Маьждиг дарна дуьхьалбовлар, Кадыровн цамгар, Нохчийчуьра къайлах набахте

Кадыров Рамзан

Дайначу кIирнах Нохчийчоьнца боьзна коьртачу хиламех лаьцна

ГIалгIайчохь полисхошна дина тIелатараш, Москвахь дан леринчу маьждигна дуьхьалонаш йар, цу хиламна Кавказан реакци, бюджетан белхахошка Кадыров хеставе бахар, Соьлжа-гIалахь керла къайлах набахти карор, Нохчийчоьнан куьйгалхочун галайаьлла хилла тарло могушалла а - цу дерригенах Маршо-Радион пхоьалг1ачу подкастехь. И д1ахьо ас - Эрсно Казбека. Салам-маршалла ду шуьга!

Your browser doesn’t support HTML5

Бюджетникашна Кадыров хеставе бахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #5

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла галйаьлла хилла тарло

Оханан-беттан 2-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тренировка йеш йаьккхина видео йаржийна - журналисташа цуьнан могушалла ледара йу аьллачул тIаьхьа гучуйелира и ролик. Дагадоуьйту вай, масех шо а ду Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дарба ца хуьлучу луьрачу цамгаро хьийзаво. Цу цамгаро цуьнан йерриге могушалла галйаккха тарло, стохкалерчу мангалан-баттахь дуьйна схьа хьал гуттар чолхе дирзина, бохуш дуьйцу "Новая газето", шен хьостанийн хаамашна тIе а тевжаш. Газето дийцарехь, Кадыровна йолу цамгар йукъ-кара лазаме мур богIуш, схьайогIу. Ткъа цо халла садеIар цуьнан пехаш дика цахиларан билгало йу. Зазадоккху-баттахь немцойн Bild-таблоидо - Закаевн къамелана тIе а тевжаш, Кадыровн жаннаш дика долчух тера дац, аьлла, дийцира. Абу-Дабера нефролог Соьлжа-гIала вар а Кадыровн могушалла галйаларца доьзна хийтира сайтана.

Цу йоцачу видео тIехь Кадыровс шен цомгуш хила йиш йац боху. Цунах терра шен цIерачу тренажеран залчохь йаьккхина кхин цхьа видео Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо де хьалха шен официалехь йоцчу инстаграме йиллира. Хьалхо Кадыровс сих-сиха шен тренировкех хаамаш бора. Амма цу хьокъехь тIаьххьара йина видео дIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь дIахIоттийна йу.

Цуьнан могушалла дикка талхаран тоьшаллаш ду, цо шен бераш зорбанан гIирсашкахь гIарадахар, аьлла хета "Новая газета"-гIирсана. Дуьйцуш дерг цуьнан бераш Украинерчу "ДНР"-е дахар, цуьнан воккхах волчу кIентан Кадыров Ахьмадан Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетар, кхечу республикашрачу хьаькмашца кIентан хилла цхьанакхетарш ду. Делахь а, Кадыров боккъал а цомгуш хиларан цхьа а тоьшалла цкъачунна доцуш ду.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн могушалла хийцайалар  бакъ деш, тIечIагIдо "Новая газетан" хьостанаша

ГIалгIайчохь полисхошна дина тIелатараш

Оханан-беттан пхоьалгIачохь суьйранна ГIалгIайчуьра Малгобек-кIоштарчу Зязиков-йуьртахь герз кхийссарш хилла. Кхо полисхо вийна, кхин а бархI чевнаш йеш, лазийна. И хаам бира оьрсийн Iедалан ТАСС а, РИА "Новости" а агенталлаша. ГIалгIайчоьнца доьзна кху тIаьхьарчу шина кIиранчохь кхоалгIа тIелатар а ду иза.

Зязиков-йуьртахь полисхошна бинчу шина тIелатаман декъахой совцон буьйлира ницкъахой. Цхьаъ ткъе ворхIолгIачохь сарахь ХIирийчоьнца долчу дозанехь, важа оханан-беттан кхоалгIачохь Малгобекехь, - бохуш дийцира ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н урхаллин пресс-центрехь. Цара дийцарехь, бехке хила тарлочара шаьш совцон тIаьхьабевллачарна герз диттира. Ницкъахошца йоьзна йолчу "Розыск-Ингушетия" телеграм-канало бахарехь, цу кхийссаршкахь кхелхинарш меттигерчу декъан полисхо а, командировке ваийтина ши белхало а ву.

Дагадоуьйту вай, Зазадоккху-беттан 27-хь сарахь цабевзачара ГIалгIайчоьнна, Къилбаседа ХIирийчоьнна йуккъехь полисхойн постана герз диттира. Ши полисхо, чевнаш йеш, лазийра. Оханан-беттан 3-хь ГIалгIайчоьнан Малгобек-кIоштахь цабевзарш полицин белхалошна тIелетира. Царех цхьанна чевнаш йина, уьш къайлабевлира - кIоштахь дIахьош террорна дуьхьал ражан операци йу. Цкъачунна тIелеттачех лаьцна керла хаамаш боцуш бу. The Magas Times-сайто, цхьана а хьостанна тIетевжина йоцуш, лохуш болчарех кхоъ вийна, цхьаъ дIалаьцна, элира. Амма Iедалхойн "Ингушетия" газето, ницкъахойн хьостанерчу хаамашца виъ тIелатар динарг къайлаваьлла лоруш ву. Лохуш дIакхайкхийна йалх стаг ву, церан суьрташ ницкъахойн белхан телеграм-каналашкахь даржош ду. Царех цхьаъ Эльдиев Рамазан зазадоккху-беттан 29-хь велла схьакарийра Карабулакехь. "Интерфакс"-агенталлин хаамашца ДПС- постехь хиллачу тIелатамехь хиллачу чевнех иза вала йиш йац.

Оханан-беттан 5-хь ГIалгIайчуьра Малгобек-кIоштарчу Аки-йуьртахь дакъа карийна. Карийнарг 25 - шо долуш хилла Коттоев Мовсар хила тарло. Дийцарехь, цуьнан четахь граната иккхина. ТIаьхо гучадаьллачу суьрта тIехь гуш ду цуьнан гайн, хенийн Iарждаллалц дагийна чкъор. Уллорчу пенаха дIагIортийна лаьтташ автомат йу, цIаьнкъахь - карахь лелон граната а, патармаш чохь латтон г1утакх а ду. Коттоев Мовсар ницкъахоша лехамашка чулуш даржийначу суьрта тIехь хилла духар а ду кхелхинчунна тIехь. Коттоев хьалхо ницкъахоша лаца а лаьцна, йуха дIатесна лаьттачу цIачохь эккхийтинчух тера ду, элира оппозицехь волчу блогеро Белокиев Ислама.

Белокиев: "Зулам хиллачу меттигехь, Коттоев Мовсар вийначохь даьхначу суьрташка шу хьовсахь, вайна гуш ду, чож йолччахь иза лазийна хилар. И бохург хIун ду, оцу зуламхоша дийна лаьцна иза, цул тIаьхьа Iазапехь валлийна, шайн сийдоцчу кхетамехь цунна тIехь сийсазалла лелон гIоьртина. Схьагарехь, цуьнан хечи чу граната кхоьсина цара. Иза иккхина, цундела и агIо бен цуьнан лазийна йац. Цхьа а геригаш йац, автомата тIетовжийначух тера ду цара иза, хIунда аьлча, цигахь боьха хилла, иза бехван ца лиъна оцу зуламхочунна, йа цхьа кхи хIума ду цигахь. Цуьнгахь герз дара аьлла, сурт хIоттон дина хIума ду и".

КХИН А ХЬАЖА: ГIалгIайчохь бевзаш боцчу наха юха а герзаш диттина полицин белхахошна

Москвахь дан леринчу маьждигна дуьхьалонаш йо

Кхин цхьа йоккха резонанс йина хилам - Москва-гIалан йисттехь маьждиг дан лерийначарна дуьхьало йар. Цхьа бутт гергга хан йу и гуламаш дIабуьйлабелла. Оханан-беттан йуьххьехь арабевллачарех дIакхийтира православин жигархой, националистийн боламийн декъахой а. Дуьхьало йан гулбеллачара и маьждиг "православина йезачу меттехь" деш ду боху - "Безачу Iомана" уллохь. Резабоцучеран петицина масех эзар адамо куьйгаш йаздина. Гуламашкахь Кавказера къаьмнаш йемалдеш, къамелаш дира. Дан леринчу маьждиган проектана "низамца боцчу мигрантийн динан центр" аьлла цIе а туьллуш.

Хиллачунна дукха сиха реакци Кадыров Рамзана йира. Дуьхьало йечарах питаначаш элира цо, амма хиламна бехке Малхбузехьара пачхьалкхаш йира. Хьаькамо и маьждиг хьаладарна дуьхьал берш "йа тIаме хьовсон беза, йа жоьпе озон беза" бехира.

Цу маьждигна дуьхьал болчарех цхьаъ вара ММА-н латархо Дивнич Максим. ТIаьхьо социал-машанашкахь хьийзош ву ша аьлла хаам битира цо. Цунна критика йинарш Дагестанера блогер Магомедов Хасбулла (Хасбик а олу цунах),

UFC-н чемпион Махачев Ислам, ММА-н латархо Исмаилов Мохьмад а, кхин а цхьа могIа спортхой бара. Шаьш тIамера схьалуьйш ду аьлла, кхерамаш тийссарца, герзаца кхи цхьа ши тоба а йистхилира. Хьалхарчу видео тIехь эскархоша маьждигна дуьхьал болучарна кхерамаш тийсира, шолгIачу видеохь берш и маьждиг цигахь хьаладан бакъо йеллачу хьаькамашна луьйш бара.

Оханан-беттан 5-хь Собянина билгалдаьккхира, маьждиг хьаладан Iалашо "хьалххе йийцарейина" хиларх, цу хьокъехь сацам бина баьлла бацара бохуш. 40 эзар квадратан метр барам болуш доккха маьждиг дан лаам хиларх информаци "бахара-элира" бен дац, аьлла дитира - цо дийцарехь, дан лерийнарг "вуно жима" маьждиг ду, иза хьаладайта шаьш "Косино" метрона генадоццуш латта лур ду. И сацам "чIогIа дика" бу элира Кадыров Рамзана.

Your browser doesn’t support HTML5

Москвара бахархой маьждиг дарна дуьхьал бу

Кадыровн йоIана санкцеш тохар

Украинин президенто Зеленский Владимира шен рогIера санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик. Керлачу санкцеша ца магадо цунна Украинехь активаш латтон а, цхьа а тайпа йохка-эцаран белхаш бан а, цу пачхьалкхехула лела а.

Киевна хетарехь, санкцийн тептарера нах юкъара бу Оьрсийчоьнан т1еман агрессина.

Цу хаамна дукха сиха реакци йира Кадыровн гоно. Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан ц1арах депутат волчу Делимханов Адама Украинин президент сийсазвеш, цунах "сатанист" олуш, пост йазйира, "шена кхерам стенгара бу хаьа" Зеленскийна, аьлла, "сацам" бира зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен йоIана йина санкцеш "чагIалкхан" санкцеш йу элира.

Кадырова Табариках хууш дерг кIезга ду. 2021-чу шарахь школа чекх ма йаьккхинехь марейахна и. Кху шеран зазадоккху-беттан 1-хь Табарик "Ирс Групп" компани йиллинраг ю элира. Цуьнан даржашлахь йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу - ресторан тIера дIайолайелла гIишлош лелорна тIекхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале цо масех фирма схьайиллира, царех цхьаъ "Соьлжа ГIалара такси"

КХИН А ХЬАЖА: Зеленский а, Кадыров а: ХIунда кхоьру Кадыров Украино шен йоIана хIиттийначу санкцех

Бюджетан белхахошна Кадыров хестор тIедожийна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъост, республикан зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада бюджетникашка интернетехь болу болх жигара баккха, цу кеппара "экстремизман идеологина дуьхьало латтор йу вай", аьлла. Шен министраллерчу коллегашца цхьаьнакхетар дIадаьхьира цо, Гуьмсехь тIемалойх ву боху шиъ вийначул тIаьхьа.

Дудаевс дийцарехь, Кадыровн ражна хьашт йоцчу "идеологешца" къийсам латторехь социал-машанашкахь "Кадыров Ахьмадан некъах" комментареш йитарца болх бан беза. Студенташца а, дешархошца а и болх бар а ладаме лерира цо. "Кегийрхойн леларшкахь экстремистийн хьежамаш цахилийтархьама". Муьлхачу кепехь хир бу и болх, хууш дац. Республикерчу министраллашкахь а, урхаллашкахь а хьалха а йазйойтура и комментареш ишта, амма Iедалхоша шуна нуьцкъах тIе ца дуьллу и, элира Дудаевс.

Дудаев Ахьмад: "ХIора организацино шайн ма-хуьллу къахьега деза. ГIишлошйархо вуй, цо интернетехь цхьацца хаамаш гучубовлахь, царна жоьпаш йаздан деза. Иза лор, хьехархо велахь а, хIора стага а, журналисто а, каратисто а, бен вац, реакци йан йеза".

Нохчийчуьра Iедалхоша бюджетан белхалошка и тайпа белхаш бертаза бойту дикка хан йу. ДIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь цаьрга аьлла дара, республикан куьйгалхочун инстаграмерчу, телеграмерчу посташкахь комментареш йазйар "жигара даккха" аьлла - дерриге йозанаш куьйгалхочунна резадолуш хила дезара. И тайпа омра бюджетникашна Кадыровца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа делира. Социал-машанашкара шена резаболчийн жигаралла лахделла цо аларца.

КХИН А ХЬАЖА: Коьрта йешархо Кремлехь ву. "Ахьмадан некъ" хестош социал-машанашкахь бюджетникашка бертаза йозанаш дойту

Соьлжа-гIалахь керла къайлах набахти карор

Соьлжа-гIалахь кхин цхьа къайлах набахти карийна. Цигахь сецош а, хьийзош а нах буйла хиъна. Оппозицерчу 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, иза транспортан ОМОН-ан гIишлочохь йу. Цу ОМОН-ан куьйгалхо Хизриев Адам ву.

Оппозицерчу жигархоша дийцарехь, дIалийцина нах йеххачу хеначохь КПП-хь голаш тIехь латтабо. Цигахь ша къаьстина цхьа чоь а йу: цу чохь, боламхоша дийцарехь, нахе хеттарш до, ток йетта, кхиндолу таIзараш до.

Цу набахтехь латтийначу 65 адамах хаарш ду шайгахь боху 1ADAT-о - царех цхьаболчеран суьрташ а ду видеочохь. Гуш ду, царна йиттинийла.

ДIалаьцна хьийзинчеран цIераш а йара йохуш: 19 шо долу Цыкмаев Ахьмад, 28 шо долу Ахаев Ислам, йижарий МагомадовгIар Раиса(61шо), Лиза (63шо). ОМОН-н цхьахволчу белхахочуьнга телефон тоьхнера боламан жигархоша, шайна хетарехь, МагамадовгIарна т1ехь Iазапаш хьегийтина ву аьлла хеташ, цо ша оцу гIело йеш дакъалаьцна ву аьлла, даредира, "царна таIзар ца дича ца довлура тхо" аьлла.

Цу меттехь къайлах набахти хиларх хаамаш хьалха цхьамма а бина бацара. Амма 2022-чу шарахь зазадоккху-беттан 30-хь хиира, буьйранча Хизриев Адам сепаратистийн Луганскан республикехь вуйла, бахархойн эвакуаци йеш хиллий а. 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, зазадоккху-беттан 7-хь Хизриев Нохчийчохь хилла, Энганой йуьртара 35 шо долу Сайдалиев Якъуб лачкъорна куьйгалла деш а. Сайдалиев, каналан авторша дийцарехь, доккхачу Iазапах чекхваьккхина.

Умарпашаев Ислам лачкъорна бехке лоруш а ву Хизриев. Кадыровна оппозицехь йолчу телеграм-каналаша бахарехь, доьзалхочух хилла Хамидова Биназира йерца а, цуьнан цIийнда Ислам а, марваша Исаханов ИбрахIим а дIабахарца воьзна ву. Иштта, Сайдахмадов Асланбек, Ахмадов Асхьаб лачкъорца а, верца а.

2019-чу шарахь "Новая газето", бакъоларйаран центро "Мемориало","Iазапашна дуьхьал комитето","Бакъонийн инициатива" тобано а дийцира нохчийн къайлах набахтехь латтийначу Iазапан тоьшаллех. И набахти Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу ППСП №2 полкан гIишлочохь йу. Тéшийн дийцарна тIе а тевжаш, цара дийцира, цу чохь таIзарш дина, вийначу 27 стагах. Иза 2017-чу шеран дечкен-баттахь хилла ду.

Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь болчу 1ADAT-боламо Росгвардин "Ахмат" СОБР-ан къайлахчу набахтех шаьш бина таллам бовзийтира. Жигархоша дийцарехь, цигахь сецош а, Iазапе лаьцна а республикан бахархой бу.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн жигархошна Соьлжа-гIалахь кхин цхьа къайлах набахти карийна

Цу тIехь со дийцина вели. Аша ладуьйгIира Маршо-Радион подкасте. Иза дIайаьхьнарг вара со - Эрсно Казбек. Кху видеона лайк йилла - тIаккха цуьнга кхечара а ладугIур ду.

ЛадогIа, хьовса тхан подкасташка тайп-тайпанчу платформашкахь: