Лисичанскехь 30 кадыровхо вийна боху ВСУ-н дIахьедарш "туьйранаш" ду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо

Тохар дича Лисичанскехь йохийна хIусам. 2022-чу шеран гезгмашин-бутт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши де даьлча комментари йина Лисичанскана тохар дича нохчийн "Ахмат" тIеман тобанан 30 эскархо вийна бохуш ВСУ-но динчу дIахьедаршна. Регионерчу политико уьш "туьйранаш" ду аьлла.

Дагадоуьйту, лахьан-беттан 7-чу Iуьйранна ВСУ-но хаамбира, байъинчу кадыровхойн баккъала долу терахь "вуно чIогIа хьулдеш ду". Лазийнарш 15 стаг ву аьлла украинхойн агIоно. Кадыровс бахарехь, Лисичанскана уллехь бIеннашкахь байъинчу эскархойх дуьйцу "мостагIчун пропагандин каналаша". Нохчийн эскархошна цхьа а эшамаш ца хилла, церан хьал "чIогIа дика ду" аьлла цо тоьшаллина.

"Ахмат" тобанан буьйранчас Алаудинов Аптис шен телеграмерчу каналехь тIе ца чIагIдира, йа харц ца дира кадыровхошна Лисичанскехь тохар дар. Цо бахарехь, "мостагIчо ма-дийццара" цигахь "оццул эскархой бац", тIаккха тIаьххьарчу деношкахь тобанна эшамаш хилла а бац. Шен фронтан декъехь долу хьал цо "вуно чIогIа куьгкIелахь ду" аьлла.

Кху кхаа кIирнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо ВСУ-н д1ахьедаршна шозза комментари йина. ГIадужу-беттан 25-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу школан гIишлонна тIе тохар дарх лаьцна – шех "Нефтеполк" олучун штаб хиллера цигахь - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира.

Х1етахь Кадыровс хилларг тIелецира – 23 вийна, 58 лазийна, царах чолхе чевнаш йина веа стаганна, аьлла дIахьедина цо. Байъинчу, лазийначу эскархойн доьзалшна Мекке зиярт дан аьтто лур бу аьлла цо, иштта бекхам барца кхерам тессина украинхойн агIонна. Республикан куьйгалхочо дIахьедина, тийсдаларшкахь 70 украинхойн эскархой байъина аьлла – официалерчу Киево эшамех лаьцна ца дийцина.

  • Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза: "Кавказский узелан" зерашца, гIадужу-беттан 14-хь Iедало 29 эскархочун кхалхар тIелаьцна.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан буьйранчас Осмаев Адама Кавказ.Реалиина зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, оьрсийн эскарна каракхаьчначу дозанашкахь лела уьш, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду тIеман министраллин кхечу дакъойн эскархой а сецабо кадыровхоша.
  • Нохчийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан хилла куьйгалхо, полицин инарла-майор лаьттина волу Алаудинов Апти сепаратистийн "ЛНР-н" къоман милици шех олучун тIеман тийсадаларш лелоран 2-чу армин корпусан буьйранчан гIовс хIоьттина.