Пачхьалкхера итт субъектан топехь нисйелла Къилбаседа Кавказан республикашлахь цхьа Нохчийчоь 10 эзар вахархочунна уггар кIезиг лоьраш кхочуш. Оьрсийчоьнан йукъарчу барамал а лахара бу и гайтам къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь. И керла зераш дина Оьрсийчоьнан могушалла Iалашйаран министралло.
Марскхьокху-баттахь гучу хьолаца къаьсттина лоьраш тоьаш бац Жуьгтийн автономин а, Псковн а кIошташкара пачхьалкхан а, муниципалан а поликлиникашкахь. Цигахь 25 а, 26 а лор ву 10 эзар вахархочунна кхочуш. Рейтингехь чакхенера схьа ворхIолгIа меттиг дIалаьцна Нохчийчоьно, кхузахь 29 лор кхочу 10 эзар вахархочунна.
Оьрсийчуьра йукъарчу гайтамал а лахара ду хьал Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь, Адыгейхь, Дагестанехь (33 лор кхочу цигахь 10 эзар вахархочунна). Ростовн (34 лор), Волгоградан (35) кIошташкахь, ГIебарта Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а (38 лор). Йерриг Оьрсийчохь пачхьалкхан, йа муниципалан дарбан цIийнехь, йа поликлиникехь 10 эзар стагана 41 лор кхочу.
Ставрополан мохк бу "сихачу гӀоьнан" лоьрашца кхачо йарца доьзна уггар вон хьал долчу меттигах: хӀора 10 эзар вахархочунна 4 бен вац и тайпа белхахо – махкахь уггар лахара терахь ду иза. Цул сов, тӀаьххьарчу шерашкахь хьал телхина догIуш ду - шо хьалха 10 эзар вахархочунна пхиъ лор вара сихаллин гIо кхачочарех, ткъа 2022-чу шарахь 6 ву. Могушалла Ӏалашъйаран министраллан зерашца, йуккъерчу барамехь Оьрсийчохь хӀора 10 эзар вахархочунна 7 "орцан" медицинан белхахо кхочу.
Изза хьал ду Краснодар-махкахь а, цигахь 10 эзар вахархочунна "сихаллин гIо" кхачочу медикийн терахь 7 тIера 5 охьадаьлла. ХIара пхоьалгIа гIад дайна гайтам бу регионашлахь.
Леррина медицинан гӀо-накъосталла латточу лоьрийн уггар кӀезиг терахь хиларца хьалхарчу 10 регионна йукъайахана Адыгей а, Нохчийчоь а, аьлча а, профилан лоьраш. Адыгейхь хӀора 10 эзар вахархочунна и тайпа лор 10 кхочу (махкахь кхоалгӀа меттиг), ткъа Нохчийчохь – 11 (бархӀалгӀа меттиг). Йукъарчу хьесапехь хӀора 10 эзар Оьрсийчуьра вахархочунна 15 ву и тайпа лор.
- Астраханан йарташкахь сихачу гӀоьнан белхахоша латкъамаш бо фельдшераш а, автомеханикаш а тIетоьаш ца хиларна - 2022-чу шарахь могушаллин министралло хаам бинера, оцу кӀоштахь кхечу меттигашкахьчул а дика кхачо йина царех аьлла. Изза хьал хааделла Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь а: машенашлелорхоша тӀехсов болх бо, цомгушчарна кхачам боллуш орцан гӀо ца кхачадо, билгалдоккху говзанчаша.
- Дагестанехь а, Ставрополь-махкахь а 2022-чу шарахь фельдшерийн терахь йоллу пачхьалкхехьчул а ледара ду аьлла билгалдаьккхира. Астраханан кIоштахь статистике хьаьжча, сихаллин гIо кхачочу лоьрий терахь кхачам болуш дара.
- Медицинан хьукматашкахь лоьрийн тоам хиларца махкахь тӀаьххьарчу меттехь йара ГӀалмакхойчоь. Зазадокху-бутт болалуш кхузахь оьшуш болчу лоьрашна йукъахь доьалгIа дакъа (26%) тоаме дац. Иштта Ставропол-махкахь а, Ростов-махкахь а Оьрсийчоьнан йуккъерчу барамал а лахара хилла лоьрашца йуьзна тӀегӀа, боху могушаллин министраллан официалан статистико.