Your browser doesn’t support HTML5
ХIара шуна хезаш дерг Оьрсийн вевзаш волчу поэто Лермонтов Михаила язйинчу «ГIалгIазакхийн аганан илли» цIе йолчу байтан тIехь олуш илли ду. ГIалгIазакхийн нанас шен бер дижош олуш ду иза. Лермонтовна хаьа ша дуьйцург хIун ду. Дукха жима волуш дуьйна бозабелла хилла цуьнан кхоллам Къилбаседа Кавказца.
Дуьйцу историн Iилманчо Абумуслимов Сайд-Хьасана.
Лермонтов вина 1814-чу шарахь ГIадужу-беттан 15-чу дийнаь Москох. Велла иза 1841-чу шарахь Пятигорскехь. Кху дуьненчохь и йоца хан йоккхуш шозза Кавказе тIаме хьажийна хилла иза. Лермонтов гIараваьлла поэт Пушкин Александр дуэлехь вийнача Iедалш емал деш стих язъйинчул тIаьхьа. Шен кхолламехь цо дуккхазза а критика еш хилла цу махкахь лелачу гIиллакхашна.
Тахана Оьрсийчоьнан Iедалш махкахь патриотизм ойъу шаьш бохуш а, оппозицица къийсам латтош шуьйра пайда эца гIерташ ду Лермонтов Михаилан кхолламах. Масала, тIаьххьара шен зорбанан конференцехь президенто Путин Владимира пхиолгIа колоннина а, оппозицина а юкъахь башхалла юьйцуш хьахийра «оппозиционер Лермонтов».
«Хала ду доза тоха мичахь чекхйолу оппозици, мичахь дIайолало пхиолгIа колонна. Лермонтов дагавогIу вайна. «Iод дика йойла, лийчийна йоцу Оьрсийчоь -- лайн мохк, элийн мохк». Оппозиционер хиллий иза? Дера хилла... Амма иза шен мехкан патриот хилла. ТIедеттачу герзана дуьхьал воьдуш хилла иза шен мехкан дуьхьа. Оппозиционераш шога нах бу, амма патриоташ бац уьш. ПхиолгIа колонна кхечу пачхьалкхаш аьлларг деш болу нах бу», - элира Путина.
Амма историн Iилманчана Убумуслимов Сайд-Хьасанна хетарехь, Путина далийна масал дIоггара кхимае дац.
Делахь а Лермонтов цу бесса хесто оьшуш стаг вац. Путин бакъвара цо Лермонтов оьрсийн патриот хилла бохучхенахь аьлла хета историн Iилманчана Вачагаев Майрбекана.
Кхузахь дагадаийта деза юьйцург адамийн бакъонаш боху кхетам аьттехьа боцу, Цхьамнаькхеттачу Къаьмнийн Организаци а, интернета а, ур-аттал электросерло а йоцу зама хилла хилар. Цу заманахь Лермонтов Михаила дийцинарг оцу заманан хьелаш тидаме эцча ларам бан мегар долу хIума ду бохуш дуьйцу историн Iилманчо Абумуслимов Сайд-Хьасана.
Нохчийн поэташа гочъян йолийна Лермонтовн поэзи а, проза а 20-чу бIешаран 38-чу шарахь дуьйна. Уггара хьалхара Лермонтовн лирика гочйинарг ву нохчийн советан поэзи кхоллархойх цхьаъ волу Мамакаев Iаьрби. («Малик», «ГIалгIазакхийн аганан илли», «Лаьмнийн баххьаш», «Iо дика йойла, лийчийна йоцу Оьрсийчоь»). Царан зорба тоьхна хилла «Ленинан некъ» а, «Ленинхо» а газеташкахь.
Политикан тутмакхо нохчийн поэто, яздархочо Гадаев Мохьмад-Салахьа набахтин лазартнехь хIинц-хIинц ша ле бохуш Iуьллуш шен къанте Руслане яздинчу кехат тIехь хьахийна ду цо Лермонтовн "Мцыри" поэма гочйина хиларх лаьцна.
«Поэто дуккха а яздина Кавказах лаьцна. Цунна езаш хилла Кавказ. Ас хьехар до хьуна, веша Лермонтов», - бохуш яздо цо шен кехатан тIехь.
Лермонтовн байташ шуьйра гочйон нохчийн поэташ а, яздархоша а вайнах Сибрехара цIабирзича. Царна юкъахь ву Мамакаев Мохьмад а, Эдилов Хасмохьмад а, Сулейманов Ахьмад а, Саидов Билал а, кхиберш.
Кху заманахь Лермонтовн кхолларалла гочйинчерах ву поэт, яздархо Уциев Абу. Цо дуьйцу.
Лермотов Михаил дийна а волуш цуьнан байташна мукъамаш язбан буьйлабелла композиторш. Цхьана вай хIара программа йолалуш хазийтина долчу «ГIалгIазакхин аганан иллина» мукъам язбина 50 сов композиторо. Амма, дийцарехь, тахана и илли олуш уггаре а бевзаш болу мукъам бу ша Лермонтов Михаила баьккхинарг. Аганан илли цо яздина Нохчийчохь Червленная станицехь гIалгIазакхийн зудчо лоькху илли а хезна. ХIара программа ерзош иза дIаолу янонера эшаршлакхархочо Йуми Йос.