахьедаршца а, шен цкъа а хуьйцуш доцучу духаран башхаллийца а вевзаш ву. Цо ша тегна, лекха кач болу кIай коччий, цу тIехула Iаьржа кастоммий, ткъа иштта даима а малхана дуьхьал хьожу таьIна бIаьрсенаш а, куьйгах пIелгаш хедийна тIаьрсиган каранаш а леладо.

ТIетоха догIу, дукха хан йоццуш, Адел цIе йолу эшаршлакхархо Лагерфелда мелла а ерстано ю алар бахьана долуш, дерриг дуьнентIехь а эзарнаша наха интернетехела шаьш оьгIаз баханийла дIахаийтира. Бакъду, Путин Владимир даиманна Оьрсийчоьнан эла хила сатийсам болуш ву Лагерфельда аларна духьал цкъачунна цхьа а вист ца хилла.