Махкахь адамийн бакъонаш хьешна меттигаш тергамза йитина Нохчийчуьра омбудсмено

Солтаев Мансур

2023-чу шарахь регионехь адамийн бакъонаш йохийна йац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура – билггал долчуьнца догIуш дац и. Хьаькамо хIора шарахь хIотточу рапортехь билгалдаьккхина нохчашца Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь лелийначу харцонех лаьцна. 171 агIонах лаьтта документ теллина Кавказ.Реалиин редакцино.

Дахначу шарахь 1615 вахархо вистхилла Солтаевга – иза кхузза алсам ду, шо хьалха хиллачьунца дуьстича. Оцу йукъана 30% гергга латкъам Соьлжа-ГIала кхаьчна кхечу регионашкара – къаьсттина дукха Москвара а, Москван кIоштара а, Дагестанера а, Ставрополан, Краснодаран мехкашкара а, иштта "ДНР" олучу махкара а. Цхьа арз бахьана долуш бакъонаш Iалашйан векал винчун аппарате бархI пачхьалкхера кхаьчна, шайлахь Германи, Норвеги, Авсри, Гвинея-Бисау а йолуш.

Оьрсийчоьнан регионашкара кхаьчна 125 дIахьедар хьакхалора Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIеман декъашхойн а, церан доьзалийн а бакъонаш хьешарца. Гергарчара доьхура Солтаевга шайн тIамтIехь байна, йа йийсарехь нисбеларш лохуш гIодар, амма нохчех бацара уьш а. Рапортехь билгалдаьккхина, кхечу регионашкара кхаьчна латкъамаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун "шеко йоцу авторитет" хиларца доьзна дара аьлла.

Тутмакхийн бакъонаш хьешарх лаьцна дара 231 деана кехат. Солтаевс билгалдоккхура, уьш а Нохчийчуьра дацара аьлла.

Масала Хабаровскан кIоштахь таIзар токхуш волчо дIахьединера, номер 13 йолчу колонин администрацино "Умма" арахоьцийлехь кечдина Кулиев Эльмира гочдина КъорIан схьадаьккхира шегара аьлла. Генарчу Малхбалера бусалбанийн урхалло "деша магийна дац" и, цундела Солтаевс таллам бинчул тIаьхьа Къоранан кхин гочдар делира тутмакхана. Азербайджанхойн гоьваьллачу оццу дин толлучун гочдар ца деллера набахтехь хан йоккхуш хиллачу Навальный Алексейга, ткъа Новороссийскера кхело "экстремистийн" лерира и – тIаьхьо сацам йухабаьккхира.

Нохчийн омбудсмене иштта латкъам кхаьчна Новочеркасскера а, Санкт-Петербургера а лоьрийн доьшийлашкара, Москвара долара компанигара, Балашихера гимназира а хьиджабаш лелорехь бакъонаш талхорах лаьцна. И доцург а, хаамбо ГIебарта-Балкхаройчуьра пачхьалкхан университетехь бусалба нахана тIедожийна ламаз дойтуш цахиларх латкъамаш дар. Солтаев Мансура дIахьедира, ша йукъагIоьртинчул тIаьхьа дов дIадирзира аьлла.

Бехк боцуш бехкзуламан гIуллакхаш даьхна шайна дуьхьал аьлла 40 арз кхаьчна. Масала далош дийцина къола дарна бехкевинчу, Украинера цхьана декъана оккупаци йинчу Херсонан кIоштара Нохчийчоьнан вахархочух лаьцна дийцар. Адвокато дIахьедира низамза иза лацарх, дIасавалар дихкина СИЗО-хь иза латтош хиларх. Солтаевга арз динчул тIаьхьа лаьцначуьра аравалийтина, цIера валар а дихкина витира иза.

Омбудсмено иштта дIахьедина, прокуроран кхерамаш тийсина аьлла бехкевинчу нохчийн адвокатан Идалов Тимуран гIуллакхан хьокъехь а ша дакъалацарх. Соьлжа-ГIалара нах йукъагIоьртича цунна дохку бехкаш хийцира мел а йайчу артиклехь, дIасавалар доьхкуш бина сацама а хийцира.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчо ца хьахийна шен рапортехь 2023-чу шеран аьхка журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а динчу тIелатарх. Ишта хьахоза дитина мехкан урхалхочун кIанта Кадыров Адама лаьцна хиллачу Журавель Никитина йеттарх политикан тумакхакхан Мусаева Заремин бакъонаш хьешар, хетарехь, йийна хила тарлучу Сулейманова Седех лаьцна а.

  • Йукъараллин палатин сайтера цуьнан биографица а догIуш, Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан администрацин куьйгалхочун гIоьнча хIоьттира иза 2008-чу шарахь. 2013-чу шарахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо хилира цунах, йукъараллина тIехь контроль латточу ЖКХ-н декъехь Регионалан центран куьйгалхо хIоттийра иза. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанехула бахархой кхиоран а, адамийн бакъонийн а кхеташона йукъа вахара иза, белхан тобанан урхалле а хIуттуш.
  • 2019-чу шарахь редакцица хиллачу къамелехь Солтаевс чIагIдора, 15 шо а ду ша адамийн бакъонаш Iалашйен бохуш, царех 13 шо – Йукъараллин палатехь.