ГIалгIайчохь куьйгалхо хила ша магочу кхаа стеган цIеяьккхина Путина

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун дарже къастийначу кхаа кандидатан цIерш чуелла ГIалгIайчоьнан парламенте. Уьш бу: Несара-шахьаран кхеташонан депутат Евлоев Урусхан, "Вымпел-Коммуникации" компанин ГIалгIайчуьрчу декъан коьрта говзанча Зурабов Мохьмад, карарчу хенахь мехкан куьйгалхочун декхарш кхочушден Калиматов Махьмуд-Iела.

Мехкан куьйгалхо къастош Оьрсийчоьнан низамо билгалбоккху некъ бу ишта: Пачхьалкхан Думехь болчу шайн векалшкахула партеша йоккху кхаа кандидатан цIерш, Думера уьш дIакховдайо президенте, ткъа цо и цIерш харжам байта дIахьажайо мехкашкарчу парламенташка.

Оьрсийчохь харжамийн юкъара де ду тIебогIучу беттан 8-чохь. Оцу дийнахь къасталур ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо а.