Латтана тIехула даьлла дов дерзош гIо дехна Дагестанера нохчаша Кадыровга

Сталина къам махках даьккхина рогIера шо кхачарна лерина хIоттийна акци, 2017 шо. Гайтаман сурт

Дагестанхойн Ленинаул эвлахь бехачу нохчийн къаноша кхайкхамбина Кадыров Рамзане Украинана дуьхьал тIом бинчу нахана эвлара латтанаш декъарна дуьхьало йахьара аьлла. И хаамбина кху деношкахь Оьрсийчохь "арахьара агент" аьлла къобалвинчу оппозицин блогеро Абдурахаманов Тумсос.

Билгалдаккхар: нохчийн маттахь Пхьарчхошка олу Ленинаул эвла, - Дагестанера суьйлиша а, нохчаша-Iовхоша а къуьйсу, царна йукъара доза ду. Сталина къам махках даьккхинчу 1944-чу шарахь, хIетахь Дагестанера Iовхойн кIоштан цIе хийцира Новолакский аьлла, ткъа цуьнан ах латтанаш луларчу Казбековн кIоштах дIатуьйхира, цигахь йу Лениаул а. Депортацира нах цIа бирзича нохчашна бакъо ца йелира шайн дай баьхначу латтанаш тIехь охьаховша. 1990-чу шерашкахь царна дош делира хIусамаш а, даьхнийн дожийлаш а йухайерзор йу аьлла, амма дийр ду аьлларег кхочуш ца дира.

Дов кхин тIе а карзахдаларх дийца даьккхира лахьан-беттан йуьххьехь. ХIетахь суьйлех болчу тIеман декъашхоша латкъам бира меттигерчу нохчаша новкъарло йо шайна, "СВО-н ветеранийн" доьзалашна делла Лениаулера латтанаш доладаха аьлла. Оцу тIехула протестхоша Iедалхошна тIедожийра шайн лулахой тIаме бахийтар.

Цул тIаьхьа Дагестанера Казбековн кIоштахь, Кавказ.Реалиин редакцин хаамашца, эскаре нах лехьош, барамаш билггал чIагIбира - меттигерчу чаташкахь хаамаш баьржира ницкъахоша рейдаш йолорах лаьцна.

Абдурахаманов Тумсос чIагIдарехь, Лениаулера (блогеро Iовха олу цу эвлах) нохчийн къаноша арз дира Кадыров Рамзане, йуьртара латтанаш эскархошна дIасадоькъуш хиларо "хьал талхош ду, кризис эшалур йац" аьлла. Цара дехар дира Нохчийчоьнан урхалхочуьнга политикан репрессеш лайначарна реабилитаци йарх, Iовхойн кIошт хьалхалерачу дозанашца меттахIотторах долу федералан низам кхочушдойтуш гIо дахьара аьлла.

"Къанойн дешнашца, цара дехар дина Дагестанера дуккха а хьаькамашка а, амма гIортор царна хилла йац", - билгалдаьккхина Абдурахмановс. ХIара хаам зорбане боккхучу заманчохь Нохчийчоьнан урхалхочо, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а санна, тергамза дитина Ленинаулера къанойн дехар.

  • 2017-чу шарахь Лениаулехь дуккха а нохчий а, суьйлий а лийтира, лазийра 12 стаг, шайлахь кхоъ полисхо а волуш. ХIетахь аьккхошна гIоьнна цига гIоьртира Нохчийчуьра бахархой а.
  • Iовхойн кIошт меттахIоттош керла программа тIечIагIйира Дагестанан Iедалхоша 2019-чу шарахь, и кхочушйан йеллачу хенан тIаьххьара шо ду хIара доьдург. Документаца а догIуш, керла кIошташ йу кхолла йезаш лакцашна лерина, нохчийн шира керташ цаьрга мукъайахийта.
  • Зазадокху-баттахь Новолакскан кIоштан Гамиях эвлара бахархой эргIад бахара, меттахIоттийначу Iовхойн кIоштан хила деза "латтанаш дIалецарна". Цара тIедожийра нах дIакхалхоран программа кхочушйина йаллалц цхьа а барт ма бе аьлла. Iедалхой бехкебира цара "тапъаьлла, мукъаденошкахь" дакъош дIасадекъа гIортарна.
  • Марсхьокху-баттахь Лениаулехь дуьххьара латтанан сертификаташ делира Украинерчу тIамехь беллачийн дай-наношна а, царех бисинчу зударшна а. Низам кхочуш цадаро а, "латтанаш дIасадекъаро" а халкъашна йукъара барт эгIор бу, уьш вовшех летар бу аьлла, дIахьедира хIетахь Йукъараллин "Iовх" кхеташонан куьйгалхочо Батырсултанов Iаьрбис.