Магасехь вевзаш воцу стаг полисхошна тIелетта: ницкъахо лазийна, тIелеттарг вийна

Магас, ГIалгIайчоь

ГIалгIайчоьнан шахьарахь Магасехь вевзаш воцчу стага тIелатар дина сеталца, иза вийна. Цунах лаьцна хаамбира РЕНТ ТВ телеканало ницкъаллин структурашкара хьастана а, Mash Gor телегарм-каналана а тIетевжина. Официалехь информаци бакъйина йац.

РЕНТ ТВ канало зорбане даьккхина тӀелатар дина бохуш дуьйцучу стеган дакъа тIехь долу сурт, хаам бина, мел кӀезга а цхьа полисхо лазийна хила мега аьлла. Mash Gor телеграман хаамашца, иза ву чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан сержант Хакиев Мохьмад – цуьнан гех а, белшах а чевнаш йу, дахарна кхин цхьа а кхерам бац. ТIелеттачунна дуьхьал жоп луш герз диттина полисхочун накъоста, цуьнан цӀе йовзийтина йац – шина а ресурсо йаздо цунах лаьцна.

ТIетохар: тIелеттачех хаамаш тIечIагIбина "РИА Новости" гIирсо а. "Сеталца ГIалгIайчохь тIелатар динера цхьана стага Магас гIалина чувуллучохь, цхьана полисхочунна чевнаш йина, тIелеттарг вийна", - хаамбира пачхьалкхан агенталло.

Магасехь динчу тӀелатарх лаьцна информаци йацара ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан официалан ресурсашкахь, хIара хаам зорбане боккхучу хенахь а.

Тахана, 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь, ткъа шо кхечи террорхоша дӀалаьцна хиллачу Бесланера номер I йолчу школана штурм йина. Оьрсийчохь и де официалехь даздеш ду терроризмца къийсам латторехь солидаран де санна.

  • Марсхьокху-бутт чекхболуш ФСБ-но 6 стаг лаьцна ГӀалгӀайчоьнан Наьсара гӀалахь а, Кантышево йуьртахь а. Царна бехке дуьллуш ду Сунжа-гӀаларчу православин килсана тӀелатар дан кечам барна а, цӀе ца йоккхучу дуьненаюкъарчу террорхойн цхьаьнакхетараллахь дакъалацарна а.
  • Зазадокху-баттахь джиу-джитсун дуьненан чемпион Имагожев Сейд-Iумар лецира ГIалгIайчохь ницкъахоша. Цунах шеконаш йара, цо ДаIиш тобанхойн джихIадхошна гIоьналла латтийна аьлла. Ницкъахойн версица, Имагожевс гIо латтийна хилла гIалгIайн Карабулакехь зазадокху-беттан йуьххьехь вийначу Цуроев Зелимхана.
  • Зазадокху-бутт бовш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша тIом бира Карабулакера нах бехачу секторехь. Ницкъахоша йалх стаг вийра, царех кхоъ 2023-чу шарахь полисхошна тIелатар дина ву аьлла, лехамашкахь хиллера.