Лубянка "ягийна" Павленскийс

Суртдиллархо-протестхо Павленский Петр

Суртдиллархо Павленский Петр дика вевза Москох. Стохка ша гIоьмашца Кремлан кертах дIатесира цо, Оьрсийчохь массо а нах тутмакхаш бу бохучу маьIница. ХIинца, кIиранан буса, Лубянкерчу ФСБ-н коьртачу хIусаман неIарх цIе латош акци хIоттийра цо. Сихха баьхкинчу баьхкинчу полисхоша лецира иза.

Стенна "ягайо" ша Лубянкин неI, Павленский Петра иштта довзуьйту.

«Лубянкин йогу неI – иза терроран кхерам бу а бохуш, адамашна бала бохьучу Федералан Кхерамзаллин Урхаллана ен дуьхьало ю. ФСБ-но ша терроран кхерам латтабо 146 000 000 адамна тIехь. Кхерамо нах декъазчийн цхьана тобане берзайо. Ша дечу къамелашка ла мел ца дугIуьйтург, шен видеобIаьргах юьстах мел ваьлларг ФСБ-но хIаллакван а сахьт дац. Кхелаша дIалакъайо маршоне гIотту шовкъ. Амма терроризм ца яхало алссам адам кхоьруш доцчохь. И кхерам адамехь рефлекс а хилла латта беза. Ткъа дахаран мах а бу лаккхара – цуьнгахьа а деза къийса»