"Белла бала сан мотт" аьлларг арахь ма леха - иза хьо ву

Белла мотт Майа

«Пачхьакхан маттах» долу низам хийца кечлуш ю кху деношкахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. Хийцамашца а догΙуш, хΙора беран а, цуьнан ден-ненан а бакъо хир ю школехь шайна безза мотт Ιамо а, лаахь, ца Ιамо а. ... Амма хаа ду, оьрсийн мотт бакъонашкахь совбаккха лелош хIума иза дуйла.


Карарчу заманахь кест-кеста нислуш ма-хиллара, кΙаргене хьаьжча, Оьрсийчохь дехачу 130 итт къоман юкъарчу гΙайгΙанаша ойлане яккхарца дац Пачхьалкхан Думано и низам юхаталла долор. Деккъа дΙа оьрсийн къоман а, цуьнан меттан аьттонех а доглозучу депутатша айина проблема ю парламенто луьстург.

Карарчу хенахь лелачу «Пачхьалкхан маттах» долчу низамо магош хиларе терра, муьлххачу а къоман республикан, хуьлда и Чукотка я ГΙалгΙайчоь, бакъо ю шайн махкахь школашкахь къоначу тΙаьхьенна, кестта меттигера дахар дерриг а цуьнан карадерза доьгIна хиларе терра, оьрсийн маттана луччул сахьташ меттигерчу маттана а дΙадала.

Оцу хьолаца йозу Пачхьалкхан Думано меттанех долу гΙуллакх хΙинца кегодаккхар а. Ткъа оьрсийн депутаташ – доккхачу декъанна царех лаьтташ а ма юй Дума – реза бац, масала, ГΙезалойчохь, сахьташ ах-ах дакъошка а декъна, оьрсийн маттаца бакъонашка а тарбина, гΙезалой мотт хьехарна а, оцу махкахь веха муьлхха а оьрси меттигера мотт хаа декхаре цигарчу низамаша веш хиларна а.

ГΙезалойчоь цхьаъ бен яц ерриг а Оьрсийчохь пчхьалкхан конституцино меттанашна луш йолчу бакъонех буьззина пайда оьцург. Кхо миллион сов болчу бахархойх ах гергга нах гΙезалой а боццушехь, цигахь школашкахь дешархо декхаре ву меттигера мотт Ιамон. Оцу бахьанийца дара стохка а, кхушара а Казанехь а, цигарчу кхечу гΙаланашкахь а, мотт Ιаморан хьелаш емал деш, оьрсаша гуламаш хΙиттор а.

И аььзнаш шайна хезанийла а, шаьш ГΙезалойчуьрчу оьрсашкахьа дуьйла а хоуьйтуш ду Думерчу депутаташа хΙинца тема гΙаттор а, низам хийца уьш кечбалар а.

ГΙезалоша кху тΙаьххьарчу ткъеха шарахь шайн маттана тΙекарло йина хилар дика гойту Казанехь гΙезалойн мотт хΙоранна а санна хааро а, хΙораммо а санна и буьйцуш хиларо а. Оцу агΙор хьаьжча, дуккха а къаьмнаш хьага мегар долуш, маттана оьшшу хьелаш хΙиттийна мехкан куьйгалхоша а, цара арадаьхначу низамаша а. Иштта олийла дац кхечу цхьана а республиках.

ГΙезалой хьахабеллачуьра кхача дуьсу вайна Нохчийчу а. Казанна йоллу бакъо ю Соьлж-ГΙаларчу хьакамашна нохчий мотт лакхарчу тΙегΙантΙе баккха а, цунах, оьрсийн а мотт санна, пачхьалкхан мотт бан а. Амма дац иза Нохчийчохь я дина а, я Ιедалша дан дагалаьцна а.

Бахархойх ах гергга оьрсий болчу ГΙезалочоьнца дуьстича, Нохчийчохь бехаш оьрсий банне а боцу хьесап ду. Амма нохчийн мотт шен бакъонашка баккхахь, нах, оьрсийн матто луш болу синан кхача а лекъна, байлахь бисарна кхоьру цигахь Ιедалш хьовха, шаьш бахархой а, боху Маршо Радиоца меттан хьокъехь къамел дечу яздархочочо Яралиев Юсупа.

Яралиев Юсуп, нохчийн яздархо, Соьлж-ГIала, 2012

Яралиев: « Оьрсийчоьнан а, я цуьнан Пачхьалкхан Думан а бала бац нохчийн маттаца а, я кхечу кегийчу къаьмнийн меттанашца а. Вайн боллучул бала церна хуьлийла а ма дац. ТΙаккха вай, тΙетаьΙΙина Ιамо безаш долчохь, вайн нах цхьа шатайпа дуьхьал хилла – Ιамош бац. Цундела суна оцу Госдумин бехк а ца хета, вайн вешан бехк а, сайн бехк а хета суна иза.

Тохара цкъа къамел хиллера телевизионехь, со а кхайкхинера цига, шуна хΙун хета нохчийн маттах, аьлла. Цигахь нохчийн мотт Ιамор, бийцар хьехош, ас аьллера, телевизионехула хьожийлаш кечдан дезара вай, юург ярх лаьцна а, кхидолу гΙуллакхаш деш а, нохчийн мотт Ιамош оцу тΙехь аьтто а хир бара, аьлла. ХΙинца еш ю и тайпа хьожийла, амма оьрсийн маттахь ю. ХΙунда ю? Мотт ца хаьа шайна журналисташна!

Вайн вешан бехк бу, аьлла хета суна, нохчийн мотт ца Ιамабар а, иза ледара хилар а. Вайн кийрахь цхьа чарх хила еза болх беш, шен къоман мотт ца хаар ледарло юй а кхетош, къоман гΙиллакх ца хиича, ша ледара стаг вуй а хууш, цхьа чарх хила езаш ю-кх вайн, суй боккху чарх. И чарх йоьхна, семан тΙера яьлла вайн.

Школашкахь хьалхалерачул кΙезиг сахьташ делахь а, нисдойла ма дара уьш нохчийн мотт хьехарехьа.

Тахана хьо транспорта тΙехь дΙасавоьдуш, нохчийн маттахь цΙерш а ца йохуш – терахьаш ма ца хаьа вайна – оьрсийн маттахь йоху, масала. Ткъа и хΙун ду? Вайн кийрахь вешан мотт ца хилар ду-кх, суна хетарехь.

Нохчийн парламенто низам даьккхинера, Нохчийчохь оьрсийн мотт а, нохчийн мотт а пачхьалкхан меттанаш ду, аьлла. ТΙехула гΙуллакх хилла цунах. И лардеш вайн къам а дац. Министраллехь болх беш бу – царна нохчийн мотт ца хаьа, и царна цахаар бахьанехь, юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехар а дисина, гал а даьлла. Оцу министралле дΙагулбан безаш ма бара, уггаре хьалха, нохчийн мотт хууш берш, телевизионе, радио дΙагулбан безаш ма бара. Бац цигахь».

Яралиев Юсупа бехке ца йо нохчийн мотт нохчашна ца хаарна Москох. Бехк уггаре хьалха вайнехан кийра йоьллучу шатайпанарчу хьунан бу, боху цо.

Яралиев: «Кийрахь, несалахь долуш санна, ойла ма ю массеран а. Лайн амале йирзина аьлча нийса а хир доцуш, амма оцу лайн амале а йирзина. Вай цхьанненна а несалахь дац. Дала вай цхьатерра кхоьллина, садеΙа а, дуьнене хьежа а йиш йолуш, кхечу къаьмнех терра, адамаш ду вай. И хаа а хууш, шен мотт а Ιамош, шен гΙиллакх а Ιамош, хила дезаш дара вай, вайх хΙора стаг.

Цамгар ю вайца. Вайн санна таронаш йолуш, вай санна генетикан код йолуш ду аьлла ца хета суна кхин къаьмнаш. Вай дан дезар-кха вайга далуш дерг.

ХΙинца аш, масала, оцу Маршо Радионехь деш дерг, воккхавеш, къайллаха воккхавеш Ιа-кх со. ХΙокху дуьненчохь мел волчу нохчочун дог айдеш хΙума ду аш дийриг. ВаллахΙи Ιа-кх со суо волчохь воккхавеш-м. Аш керла дош аьлча а хазахета, гΙалате дерг аьлча, деллахьа, «иштта» а ца олуш, «иштта» аьлла делара, олий а Ιа.

9 бΙе шо хьалха ваьхна Иман-ГIазали, дешна стаг. «Арахьарчу мостагΙийн бехк бац вай цара хьийзадар, вайн вешан бехк бу», аьлла цо цхьана жуьгтийн тобано шаьш хьийзочу заманахь. Со цецваьлла, резавоцуш вара цуьнан ишттачу йозанашна. Ойла йича, хила а хилла вай ваьш бехке.

Вайгахь иман кΙезиг долу дела баьхкина уьш вайн коча. Дуьстича, суна коьртах бомбанаш йиттина мостагΙий ас бехке муха ца бо, бохуш, со Ιийнехь а, вай дан а ду бехке – вайн кийрахь иман а хиллехь, вайн барт а хиллехь, вай вовшашна дезаш а хиллехь, вовшех дешаш а хиллехь, и мостагΙий тΙе ца бахкийта некъ хир бара вайна билгалбаьлла. Иштта ойла йо-кх ас.

Нохчийн мотт Ιамор а вайна тΙехь а ду, вайгахь а ду. Вайн бакъо а ю, суна хетарехь».

Деношкахь Пачхьалхьалкхан Думано тΙеоьцур ду, ткъа цуьнан цхьа а шеко а яц, оьрсашна Оьрсийчоьнан муьлххачу а маьΙΙехь шайн маттана юьззина кхачо а, паргΙато а луш йолу низам. Гарехь, дац иза, Яралиев Юсупа ма-баххара, кхечу меттанийн бакъо дΙаяккхар а, ду къаьмнашна шайн маттах пайда эца ца лааре терра, и хьалхе оьрсийн матте ерзар.