Махкахь мостагIаллехь хилла 32 доьзалан барт бина аьлла дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо

ЧIирхой куьйгабахийта ГIалгIайчохь вовшахтоьхначу лерринчу комиссино дIахаийтина, мостагIалла, дов латтон кхин дIа лелон 32 доьзал дуьхьал хиларх. Шен телеграм-каналехь цунах лаьцна дийцина регионан куьйгалъочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Цо билгал ца даьккхина мича хеначохь бертабахийтина буьйцу доьзалш.

Царех йалх хилам чIир кхайкхорца боьзна бара, ткъа бисинарш – некъаца хиллачу бохамашкахь баларца, йа цхьацца кега-мерса бахьанашца девнаш дийлина бара. Оцу боллу доьзалийн барт бан аьтто хилла "Iеламчий а, Iедалхой а" бахьана долуш.

Нах маслаIате бахийтар дика жамI ду аьлла Калиматовс, амма комиссин болх кхин а тIе жигарабаккхар дехна.

Дахначу кIиранах Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира шен оппоненташна, чIир хьейеш ламаст хиларна тIе а тевжаш. ТIаьххьара шен ницкъахошца хиллачу цхьанакхетарехь тийсира цо кхерамаш, шена луьйш болу нах хIаллакбе, "уьш миччахь белахь а" аьлла, кхайкхам беш.

Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттаза кхерамаш тийсина Iедална резабоцчарна, чIир кхайкхор йу а бохуш. Оцу йукъанна Iедалхоша даим а кхайкхамаш бо бахархошка, чIир йекхар, кхайкхор дита бохуш. Кху кIиранах Нохчийчуьра пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дийцира, хаа а хууш стаг вийна, 18 шарахь йукъахь чIир лаьттина ши доьзал куьйге бахийтина шаьш аьлла. "Грозный-Информ" агенталло чIагIдора, динан Iелмачаш а, мостагIаллехь хиллачу шина агIонан къаной а бахьана долуш маслаIат дан таро хилира шайн.

Карладоккху, 2011-чу шарахь вовшахтоьхна йу Нохчийчохь чIирхошна йукъахь машар бан Iалашонца леррина комисси – оцу гIуллакхца Iоттабеллачу Нохчийчоьнан бахархоша дийцира Кавказ.Реалии сайте куьйге бертаза бохуьйтуш хиларх.