"Лайш хиллачу хене юхадирзина вай". Бакъоларъярхочо – Кавказера, Оьрсийчоьнан Къилбера мобилицих

Дагестан, ХIинжа-ГIала, военкоматана уллехь лаьтта бахархой. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан 22-гIа де

Ерриг Оьрсийчохь санна, Къилбаседа Кавазан а, Къилбан а регионашкахь Украинерчу тIаме хьийсоран мобилизаци ю дIахьош. "Юьззина йоцу" олу цунах Iедало, амма хIора регионера аьлча санна и бакъ цахиларан хаамаш кхочу: армех чекх ца бевлларш дIакхойкху, иштта еххачу хенахь цомгаш болу нах а, "резерваци" йинчу хьукматийн белхахой а.

Мобилизаци дIакхайкхийча Дагестанехь яккхийра дуьхьлонан митингаш хилира, цигахь дIалецира бIеннашкахь бахархой, царна дуьхьал 30 бехкзуламан гIуллакх даьккхира, полицехь Iазапаш лелорах лаьцна дIахьедора цара. Ур-атталла Нохчийчохь а бевлира протесте – церан гергарнах тIаьхьо тIаме хьийсийра. Нохчийчоьнан куьйгалхочо республикехь мобилизаци хир яц, аьлла дуьхььара дIахьедира, амма масех де даьлча цуьнан пресс-секретара и хаам тIе ца лецира, бохура, Кадыровн дешнаш "оппозицин зорбанан гIирсаша "харц гочдина".

ТIаме ваха ца луург муха кIелхьаравала веза, регионашкахула "квоташ" муха болх беш ю – цуьнах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцино дийцира "Гражданин. Армия. Право" цхьанатохаран куьйгалхочуьнца Кривенко Сергейца.

– Дукха хан йоцуш Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедира, республикера мобилизаци кеста йоьрзур ю аьлла. Хьалхо цунах тера къамелдира Москван мэро Собянин Сергейс. ХIун ойла хила еза ишттачу дIахьедарийн хьокъехь?

Кривенко Сергей

– Хетарехь, мобилизаци дIаяхьарна реза боцучу нехан реза цахилар лахдан гIертар санна тIелаца деза и. Къаьсттина кхеташ хила деза, и "юьззина йоцу мобилизаци" яц, и рогIера мобилизаци ю. "Юьззина йоцу" дош Iедало нах тебан гIерташ леладо. Цундела иза кхин дIа а хир ю. Тхуна ца хаьа, маса стаг дIакхойкхур ву, йа муьлхачу ханна царна мобилизаци йийр ю а.

Мобилизаци Путинан омраца бен соцур яц. Регионийн куьйгалхойн а, гIаланийн мэрийн а и бакъонаш яц. Москвахь шога тIелатарш хилира, урамехь нах дIалоьцура, Дагестанехь митингаш хилира. Цундела Собянинан а Меликовн а дешнаш нах тебан Iалашонца аьлла ду. Со тешна ву, хан дIаяьлча мобилизаци кхин дIа лелор хилар. Амма шайн план жима йан мега цара.

Дагестанан, ГIалмакхойчоьнан, Нохчийчоьнан куьйгалхоша дIахьедора, шаьш мобилизацин барам "тIехсов чекхбаьккхина". Мичахь бу и барам, мичахь ган йиш ю иза?

– План лелаш ю, вуьшта тIеман министралло болхбан йиш яц. Шина хьукматийн ницкъашца дIахьош ю мобилизаци: тIеман министраллина юкъайогIучу военкоматаша а, низамца царна гIодан дезаш долу регионерчу Iедалаша а. ХIора регионехь цигара резервхойн терахьна тIе а товжуш, коьртачу штабо билгалдоккху, мел стагна мобилизаци йийр ю – и къайлаха информаци ю. ТIамехь мел эскархо тIеоьшу а, оцу терахьашка а хьовсий, регионашкахула план дIасакхуссу цара. Иштта политикан хьал а тидаме оьцу цара: "проблеме йолчу регионашкахь" и терахь жима хуьлу, "дерриг тийна долчу" регионашкахь лекхара хуьлу. Оцу терахьашна къайлаха болчу хаамийн мухIар туху, тIаккха регионийн куьйгалхошка дIакхачадо – наггахь губернаторша гучудоккху иза, дIагулор чекхдаьккхина шаьш олий.

– Дагестанехь хьалххе дуьйна даьхначу а, кIезга терахь долчу а чоьте даьккхина 14 къам. Царлахь – суьйлий, агулаш, даргинцаш, гIумки, гIаз-гIумки, кхинаш а бу. Царах болчу наханна лерина цхьа а малонаш хуьлий?

– ХIан-хIа, цхьа хIума дац. Мобилизацин низамехь кегийра къаьмнаш цхьанне агIор хьахийна дац, цундела уьш рогIерчу нехан кепехь дIагулбо.

– Кху аьхка дукха яздора "къоман батальонех лаьцна" – Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчуьра. ГIалмакхойчуьра, кхечу регионашкара иштта "лаамхой" дIагулбора Украинерчу тIаме хьийсо. ТIаккха царах цхьаболучарах лаьцна хIумма а дацара хезаш. И идея кхочуш ца хилла?

– ХIунда ду ца хаьа, амма цунах кIезга дуьйцу. ЖамI иштта ду – бIаьста [оьрсийн эскарийн] эшамаш хилча, тIеман министралло нах жигара контракт яздаре кхойкхура. Лаамхой ахчанашца гулбораца, даккхийра ахчанаш хьоьхура. ТIаакха къоман батальонаш юьйлаелира. Жигарчу кепехь нах контракте кхайкхар тIеман министраллина ма моттара эвсара ца хилла, аьлла цунах жамI хIотто йиш ю. Хетарехь, къаьмнийн батальонийн кепехь масех иттанаш эзар стаг дIагулвина цара, амма кечам боцу контингаент йара иза.

– Хьуна хетарехь, регионаш кийча ярий мобилизацина? Масала, Краснодаран кIоштехь повесткашца гулбина нах юхаберзийнера, уьш бахьа меттиг ца хиларна.

– Мобилизаци – иза инзаре хилам бу, оьрсийчохь тIаьххьара 1941-чу шеран мангалан-беттан 22-хь дIакхайкхийнера иза – кехатехь яздинарг цхьаъ ду, баккъала хуьлург кхин ду. Оьрсийчоь кийча хилар, йа цахилар тидаме эцча, пачхьалкхан коьрта ши проблема билгалъяккха еза: курхалла а, логистика цахилар а. Логистикан зIенаш нисъяр – Оьрсийчоьнан синхаамехь дац, цуьнца дуьстича мобилизацина кийча яц иза: нах схьабахка меттигаш яц, гIирс, герз дац. И дерриг кехатехь ду. Цхьадерг дахарехь а ду, амма и ший а агIо цхьанатохар – иза йоккха проблема ю, тIеман министралло и лелийна цахилар тидаме эцча муххале а. ТIеман министралла кийча яц иштта оццул нах "шех чекхбаха".

– Къилбаседа Кавказехь а Оьрсийчоьнан Къилбехь а, кхечу регионашкахь санна, дуккха а бераш долчу дайшна, ша цхьамма бераш кхобучу дайшка, заьIапхошка повесткаш йогIуш меттигаш ю. Ишттачу меттехь хIун дан деза?

– Болх лелор вуно ирча хиларна нислуш ду иза – СССР дIаяьллачул тIаьхьа 30 шо даьлча военкоматаша шайн болх ца хийцина, цара шайн болх компьютершка ца берхийна, хийца а ца бина. Армех бига мегаш боцу нах дIакхайкхар цуьнца доьзна ду.

Масала, кIоштерчу военкоматана къаьсттинчу тIеман белхашкара ши эзар стаг схьагуло веза. Амма уьш каро аьтто бац цуьнан, хIунда аьлча, чот лелор, уьш схьалехар Советан Союзехь санна уьш бехачу меттехула ю, амма хIинца бахархой декхаре бац шаьш дIабазбинчу меттехь баха, уьш миччахь хила йиш ю – хьо ламанан юьртахь чоьтехь лаьтташ хила тарло, амма ХIинжа-ГIалахь ваха йиш ю.

Военкоматаша сихонца дIакхойкху шен лаамехь тIевеанарг, шайн план кхочушйо, цу тIехь чекхдолу

Цундела военкоматаша мохтухургаца санна повесткаш дIасакхоьхьу шайн базехь волчу хIоранга а. Царна бен дац, цуьнан маса бер ду, могушалла муха ю, тIеман зенделларг дуйла. ТIаккха вайн нах Iедалах тешаш бу: "Повестка яийтинехь, тIаккха ваха веза". Военкоматаша сихонца дIакхойкху шен лаамехь тIевеанарг, шайн план кхочушйо, оцу тIехь чекхдолу.

Вахархочун кхо тIедиллар ду тIеман чоьтан хьокъехь: цу юкъахь латтар, регионера дIавоьдучу юкъанна цигара дIавалар, повесткаш кхаьчча военкомате вахар а, нагахь санна уьш низамца кеч а йина, караелла хиллехь. Цундела цхьа "аьрру" повестка кхаьчнехь, иза эцна цанхьа ваха ца оьшу. ТIаккха хIумма а хир дац.

– Мобилизацин хан дIаттатта а, дIа ца вигийта а бух боцучу наха хIун дан деза?

– Коьрта хьехар: повесткаца цанхьа ца вахар, иза кара а елла, куьйг яздина хиллехь а, амма альтернативе декхарш дан арз чудала деза, иза почтехула дахьийта деза, йа ахь векалвинчу стаге дIадахьийта деза военкомате. Ша стаг военкомате ваха ца мега – "цхьаъ хатта" цига кхаьчнарш оцу меттехь кеч а бина тIеман декъе дIабуьгуш меттигаш а хилла. Низамехь болчу барамашкахь ма-хуьллу дуьхьало йар ду коьрта.

Повесткехула военкомате ца вахча бехкзуламан гIуллакх дац цкъачунна – иза куьйг яздина ялахь а, низамехь ма-хиллара дIакховдийна ялахь а. Административан гIуллакх даккха мега – кхо эзар соьме кхачалц гIуда. Военкоматан белхахоша административан гIуллакх делла деза – иза лело деза, шортта кехаташ а кегош, и лело царна ца лаьа. Хьуна тIаме ваха ца лаахь повесткаца дIаваха ца оьшу. Цкъачунна военкомато дIабуьгурш цига дIабогIурш бу.

– Нах шаьш схьабогIу…

– Кху баттахь уггар со цецваьккхинарг ду иза. Хьоьга повестка кхечи, зуда, болх дIа а тосий, мича воьду ца хууш новкъаволу хьо. Кхетар вара со Москвана уллохь лаьтташ немцой хиллехь, со дуьххьара гIур вара тIаккха даймохк ларбан, амма боьдург агрессиве империалистийн тIом бу нехан дозанахь.

Зуда, болх дIа а тосий, мича воьду ца хууш новкъаволу хьо

Амма цхьаберш [цунах] кхета буьйлало. ХIинцца зудчуьнгара кехат кхаьчна соьга. Яздо, герзгмашин-беттан 25-хь шен цIийнда дIакхайкхина, хIинца фронтехь ву иза, цуьнца 150 стаг ву, царах виссинарг 20 бен вац. Шен лазийна цIийнда кIелхьаваккхар доьху цо, Луганскерчу дарбан цIийнахь ву иза. ТIаккха муха кIелхьаваккха? Путина берриг аьлча санна эскархойх лайнаш бина, лазийна хилар, набахте хьажор, пенсин хан кхачар доцург кхечу бахьанашца балхара дIавала бакъо йоцуш.

Марсхьокху-бутт тIекхачале масех эзар стаг дIаваьлла контрактан балхара. ХIусамах а, льготех а дIа а къаьстина балхара дIабовла аьтто бара нехан. ХIинца и дан йиш яц – цхьана дийнахь лайш лелоран хене дирзина вай. Нах хIинца а ца кхетта, мобилизаци – иза нах дIагулор хилла ца Iа, тIом бу иза. Дукха ца Iаш шортта декъеш схьакхоьхьур ду. Эскархоша шаьш боху шайх лайш бина, хIу ю ца хуу Iалашонна дуьхьа тIомбан арабаьхна бохуш, амма и хабарш ца даьржа цкъачунна.

– Масех де хьалха гайтаме хилира Дербентехь урамашкахула дIаса а лелаш, микрофон чухула божаршка военкомате дуьйла бохуш дIахьедарш деш МЧС-н машенаш хилар. ТIаккха военкомехь элира: "Стаг тхуна оьшуш ца хилахь оха иза дIахоьцур ву". Цунна низамехь мах хадо йиш юй хьан?

– Низамо доза ца туху цунна. Транспораташ дIаихка йиш ю церан, шакаршца хелхарш дан а, муьлххачунна тIехь хехкабала, агитаци йан а. Амма хьо лаца а лаьцна военкомате вигар, цигара дIа ца вахийтар, тIеман декъе хьажор - низам хедор ду, иза ду кхераме, хIунда аьлча оцу дозанехь стеган эскархочун статус хуьлу. ТIаккха эскархо а волуш омра кхочуш ца дина аьлла цунна хан тоха мега. Стаг военкоматехь вацахь – иза рогIера вахархо ву, аса хьахийна гIуданал сов цхьа а жоьпаллехь вац иза.

Цундела военкомматийн Iалашо ю мелла а сиха стаг тIеман декъе хьажор, иза цигахь дIатарвалийта. ТIаккха цигара дIаваха аьтто хир бац. Оцу бахьанашца нах военкоматашка текхабо. Схьабаьхкиначарна мобилизаци йо, ца баьхкинчарна ца йо. ТIаьхьо, хетарехь, массо а дIабуьгур бу, амма карачу хенара хьал иштта ду.

***

  • Дагестанера Украине кхо эзар сов мобилизаци йина стаг а, "лаамхой" в хьажийна – иза догIу Iедало церан доьзалшна кечдинчу гIонан барамера. ГIоьнан барам 100 эзар сом ду цхьана доьзална, дерриг билгалдаьккхина ахча 350 миллион сом ду.
  • Краснодаран махкахь, Адыгейхь, Дагестанехь, Кхарачойн-Чергазийчохь мобилизаци йинчу наханна, бахарехь, 100 эзар соьмаш лур ду, оццул ахча хьехна Астраханан махкахь а, амма кхоччуш сацам цигахь хIинца а бина бац. 50 эзар сом лур ду Ставрополан махкарчу мобилизаци йинчу наханна, 25 эзар сом лур ду ГIебарта-Балкхаройчуьра дIагулбиначарна.
  • Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш ю Украинехь беллачу Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 1416 эскархойн цIераш. Зорбанан гIирсашкахь бинчу хаамашкара а, Iедалхойн дIахьедаршкара а, бакъонашларъярхойн информаци юкъара а, шайн хьасташкара а хиина ду и терахьаш. Билггал болу эшамаш кхин а алсам хила тарло.