ЛГБТ-н хIун бехк бу? Дозанал арахьарчу бусулбанашкара бераш дIадоху аьлла нохчийн Iедалхоша

Францера полисхо, гайтаман сурт

Бусулбачу мухIажарийн доьзалашкара бераш схьадоху, церан дай-наной "ЛГБТ-на дуьхьал хиларна"- цунах лаьцна дIахьедира нохчийн Iедалхоша меттигерчу телеканалан эфирехь. Хьаькамашна хетарехь, Европехь берашца ваха хала ду, къаьсттина скандинавийн пачхьалкхашкахь кхераме ду. Мел бух болуш ду хIара чIагIдарш аьлла, Кавказ.Реалиин редакцино дийцаредира Норвегира а, Швейцарера а, Францира а, Бельгира а, Германира а бакъонашларйархошца а, эксперташца а.

"Кхераме Норвеги"

Дуьххьара дац европахойн пачхьалкхашна бусулбачийн бераш цара дIадоху бохуш, Iиттарш йен. 2020-чу шарахь ду иза, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада йовзийтира, 2017-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц "Нохчийчоьнан урхалхочун Европера командо" хIоттийна статистика.

Дудаев Ахьмад

Оцу зерашца, махкал арахьа деха 130 нохчийн бер шайггарчу бахьанашца дегара-ненера схьадаьхна бохура, царех 20 бер мар-зудий санна Iачу божарийн а, зударийн а доьзалашкахь ду элира Дудаевс. 40 сов бер, бохура цо, да-нана доцчу берийн хIусамашкахь латтош ду шерашкахь, 30 гергга могIарерчу, кхечу мехкашкара, атеисташ болчу нахехь ду, йа бусулба боцчу доьзалашкахь. 20 гергга бер тIепаза дайна, охьадагардира Дудаевс. Дайн-нанойн бакъонаш дIайахаран бахьана ду, билгалдаьккхира цо: "церан чохь стоьмаш цахиларна тIера, хIусамчуьра пенашна тоьхна кехаташ товш доцчу беснашкахь хиларна тIе кхаччалц". Муьлхачу зерашна тIехь хIоттийна йу и статистика, Дудаевс ца дийцира.

Евррпехь бIусулбачу мухIажарийн доьзалашкара бераш дIадоху "ЛГБТ къобал йа йарна" аьлла, дIахьедира 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь кхин цхьа а бух ца балош, Нохчийчуьра берийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Хирахматов Хьамзата. Цо дийцарехь, оцу кепара латкъамаш бина цуьнга дозанал а арахьа бехачу Оьрсийчоьнан бахархоша. ЦIераш а, билггал йевза историш а ца йийцира цо.

"Европерчу мехкашкахь кхиазхой бераш чохь долчу доьзалашна баха кхераме ду" элира, махкахошца зIенаш латточу "ОРЦА" къоман агенталлин директоро Юсупов Мухьаммада а. Даймахкара араваьлла 27 шо хан йаьккхина ша бохура цо.

"Суна сайн бIаьрга дайна, социалан хьукматан белхахоша цхьа а бахьана а доцуш бусулба бераш дIадохуш. Акхаралла йу иза эр дара аса", - дерзийра цо.

Юсуповс бахарехь, консультаци оьшуш, цуьнга орца дехнера Норвегира а, Германира а, Бельгира а, Францира а нохчаша. Ша буьйцурш муьлш бу, ца къастийра агенталлин директоро а.

Бусулбачу доьзалашкара дIадаьхначу берех хIоттийна статистика йац

"Уггар а кхераме" пачхьалкх лерина бусулбанашна нохчийн Iедалхоша Норвеги. ТIаьххьарчу шерашкахь цигахь масех гIуллакх нисделира баккхий доьзалаш болчу хIусамашца доьзна. Масала, 2013-чу шарахь пхи бер схьадаьккхира Масарова Танзилера, уьш норгийн кхаа хIусаме дIасадийкъира. Масаровас дийцарехь, бахьана дара, боха новкъабаьллачу церан доьзалера доьхна хьал.

2016-чу шарахь АбдуллаевгIеран доьзалера а дIадаьккхира диъ бер. Меттигера ювеналан хьукмато (Barnevern) кхетийра, берийн дас царна "доьхка детташ хиллера" аьлла. Меттигерчу хьасташа дийцарехь, бераш йухадерзон аьтто хилира Францера нохчийн диаспорин векалийн гIоьнца.

Бусулбачу доьзалашкара маса бер схьадаьккхина хаа, тIетовжийла йац, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Европан мехкашкахь Оьрсийчоьнан бахархой санна, дIайазбеш хиларна. Йукъара статистика йу берашна тIехь терго йаран органийн сайташкахь йалийна.

Норвегера ювеналан хьукматан балхах лаьцна дуккха а "бахара-элира" ду. Организацин официалан сайтехь аьлла ду, цуьнан Iалашо - "дола ца дечу берийн тергойар, царна кхерамзалла латтор, кхион таронаш хIиттор". Официалехь бечу хаамашца, дукха хьолахь социалан белхахоша шайн шеконаш кхоллалахь, бераш дIа ца дуьгу, церан дайшца-наношца болх бо, церан кхачамбацарш нисдо, доьзал ца бохийтархьама. Оцу йукъанна ювеналан хьукмато дIахьедира, кхечу доьзалашка дIалучу берийн терахь охьадаьлла догIу.

"Уггар а кхерамечу" Норвегихь вехачу йаздархочо, журналисто Эльдин Микаила тIечIагIдира, бахьана а, бух а боцуш Iедало бераш схьа ца доху аьлла. Нагахь санна, оцу кхиазхочунна тIехь беш ницкъ белахь, йа цуьнан дахарна лаьтташ кхерам белахь, тIаккха Iедалхой декхаре бу берана тIехIотта, царна йукъагIорта аьлла, дIахьедира цо.

"Оцу сферехь болх бен нах суна бевза, цундела доцца эр дара ас: бахьана доцуш доьзалера бераш дIа ца доху. Дега-нене хIуммаъ а ца олуш, бераш схьадаха йиш йу, нагахь санна, беран дегIа тIехь йиттина меттиг хаалахь. Йаккхий проблемаш хуьлу кхузахь Малхбузера Европера берашца, церан дайша-наноша къаьркъа молуш хиларна. Дукха хьолахь, бехказабийла гIерта дай-наной, тонн бехкаш оцу системина тIе а дохкуш. Дера гIалаташ а нис ма ло, адамаш ма дуй вай, делахь а масалш ду, иштта гIалат нисделлехь дас-нанас кхелехула шайн бераш йухадерзийна", - дийцира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Эльдин Микаила.

КХИН А ХЬАЖА: Бераш дехошна кхачадо. Къилбаседа Кавказехь наной шайн доьзал схьаберзон хьийза

"Дерриг а доьзалх доьзна ду"

Нохчийчуьра омбудсмено Хирахматовс "кхераме" леринчу пачхьалкхашлахь йара Швейцари а, цигахь йехаш йу бакъоларйархо Гашаева Зайнап. ЛГБТ-нахе йолу дог-ойлане хьаьжжина бусулбачаьргара бераш схьадахарх лаьцна нохчийн берийн бакъоларйархочо аьлларг харцдира цо. Гашаевас бахарехь, бераш схьадаха даккхий бахьанаш хила деза, бераш Iалашдечу низамо ца могуьйту хIокху пачхьалкхехь берех лета а, цаьрга гIело хьегийта а.

Гашаева Зайнап

"Дера хIета кхузахь, Швейцарихь, берашна тIехь Iуналла ден система кхечу кепара ма йу. Бераш схьадаха тарло, нагахь санна, дас-нанас шайн декхарш кхочушдеш дацахь, бендоцуш, шогаллица, цара уьш тесна дитинехь. И дехкарш хьакхало муьлххачу а къаьмнех, ткъа бусулбанашна тIехь акцент йо бохург – харцдерг ду. Бусулбачарна а кхачош йу, кхечеран йоллу бакъонаш. Дайша-наноша ЛГБТ-на дуьхьал хиларца бераш схьадоху бохург – данне а доцург ду", - эргIаде элира бакъоларйархочо.

Бераш-кхиазхой кхиоран болх даим а бара халачех, дуккха а хIума ду кхузахь доьзалх шех доьзна, билгалдаьккхира цо.

"Гоно, хьо кхуьучу хьелаша тIеIаткъам бо, амма, гIиллакхаш, ламасташ лардечу доьзалашкахь, царна цхьаммо а новкъарло ца йо бераш кхион. Тхан бераш маьждиге лела, ламаз до цара, марха кхобу, гIиллакхаш лардо… Дериг а доьзна ду доьзалх", - дерзийра шен къамел Гашаева Зайнапа.

Газиева Фатима

Социалан гIо латточу хьукмато Iалашдан догIу, гIело латтон, къизалла лелон бераш а, наной а, дIахьедира Кавказ.Реалиин корреспонденте хIокху тIаьххьарчу 14 шарахь Бельгихь йехачу нохчийн бакъоларйархочо Газиева Фатимас. Цо дийцарехь, оцу заманчохь шозза-кхузза меттиг хаабелла цунна бусулбачийн доьзалера бераш дIадаьхна, цигахь а дайша-наноша кхачам боллуш кхочуш ца дора шайн декхарш.

"ЛГБТ-н хIун бехк бу? Аьшпаш бу уьш! Нохчийчохь хиъна а Iаш, эзарнашкахь нохчий тIеэцначу пачхьалкхашна муха луьйр ву? Цхьана хенахь Хирахматов дикачу агIор вевзара суна, тахана оцу дарже а хиъна, цхьа а бух боцуш, "бахьана доцуш" бераш схьадоху дайшкара-наношкара бохуш, дIахьедо цо. Бераш схьадаха дуккха а бахьанаш ду: доьзал аьтто боцуш хилар, дас нанна йеттар, йа берана йеттар, лулахой тешаш хIуьттуш, доьзалера девнаш, тIаккха полицига бовлу уьш. Оцу тIехула жоьпалла ма дожадо дена-нанна Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а", - боху бакъоларйархочо.

Шен-шен гIуллакх ду хIораннан а

2017-чу шарахь Авсирин Грац гIалахь социалан белхахоша ворхI бер схьадаьккхинера нохчийн доьзалера. ХIетахь Маршо Радион нохчийн редакцига дийцира, оцу доьзалан дас кхин зуда йалийна хиллера аьлла. Шен доьзал хене баккхархьама и нана балха тасайеллера, цундела бераш шаьш цIахь ца дитича ца йолура иза.

Кхин а шо хьалха Ниццера Париже боьлхучу нохчийн ЭскаевгIеран доьзалера полицино озззийна схьадехира бераш. Уьш совцоран бахьана хиллера мухIажарш бу аьлла документаш цаьргахь цахилар. ТIаьхьо, кхелехь гIуллакх луьстучу хенахь полицино кхин а бехкаш дехкира царна, доьзалан бераш кхаба таро йац, йа хIусам а йац аьлла. Делахь а, хIусаман проблема йерзийра нохчийн диаспоро, ткъа цул тIаьхьа дас-нанас цIа берзийра шайн доьзал а.

Европерчу "инзаречу" ювеналан системех лаьцна нохчийн Iедалхоша дуьйцург бакъ дац аьлла хета Францира Ичкерин консулна, нохчийн йукъаралхочунна Албаков Шемална.

Албаков Шемал

"Страсбургехь, уггар а нохчий дукха бехачу Францин гIалахь веха со. Кхузахь, бер схьадоккхуш дийнна цхьа процедура лелайо. Оцу стеган бакъо йу дуьхьал къовсавала, адвокат лаца, шен доьзалан дола дан шен таро хиларх тоьшалла дан. Йукъ-наккъера схьа а лелхий, бераш схьадоху цара нагахь санна хьал ирча гахь – берашна йетташ хилахь, цаьрга мацалла хьегийтахь а", - боху Албаковс.

Европехь бехачу бусулбачийн цхьа а проблема йац ЛГБТ-н векалшка болчу хьежамашца аьлла, билгалдаьккхира цо, шен-шен гIуллакх ду и хIораннан а аьлла.

Хууш ма-хиллара, доьзалера бераш схьадаьхначу дайша-наноша дукха хьолахь дIахьедо, цхьа а бахьана доцуш бераш схьадаьхна шайгара, шайца динан а, къоман а билгалонца дискриминаци йу лелориг олий. Францера нохчийн бакъоларйаран Comité Tchétchénie организацин куьйгалхочо Паскаль Шадос аьттехьа а тIе ца дитира и бакъ хилар Кавказ.Реалин корреспондентаца хиллачу къамелехь, иштта бакъ дац элира цо, ЛГБТ-на дай-наной дуьхьал хиларна бусулбанашкара бераш схьадоху бохург а.

Паскаль Шодо

"Суна хетарехь, олийла дац, бусулбанашкара бен бераш схьа ца доху. ХIан-хIа, и бакъ дац. Бераш схьадоху цаьрца къизалла лелош хаалахь: йеттахь, берана беш Iаткъам хилахь… ЛГБТ-на дай-наной дуьхьал хиларна бераш схьадохур дац, иза а бакъ дац. Ас дуьйцург Францера хьал ду, кхечу пачхьалкхашкахь хIун бахьанаш нисло, суна ца хаьа", - билгалдаьккхира бакъоларйархочо.

"Бахьана ца хилча бераш дига цхьа а ца вогIу"

Германихь бераш кхиоран декъехь тIедахкарш цхьатерра ду немцошна а, тIабаьхкинчарна а, билгалдаьккхира Германира нохчийн диаспорин къанойн Кхеташонехь. Цуьнан векало дийцарехь, бераш схьадаха ойла кхоллало берашна тIехь Iуналла латточу органийн, доьзалехь царна тIехь ницкъ бахь, йа кхачам боллуш уьш лелош дацахь.

"ХIуьттаренна, гамонна бераш Iедалхоша схьа ца доху бусулбанашкара, ишта-м немцошкара а ма доху уьш. Муха нисло и? Социалан белхахойн шеконаш хилахь, беттанашкахь оцу доьзална тIехь терго латтайо цара, тIаккха бен сацам бойла дац. Берашкахьа дайн-нанойн ледаралла бахьана долуш а схьадаха тарло, амма цхьа а бух боцуш берашна тIаьхьа цхьа а ца вогIу", - элира Кхеташонан векало.

Делахь а, къамелахо тIетов нохчийн омбудсмено, Европан пачхьалкхашкахь бераш лелош хала ду аларна.

"Вай бераша информаци цIахь дегара-ненера схьаэцна ца Iаш, школера хьехархошкара а, урамера а, шайн нийса накъосташкара а, интернетера а лахьайо. Белхаш бечу дена-нанна атта дац царна тIехь терго латтон, царна кхачам боллуш Iуналла дан. Ненан мотт ледара бу тIекхуьучийн, урамера авторитето охьайоккху дайн-нанойн авторитет. Цундела хало ду нохчашна кхузахь бераш хьалакхион", - дерзийра цо.

Оцу йукъанна, Кавказ.Реалии сайто кест-кеста дуьйцу Нохчийчохь бехачу нохчийн зударех лаьцна, шайн доьзалш къуьйсучу нанойх лаьцна. Дукхахдолу гIуллакхаш дIадахло кхеле а доьрзий. Ду уьш, доьзал къаьстачу хенахь наношкара бераш схьа а дохий, цхьана а кепара шен бер ган оцу нанна меттиг цабуьту гIуллакхаш. Оцу заманчохь йа динан дайша а, йа кхелахоша а, йа берийн бакъоларйархочо а, и дов луьстучу йукъанна, ненан агIонгахьа ца узу, исламан динехь ворхI шо кхаччалц бераш ненаца хила деза аьлла делахь а.

  • 2021-чу шеран лахьан-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Къилбаседа Кавказехь бераш шаьш кхиор къуьйсучу гIуллакхашкахь дискриминаци лелош хилар стен-боьршаллин билгалонашца. Нохчийн зударийн къаьстачу хенахь дуккха а бакъонаш йу, амма Нохчийчохь цуьнан бакъонаш ца лоьру аьла, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь доьзалийн гIуллакхаш луьстучу юристаша а, бакъоларйархоша а.
  • Оцу йукъанна, 2029-чу шарахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло (МВД) хийхира Доьзалан кодексехь хийцамаш бар. Цаьрца а догIуш, полицин бакъо хир йара ханна бер доьзалера схьадаккха, нагахь санна, цунна цхьа кхерам латтахь. МВД-н статистикаца, деа шарахь Оьрсийчохь 92 процентана лакхабаьлла дас-нанас шайн доьзалашна дуьхьал лелочу зуламийн барам. Ду царлахь бераш дайар, царна йеттар а.
  • Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан эксперташна хетарехь, ца ваьллачу денна бен мегар дац доьзалера бер схьадаккха, нагахь санна кхерам дегара-ненера а белахь, цунна дуьхьал кхин хIумма а дан ницкъ а бацахь.