Делах тешачийн дог-ойла сийсазйина аьллачу арктиклехь бехктакхаман гIуллакх долийна маьждигна хьалха КъорIан дагорна тIехула. Ницкъахоша дIахаийтина шеконашца меттигера вахархо Журавель Никита лаьцна – Украинан кхерамзаллин урхаллина ша болх беш вара аьлла, даредина цо боху.
19 шо долу Журавель Украинехь вина ву, цул тIаьхъьа Волгограде дIавахна иза, цигахь йуург дIасакхоьхьуш болх бира цо, йаздо VI.ru ресурсо. Талламан версица, стигалкъекъа-беттан 19-чохь СБУ-н тIедилларца КъорIан дагийра цо, и гIуллакх дийриг итт эзар сом лур ду аьлла хиллера цунна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедина, лаьцначо хIинцале а даредеш дIахьедина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойх видеош йохуш вара ша аьлла. Журавелян мукIарло доцург, дуьйцург хIун ду а, стенна тIехь гIуллакх долийна а, хууш дац.
Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна кхаа шаре гергга хан кхачайо цунна. Украинана болх беш хиларна тIехула гIуллакх долор ду йа дац, цкъачунна хууш дац. Оцу йоццачу хеначохь ницкъахошна бехкехетарг муха карийна а, дуьйцуш дац.
Кху деношкахь, Волгоградан кIоштара бусулбачийн Коьртачу Динан урхаллин муфтийс Кифах Бата Мухьаммада журналисташка дIахьедира, украинхойн тIемалойн йа кхечу пачхьалкхашкара тIемалойн "питанца" доьзна ду иза аьлла
Карладаккхар: Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийна Волгоградан кIоштахь КъорIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Цуьнан бахьана ду "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш лара" бохуш, ден дехарш.
- Москван Косино-Ухтинскан кIоштарчу Белое олучу Iомана уллохь КъурIан дагош видео арайаьллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах Украинера питана элира. Оцу гIуллакхца воьзна шеконаш йерг вуй, хIинца а хууш дац
- Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Шога курс") партин хьалханча а, "ультра-правый" политикхо а волчу Расмус Полудана кхузза КъорIан дагийра. Иза дагош гойтучу видео тIехь политико элира, бусулбанашна йезаш йолу книга ша "йагоран бехк Нохчийчоьнан хьалханчан" а, Швецехь вехачу UFC -латархочун Чимаев Хьамзатан а бу. Полудана дуьххьара КъорIан дагийча, Чимаевс иза террорхо ву, аьллера
- Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Иштта "евроичкерихойн" критикашна дуьхьала а. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.