Лаца кхайкхийна Украинехьа тIемаш бен дагестанхой

Гайтаман сурт

Дагестанехь вина а, цигахь ваьхна а вейтта стаг бехкзуламан гIуллакхашна бехкевина, лаца лехамашка велла Украинан тIеман ницкъийн дакъошна йукъахь тIемаш барна. Цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло, чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Магомедов Iабдурашидана тIетевжина. Лаца кхайкхийначийн цIераш ца йаьхна Магомедовс.

Йеарин дийнахь, зазадокху-беттан 28-чохь, регионан полицин куьйгалхочо дIахьедира республикера зуламашна дуьхьал бечу къийсамах лаьцна. Цо бахарехь, 2023-чу шарахь махкахь "террорхойн организацийн" пхи гара гучудаьлла. Цуьнца доьзна лаьцна 17 стаг, кхин а кхоъ вийна.

Зазадокху-бутт бовш Дагестанера кхело лаца кхайкхийра республикан ши вахархо: официалан хаамашца, Украинан эскархойн могIарехь цара цигахь тIемаш беш бу. Талламан версица, Дагестанан бахархой, церан цIераш йохуш йац, Украине дIабахара 2012-чу а, 2017-чу а шерашкахь. 2023-чу шеран чиллан-баттахь ВСУ-н арахьарчу йолахойх вовшахтоьхначу лаамхойн вовшахтохараллин декъана йукъабахара уьш.

  • Ставрополь-махкахь бакъоларйаран органийн белхахоша дIахьединера 2023-чу шарахь терроризмаца къийсам латторах. Регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векалийн дIахьедаршца, 12 теракт йукъахдаьккхина, лаьцна цIарах ца йийцинчу "террорхойн организацийн" 14 декъашхо. Оцу йукъанна, лецначарех дукхаберш бара боху цхьана "Украинехьа йолчу" националистийн тобанийн агIончаш.
  • Зазадокху-беттан 26-чохь Ставрополь-махкара Ессентукин вахархочунна дуьхьал даьккхира бехкзуламан гIуллакх Оьрсийчоьнан тIеман министраллин гIишлох цIетаса кечам барна. "Легион "Оьрсийчоьнан маршо" организацин декъашхойн интересашкахь лелла иза боху.
  • Нохчийн тIемалойн командирашца Басаев Шемалца а, Хаттабца а уьйраш хилла ву аьллачу шеконашца дагестанхойн Байрамаул эвлахь стаг лаьцна. Ницкъахоша бахарехь, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковера десантхошна динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву иза.