Ломара Карабахехь тIом сацор бу. Азербайджанан билламашца

Степанакерт (Ханкенди)

Ломара Карабах аьлла дIакхайкхийначу республикин векалша дIахьедина гезгамашин-беттан 10-чохь делкъанна сахьт даьлча дуьйна герзаш совцор ду шаьш аьлла. Азербайджанан тIеман министралло хаам тIечIагIбина.

Къобалйазчу республикин Iедалш азербайджанхойн агIонан доллу тIедахкаршна реза хилла, кху деношкахь Ломара Карабахера эрмалойн позицещна йуха а тохарш долийнера цара, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Доккхачу декъанна, хаамехь билгалдаьккхина, Ломара Карабахера эрмалойн герзашца вовшахтоьхна тобанаш дIасайохор йу, ткъа гезгамашин-беттан 21-чохь азербайджанхойн Евлах гIалахь дийцарш долор ду азербайджанхойн Iедалхошца Карабахера эрмалойн йукъараллина интеграци йарх. Схьагарехь, и бохург ду, тIейогIучу хенахь Советан заманахь Ломара Карабахан хилла долу дозанаш Бакун куьйгакIел дерзор ду.

"Ломара Карабахехь куп тоьхначу Оьрсийчоьнан машарбаран контингентан урхаллин гIоьнца" барт хилла бара, чIагIдо хаамехь.

Гезгамашин-беттан 19-чохь Азербайджанан армино дIакхайкхийра Карабахехь тIеман операци дIайахьарх "конституцин дIахIоттам йухаметтахIоттош". Хаамбора эрмалойн а, Карабахан а эскарийн гIишлошна тIейеттарх. Еревано бакъ ца до шайн тIемалой Карабахехь хилар.

Операци дIакхайкхайале хьалха Бакус бехкейира Ереван а, Карабах а теракташ вовшахтохарна. Азербайджанхойн агIоно бечу хаамашца, гезгамашин-беттан 19-чохь минаш тIехь ши машен иккхинера. Велира йалх стаг, ву царлахь Азербайджанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин виъ белхахо а.

Гезгамашин-беттан 19-чохь дийно сарралц азербайджанхойн тIемалойн аьтто хилира Эрмалойчоьнан ТIеман ницкъийн 60 сов позици шайн куьйгакIел йерзон, хаамбира Азербайджанан тIеман министраллин векало. Кхаарин Iуьйранна урхалло дIахьедира, "локалан антитерроран барамаш кхиамца кхин а дIахьош бу" аьлла.

Къобалйазчу Ломара Карабахехь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Степанян Гегама бахарехь, Азербайджано тIеман операци йолийчхьана велла 32 стаг, 200 сов ву лазийнарг. Беллачарлахь ворхI маьрша вахархо а, ши бер а ду. ТIе ца лаьцначу республикин бахархой буьсу серло а, зIе а, йуург а йоцуш лармишчохь лечкъина, дийцина омбудсмено.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Оьрсийчоьно а, Евроберто а кхайкхамбина шина а агIонга тIемаш совцабе аьлла.

США-н пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис оршотдийнахь телефонехула къамел дира Азербайджанан президентаца Алиев Ильхамца. "Сацабе катоххий тIом" а, регионехь муьлхха а эскалаци а аьлла, кхайкхамбина Блинкена Бакуга. Американ пачхьалкхан секретаро билгалдаьккхина, Карабахан проблема тIамца йерзайойла дац, кхайкхина Бакуна а, Ломара Карабахера эрмалошна а йукъахь бисина цакхетамаш бийцаребш йуха а вовшахкхетий, къамел де аьлла. Алиевс дIахьедина, Карабахера "антитерроран барамаш" Бакус совцор бу, нагахь санна, эрмалойн тIемалоша герз охьадиллахь аьлла.

  • Ломара Карабахан доза дуьненайукъарчу бакъонца Азербайджанан дакъа лоруш ду. Регионера дукхахболу бахархой эрмалой бу. 1990-чу шарера схьа дуьйна Бакус доладеш дацара регионан доккхахдолчу декъан. Эрмалойн йукъараллин векалша йозуш йоцу республика аьлла, дIакхайкхийра, амма цхьана а пачхьалкхо тIелаьцна йац иза, йа Эрмалойчоьно а цхьаьна.
  • 2020-чу шеран гурахь боцца хилла тIом бирзича Азербайджано а, Эрмалойчоьно а тIемаш совцош бертан куьйгаш йаздира Оьрсийчоь йукъахь а йолуш. Ломара Карабахан доккхаха долу дакъа а, 1990-чу шерийн йуьххьехь эрмалойн эжскарша дIалаьцна, Азербайджанна тIелетта кIошташ а йухайерзийра Бакус. Регионехь дIатарбира Оьрсийчоьнан машарбаран ницкъаш.