Меттигерчу бусулбанийн "Аманат" организаци декхарейина Ростоврчу кхело бакъо йоцуш Туркестанан урамерчу маьждиган дозана тIехь йина гIишло дIайохайе аьлла. Юьйцург ю, Украинерчу тIамехь байина Къилбаседа Кавказера бахархой дIабохкале лийчон чоь. Меттигерчу Iедалхошка бевлла маьждиган куьйгалхой, "компромисс карайе" аьлла.
Кавказ.Реалиига маьждиган имамо Алиханов Юсупа дийцарехь, дукха хан йоццуш маьждиг тодина, цуьнан дозана тIехь цунах къаьстина гIишло ю ламаз эца, белларш лийчон аьлла нисйина. Украинехь тIом балале маьждиго машен эцнера бусулбачийн декъий дIадохка гергарчаьрга дIакхачон - маьждигехь личадора уьш.
"Ритуалан компанеша декъий кечдийриг, дIадуьгург 70-100 эзар сом оьцура, оха транспортах даьлларг – 15-20 меттахIотторбен ца доьхура. Леррина операци йолайеллачул тIаьхьа (Оьрсийчоьнан Iедалша иштта олу Украинерчу тIамах-Билгалдаккхар.) наха сагIина деллачу ахчанах оха ши машен-рефрижатор эцнера. Ламаз оьцучу хIусамчохь оха дIадохка кечдора Украинехь белла Ростов кхачийна декъий. Нохчий, кхарачой, дагестанхой, башкираш гIезалой бара уьш. Цул тIаьхьа машенаш тIехь гергарчарна дIакхачдора оха церан декъий дIадохкийта", - дуьйцу Алихановс.
Маса дакъа шаьш хIинцале а дIахьажийна церан гергарчаьрга ала ца хIоьттира иза. Имама бахарехь, цхьацца деношкахь цхьа а велларг ца хьулу, цкъацкъа – ворхI нисло. Тахана маьждигехь лийчон везаш виъ ву элира цо.
"Юьхьанца дуьйна а тхан ледарло йара иза – ремонт йинчул тIаьхьа кехаташ лартIа ца далийнера оха, декъий лийчон гIишло низамашкахь йац, иза дIайохайе, важа кехаташ меттадаладе аьлла сацам бина. Оцу сацамна латкъамбан гIоьртира тхо, Лакхарчу кхеле а кхаьчна, амма кхеташо цигахь хIинца а хIоттийна йац", - кхетийра Алихановс.
ГIишло дIайохайе аьлла бина сацам, Ростоврчу Кировскан кIоштан кхелан сайтехь бу – маьждигна дуьхьал иск йаьккхинарг ю гIалин архитектурин департамент.
Хьалхо регионалан Iедалхошка кхайкхамбинера Алихановс, хаттар цхьалхадоккхуш гIодар доьхуш. Имама бахарехь, маьждиган урхаллина лаьара йа и гIишло йитийта, йа керла хIусам йан гIалахь дакъа далийта нах лийчон.
Ростовн а, Ростовн кIоштан а Iедалхоша цхьана а агIор комментарий ца йо хьолах лаьцна. Регионан муфтийс Бикмаев Мухьаммада элира Кавказ.Реалиига, Туркестанкан урамерчу маьждигах лаьцна хеттарш шеца догIуш дац. Оцу юкъанна хIинцале а вистхилла Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Хамзаев Султан. Шен телеграм-каналехь цо бехкбиллина цIарах ца буьйцучу хьаькамашна оьздангалла цахиларна, дIахьедина кхелан сацам юхаэцийта гIуртур ву ша аьлла.
- Карарчу хенахь Ростовхь болхбеш кхин а цхьа маьждиг ду, хьалхо гIалин Iедалшца кхелехь къийсира цара эскархойн декъа тIерачу маьждиг лаьттина гIишло. ХIетахь шайн претензеш дIахьейира тIеман министралло а, Назаретов Киман цIарахчу исбаьхьаллин берийн школано а.
- 2022-чу шеран лахьан-баттахь Пачхьалкхан экспертизо къобалйира долуш долу маьждиг шозза шордан а, керла момсар йан а проект. Реконструкци йийр йолуш ю наха сагIина деллачу ахчанах, цул тIаьхьа маьждига тарлур ву кхо эзар гергга стаг.