ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело чIагIдина патрулан-постан гIуллакх дечу взводан командир хиллачу Мержоев Амиранна дина хилла таIзар. Лаьцна валийначу, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пенсхочунна, шолгIачу группин заьIапхочунна йиттинера цо. Арахь такхийта тоьхначу деа шеран метта, колони-поселени олучу меттигехь даккхийта ши шо кхачийна Мержоевна хIинца.
ТаIзар йухалуьстуш хиларх хаамбира бакъаоларйаран "Травмпункт" бакъоларйаран проекто. Хьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздира, "Травмпунктан" хаамашца, меттигерчу вахархочух, МВД-н пенсхочух , шеца дуккха а лазарш долчу Дербичев Тимурах шеконаш хиллера полисхойн, цо наркотикаш латтош йу аьлла. Машенчуьра охьаваьккхина иза, асфальт тIе охьа а виллина, шозза йиттинера цунна. Цул тIаьхьа Дербичев полисхойн декъе валийра, цигахь йуха а шозза леттера цунах, Мержоевна хьалха горахIотта иза дуьхьал хиларна.
2022-чу шеран зазадокху-баттахь, Мержоевна а, кхин а шина полисхочунна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинчул тIаьхьа, хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало йаздира, полисхоша Дербичевгара кхаъ баьккхина хилла бертаза 400 эзар сом, цуьнгахь наркотикаш хаайаларх протокол ца хIотториг. Оцу каналехь бечу хаамца, наркотикаш цунна тийсина хила а тарло. Ишта дуьйцура, шолгIачу группин заьIапхо волчу Дербичевн, цара дукха йеттарна, хьен-туьта лазийна хиларх а, цуьнан пIендарш кегдарх а.
Хетарехь дуьйцург хIара хила тарлора пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло шен хаамехь а. Цигахь билгалдоккхура, полисхоша лаьцначун машенна тIе табелан герз диттинера, ткъа цунна йетташ дIайазйина видео, хетарехь иза лаца кхайкхийначунна хьажийна хиллера. Оцу йукъанна "Розыск Ингушетия" телеграм-канало зуда йу боху, цуьнан коча полисхой тийсинарг.
- Лахьан-баттахь ГIалгIайчуьра Малгобек гIалин кхело бехкевира цхьана заманчохь полицихь болх беш хилла кхо стаг, курхаллаш а, талораш а лелорна, царех цхьаъ наркотикашца воьзна хиларна а. Бехкбуьллучийн версица, меттигерчу бахархошкара ахчанаш дохуш хиллера цара, наркотикех кхетта аьлла, протоколаш ца хIитториг. Ишта Малгобекан кIоштара стационаран ДПС-н постана хьалха массарна а гуш цара лачкъийна хиллера цхьана стеган 250 эзар сом.
- Оццу лахьан-баттахь ГIалгIайчохь лецира ши полисхо, шайгарчу бакъонна тIехваларна а, наркотикаш лелош хиларна а. Талламан комитетан хаамашца, цара наркотикаш тийсинера меттигерчу вахархочунна, цул тIаьхьа цунна дуьхьал гIуллакх даьккхинера.