Кавказан тӀеман мур муха толлу историкаша? Оьрсийчоьнан империца боьзна болу архивийн хаамех теша мегар дуй? Францера дипломат муха витира Ӏедалша цу регионе, стенна хилира цуьнан таллам къаьсттина мехала? "Хроника Кавказа" подкаст дӀахьош волу Вачагаев Майрбек францхойн историкца Мамулия Георгийца дийцаре деш ву цунах а, кхиндолчу хеттарех а.
Мамулия Георгий политолог ву, пачхьалкхан арахьарчу гӀуллакхашкахула хьехамча хилла ву иза. Прометеизман боламах а, Кавказан тӀамах а, Гуьржийчоьнан пачхьалкхалла кхоллайаларх а, ХХ-чу бӀешарахь Къилбаседа Кавказхойн Европерчу мехкашка эмиграци йарх а лаьцна дуккхаъчу публикацийн автор.
— Лараме Георгий, Кавказан тӀамах лаьцна историографин билгалонаш муха йу?
- Уггаре а хьалха ала деза, Кавказан тӀеман истори коьртачу декъана оьрсийн хьостанашна тӀехь лаьтташ ю. И кехаташ йа ламанхошца тӀом бинчу тӀеман куьйгалхойн, йа бахархойн администрацин векалийн куьга кIелара схьадевлла ду. Ткъа цундела цигахь цхьа билгало йу церан: Оьрсийчоьнан Ӏедалша лелош дерг бакъдар а, пайдечу агӀорхьара шайн кхиамаш а, "цивилизацин" масал санна шаьш гайтар а.
И кехаташ тайп-тайпана хьостанашца дуьстича, ткъа уьш вуно кӀезиг ду, цуо аьтто бо талламхошна Оьрсийчоьно Кавказ схьайаккхарх массо а агӀор таллам бан. Цу декъехь доккха маьӀна долуш йу Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара архивийн материалаш, амма дукха йац уьш: цу заманахь кхечу къаьмнех болчу нехан Кавказе кхачар чIогIа хала а, кӀезиг а дара.
Цу хьокъехь доккха маьӀна долуш бу францхойн тӀеман атташе Джозеф Эмиль Колсонан болх. Оьрсийчоьнан архивашкахь болчу хаамашца информаци йуста аьтто луш йолу альтернативан хьоста ду иза.
Кольсон Джозеф Эмиль (1821—1870) — французийн инарла. 1860—1863 шерашкахь - Оьрсийчоьнан имперехь йолчу Францин векалтехь тӀеман атташе. 1861 шарахь паччахьо Александр II-чо Сийлахьчу Аннин шаьлтанашца а, бриллианташца йолу орден йелла цунна. 1862-чу шарахь полковникан дарже лакхаваьхкхинера иза. Вийна 1870 шеран 6 -чохь марсхьокху -баттахь Райсхоффенан меттигара тӀамехь.
- Кавказан тӀемах доьзна кехаташ кхин мичара схьаэца мегар ду?
- Масала, Тифлисехь Францин консулан корреспонденци тӀехь дуккха а информаци йу, амма хӀетте а цхьа эшам бу цуьнан: и консулаш, де Кастильон воцург, тӀеман аренгахь хилла бац. Ломара нахана дуьхьал дӀахьочу тIемшкахь дакъалаьцначу оьрсийн эпсаршка хеттарш а деш гулйина йу цара информаци.
Царел а мехалла йу тӀеман материалаш. Уггаре а хьалха цу тӀехь хьахош бу ГӀирман тӀеман мур (1853—1856), цу хенахь Франци бертахойн коалицин декъашхо а йолуш, Оьрсийчоьнан империна дуьхьал тӀемаш беш дакъалоцура. Францхой а, ингалсхой а Къилбаседа Кавказан Ӏаьржачу хӀордан йисте схьакхаьчча, чергазийн тайпанийн векалшца зӀене бевлира уьш. Ткъа оцу эпсаршна йукъахь вара Оьрсийчохь хинволу тӀеман атташе, чергазашца зӀе латтош волу Кольсон Джозеф Эмиль.
Цуьнан рапорт чIогIа кIорге а, мехала ду. ТӀемаш дӀаберзаза болчу муьрехь леррина Кавказе вахана стаг вара иза.
- Муха карийра шуна и кехат?
- Сан белхан накъоста Оль Себастьяна суна доккха гӀо дира, цо 20 шо хьалха Кавказах лаьцна Францин тӀеман архивехь латтош хиллачу материалех лаьцна артикл зорбане йаьккхинера. Французийн тӀеман архивашкахь каро аьтто баьллачу Кавказца йоьзначу материалийн каталог хӀоттийра цо. Ткъа тӀеман атташеша динчу цхьа могӀа хаамашна йукъахь суна дуьххьара карийра Джозеф Эмиль Кольсонан куьйга дина йозанан тептар.
Уггаре а коьртаниг ду: меттигерчу бахархошка, царна йукъахь Шемалан хилла наибаш а, муьридаш а болуш, хеттарш деш, къамелаш дина хиллера цо, цундела Ӏаламат доккха маьӀна ду оцу хьостан.
- Оьрсин эскархойл а нийса йазъйеш вара иза аьлла хета, хIун бахьана ду?
- Иза тайп-тайпана хьостанаш ду цо шен кхоллларалехь схьаэцна. ХӀунда аьлча, Кольсона, муьридашца а, наибашца а цхьаьнакхетарш, интервьюш а йина ца Ӏаш, оьрсийн эпсаршца а, инарлашца а къамелаш дина. Иштта архиван хьостанаш лелийна.
- Джозеф Эмиль Кольсонан рапорташ толлуш, цо яздинарг а, Оьрсийчоьнан хьостанаша яздинарг а цхьаьна догӀуш ца хиларан ахь тидам бина хира бу.
- Оьрсийн историографехь, хӀинца а кӀезиг девзаш долу дуккха а инзаре хIуманаш хиларан тидам хилира сан. Масала, Ахульго йуьртана дина тIелатар, 1839-чу шеран марсхьокху- баттахь. Кольсона дийцарехь, Имам Шамалан эскарша бинчу гонах, шена карийначу ламанан тачанехула кӀелхьаравала аьтто баьллера цуьнан.
Иштта, чӀагӀйина Гуниб эвла схьайаккхарх а, Къилбаседа-Малхбален Кавказехь тӀом чекхбаларх лаьцна Кольсона билгалдоккху, йурт схьайаккхар нисделла йуьртхоша йамартло йина бахьана долуш. Цара оьрсийн эскар букътӀехьара чудалийна, Гунибан лакхене доьлху ламанан некъаш гойтуш.
ГӀирман тӀом боьдуш, бертахойн эскарш ГӀирмехь а, Къилбаседа Кавказехь а долчу хенахь, имам Шемала башха жигаралла ца гайтина, цаьрца цхьаьнакхета гӀерташ хӀунда ца хилла бохучух лаьцна самукъане хаамаш а бо Кольсона. Цунна хетарехь, имам Ӏехийна хилла Кавказан губернатора Воронцов Михаила. Цо дош делла хилла, имамат къобалйийр йу аьлла, оцу кепара радикалан гIуллакхаш дечуьра ваьккхина цо иза. Шемалан кӀант Джамалуддин оццу хенахь оьрсаша дӀахецна хилар тидаме эцча, суна хетарехь, иза хила йиш йолуш ду.
- Шен докладехь Джозеф Кольсона дуккха а терахьаш даладо. И терахьаш Оьрсийчоьнан агӀоно делла? Мичара схьаэцна цо уьш?
- Со тешна ву, билггала хиллачух терахьаш Оьрсийчоьнан архивашкара схьаэцна хиларх, хӀунда аьлча, вуьшта Кольсонан уьш схьаэца меттиг бацара. Ма-дарра аьлча, цунна аьтто белла уьш довзийта, иза дика гуш ду.
Оьрсийн инарлаш Евдокимов Николай а, Барятинский Александр а, кхиберш а бевзаш хиллачу Кольсона йаздо, 1860-чу шеран гурахь сацам тӀеэцна хилла чергазийн бахархой Къилбаседа-Малхбузан Кавказера арабахарх лаьцна. Масала, оццу рапортехь дуьйцу, Евдокимовс пхи шо хан йелира 1860-чу шарахь Черкеси йуьззина схьайаккха, и билгалйина хан нисло оьрсаша Къилбаседа-Малхбузен Кавказехь варварийн кепехь [тӀом] чекхбаккха оьшуш хиллачу хенаца.
Цундела, суна хетарехь, и хаамаш бакъ хила тарлуш ду, хӀунда аьлча, цара цхьаьнатоьхна Оьрсийчоьнан архивийн информаци а, Кольсонан тидамаш а, ткъа иштта Оьрсийчоьно Кавказан къаьмнашца лелийначу политикан йукъара мах хадор а.
- Имаматан муьран хьокъехь цо йаздечух мел теша мегар ду? 1840-1859-чу шерашкахь Кольсон Кавказехь хилла ма вацара.
- Суна хетарехь, вайгахь болчу хаамашца, царна йукъахь Оьрсийчоьнан хьостанаш а ду, критикан кепехь йуста йеза, вай вешан жамӀаш дан деза.
Масала, 1845 шарахь хиллачу Даргинийн операцех лаьцна, цигахь эла Воронцов Михаил баккъалла а ламанхоша эшийра, амма Кольсона шена луъучу кепара ма-дарра ца йаздо иза. Суна хетарехь, оьрсий а гӀертара шайна товш йолу информаци дӀайала, шайн эшамех лаьцна кӀезиг дийца гӀертара. Масала, Кольсонан маршрут билгалйоккхуш вара эла Барятинский, хаддаза цунна улле баьхна хилла оьрсийн эпсарш, гочдархой, иштта дӀа кхин а; ма-дарра аьлча, цунна тӀеӀаткъам бан гӀертара Оьрсийчоьнан Ӏедал.
– Оьрсаша бакъо хӀунда йеллера цунна Кавказе ваха?
– Кхузахь вай тидаме эца деза Россин империно Францица лелийна политика. Бакъдерг ду, XIX-чу бӀешарахь Гергарчу Малхбалехь Орсийчоьнан империн коьрта мостагI Британин импери йара.
Францино мелла а хIилланца дакъалоцура Оьрсийчоьнан а, Британин а империшна йукъахь. Цунна пайдехьа дацара Гергара Малхбалехь шен бертахо хила тарлуш йолчу геополитикан бертахо лоруш йолу а Ингалсан пачхьалкх а, Оьрсийчоь а кхидӀа а чӀагӀъйалар. Францина уггар а чIогIа дика дара, Англино а, Оьрсийчоьно а цхьана барамехь вовшашца баланс латтор, ткъа Францино Гергарчу Малхбалехь шен кепара баланс латторан агIо лоцур йара.
Кольсонна бакъо йелира, кхечарна, уггаре а хьалха ингалсхошна, дихкина дерг дан. Оццу бахьанца францхошна бакъо йелира Тифлисехь консулалла схьайелла, цо а Оьрсийчоьнан Ӏедалшна йукъахь доккха резадацар кхуллуш хиллехь а.
Ала дашна, эла Барятинский башха реза ца хилла Кольсонна Кавказе кхача бакъо йаларна, ткъа эскархошна тӀедиллина хилла цо Нохчийчоь а, Дагестан а, цул тӀаьхьа Чергазийчоь а йовзийта экспедици йан атто бар. Ша реза воццушехь делла омра дара иза.
Цундела суна хетарехь, хӀара цхьа билггала ловзар дара оьрсийн, ГӀирмера тӀом чекхбаьлча, французашца зӀенаш латто а, ингалсан-французийн дуьхь-дуьхьал дерг кхин а чӀагӀдан а гӀерташ.
- Кольсон — французийн эпсар, тӀеман атташе а Алжирехь тӀом бина а вара. Цхьа а билгалла хIума а дуй цо Алжир Къилбаседа Кавказаца юьстина?
- ХӀара рапорт хӀоттош Кольсонан коьртачу декхарех цхьаъ дара иза: шеко йоццуш, шен штабан инарлас а, тӀеман министрало а шена тӀедиллинчуьнца нисвелла иза. Цо талла а толлуш, дустарш дина Францин Алжирехь хилларг а, Орисйчоьнан Кавказехь хиллачу колонин зеделларг а.
Цунна хетарехь, оьрсийн кепаш адамалла йоцуш йара, кӀезиг пайда болуш, французийн Алжирехь кхочушъйан аьтто баьлла Ӏалашонаш кхочуш ца йора. Нохчийчохь а, Дагестанехь а тIеман операцеш дӀахьочу хенахь Оьрсийчоьнан эскарна тӀехсов герз а, тоьпаш а латтош хилла, цундела Ӏаламат новкъарло йора эскарна тIом бан. Ткъа французаша лелош хилла дай герзаш, иза алсам пайда болуш хилла Алжирехь Ӏаьрбийн тайпанашна дуьхьал. Иштта цо дуьйцу, францхой Ӏаьрбойх кхета гӀерташ а, барт бан аьттонаш лоьхуш хилла, и хIума шена Кавказехь шеко йоццуш ца гина бохуш.
Ма- дарра аьлча, французаша дустарш дина, и дустарш оьрсашна пайдехьа агIона доцуш. Коьлсона шен рапортехь йаздо, оьрсий цкъа а баккъалла а ца кхетта ламанхойх. Наиб Хьаьжи -Мурд, йуха а Шемалан агӀор дӀавахар, оьрсийн колонин политика ледара хилар, йохар дара. Изза эскаран инарла-майор Элисойн Данил Бек, имам Шемалца гергарло хаьржина, цул тӀаьхьа Ӏусманан импери хӀижрат дира, Оьрсин Ӏедалан шеца йолу юкъметтиг дика ца хилар бахьна долуш.
- Кольсон хилла Веданахь, Гунибехь, вуьшта аьлча, Къилбаседа-Малхбален Кавказехь тӀеман меттигашкахь хилла иза, тӀаьхьо Къилбаседа-Малхбузен Кавказе а вахана. Цу шинна а кӀоштахь хилларш талла а толлуш дустарш дина цо?
- Дера дина, цо дуьстира, мел ницкъ болуш йара и регионаш Оьрсийчоьнан империна дуьхьало йан. Ткъа со цу жамӀе кхаьчна, Къилбаседа-Малхбален Кавказ дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнан империна дуьхьало йеш хилла кхиам, муридизман (ламанхойн къоман паргӀатонан болам – Ред.) идеологица боьзна бу аьлла. Цо йерриг а бохург санна регион цхьана пачхьалкхан кепе йерзийра.
Къилбаседа-Малхбузера Кавказан ламанхошха дийцича, вуьшта аьлча, чергазех лаьцна дуьйцуш, Кольсона билгалдоккху уьш аристократин а, Ӏаламат майра а халкъ хилар, амма юкъараллин феодалан дӀахӀоттам бахьана долуш церан аьтто ца хилла оьрсашна цхьатерра дуьхьало йан, Нохчийчоьхь а, Дегастанехь а санна.
Чергазийн ницкъ кхочуш цхьа а куьйгалхо вацара, имам Шемал санна, дерриге а тайпанаш цхьаьнатоха. Чергазий хиллачу иерархин аристократин юкъараллехь, муридан иделогина, халахеташ делахь а, кхачам боллуш гӀортор ца карийра, цуьнца догӀуш, оьрсашна дуьхьало йан бух кечбан.
- Кольсонан йерриге а рапортера, талламхочунна санна уггаре ахь тидаме эцнарг хӀун дара?
- Кавказехь оьрсийн эскарша лелочу гӀуллакхийн ша Кольсона мах хадийна кеп. Масала, Евдокимовс чергазашна дуьхьал дӀайаьхьначу экспедицех лаьцна йаздо цо, хьалхарчу дийнахь цу дакъоша масех юрт йохийнера - 1500 цӀа, церан дIадилийна долу йалта а дагийна аьлла. Оьрсий эскарша Чергазийчохь лелийна тIеман кепаш гайтина цо. Хууш ма-хиллара, цара изза кепаш лелийна Нохчийчохь а, Дагестанехь а. Кхузахь, уггаре а мехал ду, иза шен бӀаьргашна гинчу стага дийцина хилар.
Кольсона билгал дуьйцу Имам Шемалан а, ламаройн а бакъйолу Ӏалашо, къоман лаамалла ларйар хилла хилар. Иза коьрта бахьана дара, йоккхачу Оьрсийчоьнан империна дуьхьал къийсамехь латтор.
Подкастехь дийцаре дечух лаьцна кхин дӀа а хаа луучарна оха хьехар до, тхан хьешан йаздина белхаш деша: Мамулия Георгий – “Кавказская война и национальное движение горцов Кавказа в описании французского военного атташе в Питербурге, подполковника Жозефа Эмиля Кольсона”, Париж-Тбилиси, 2024 г.
Йазло подкасте "Кавказская хроника с Вачагаевым" Кавказ.Реалиин сайтехь, ладогIа Apple Podcasts – Spotify - YANDEX MUSIC –YOUTUBE, ишта кхечу аудиоплатформаш тIехь а.