Маларца а, наркотикашца а керлачу ницкъаца къийсам болийна Нохчийчохь

Спайс олу наркотик.

КIира сов хан ю Нохчийчохь малар духку туьканаш къевлина. ХIинццалца Iедало магош а долуш, цуьнгара кехаташ а долуш болх беш ерш а дIакъевлина. Хьалхабевлла молланаш а болуш, тIьахьахIиттина низамхой а, Iедалхой а болуш, рейдаш йина цара оцу меттигашкахула.

Your browser doesn’t support HTML5

Маларца а, наркотикашца а керлачу ницкъаца къийсам болийна Нохчийчохь

ДIа а кхайкхийра, малар духкучуьн тезете шаьш гIур а дац, уьш кхечеран тезеташка буьтур а бац аьлла. И ша мел долу хIума телехьожийлашкахь а гайтира. Къаьсттина шишанаш лаьттах детташ, кегдеш.

Туьканаш дIакъевлина елахь а, бIаьрга сара кхетча санна лелаш бац маларчаш а, къаьркъанан кедаш а. Малар духку масех меттиг йисна дIа ца къовлуш: Оьрсийн эскархойн "Ханкала" олу базана уллерчу «Лента» супермаркетехь а, Соьлжа-ГIалара цхьана туьканахь а.

Мел йолу туька дIакъовлахь а, молучу нахана и дIовш карор ду, аьлла хета меттигерчу вахархочунна Абдурахманов Аликана. Вай муьлхачу низамашца дехаш ду, хатта лаьара шена, элира цо.

Абдурахманов: «Кхуза богIуш дуккха а хьеший ма бу. Вай схьадуьйла богIуш чукхойкхуш ма ду цаьрга. Цхьана агIор, иза хIинца дIахьочу политикаца цхьаьнадогIуш дац. Ткъа, маларчан иза миччахь карор ду».

Цхьа а бакъо а йоцуш малар духкуш меттигаш а гучуяьхна йинчу рейдаша. Церан долахошна даккхий гIуданаш тухур ду. ТIаккха, туризм яржочу, аьлча а, яьржо луучу махкахь иштта буьрса дехкарш дар нийса ду аьлла ца хета Абдурахманов Аликана.

Абдурахманов: «Молуш верг, ахь мел дихкича а соцура вац. Иза цунна мала миччахьа карора ду. Вайна дагадогIу-кх Ичкери йолчу хенахь а карадора малар. ХIинца ца хаьа, вайн хIун Iедал ду кхузахь: ШарIа ду, я Оьрсийоьнан низамаш ду».

Наркотикашца къийсам даиман дIахьош бу Нохчийчохь. Цкъа а толам баккхалуш а бац. Малар дихкинчул тIаьхьа, дуккха а нах «тIехевшира» молханашна. Царах мелча хьожа а ца йоху, амма уьш коьрте долий лела. Машенашца а, герз карахь хилча а, стаг къаьсташ ца хуьлу цхьаъ дина вуйла.

Наркотикаш юхкучарца тIом луьра буйла а, кхин а чIагIбийр буйла а дIахоуьйтуш цхьа видео гIараяьккхина кху деношкахь социалан машанехь. Ах минот сов йолчу оцу видеокийсаган тIехь цIийх юзина юьхь йолу цхьа стаг ву. Цунна гонахь болчара, юьхь-сибаташ ца гучу наха, цунна тIе мийра а бетташ, цуьнга дош долуьйту ша кхин наркотикаш юхкур яц, аьлла.

И видео юкъараллехь цхьаболчара тIе ца оьцу. ХIунда аьлча, иза бехке велахь, низамо ма-бохху, хан а кхайкхийна, чуволла веза, цунах гайтар а ца деш, аьлла хета царна.

Кхета иза кхиберш кхерорхьама лелош дуйла, амма цу тайпа ницкъ бар нохчашкахь цхьанна а агIора догIуш хIума ду аьлла ца хета Гуьмса кIоштера Магомадов Ахьмадна.

Магомадов: «Наркотикаш юхкурш вайн цIахь хьалха а хилла, кхул тIаьхьа а хира бу. Iедал мухха а хилча а, уьш болуш бу. Царех лардала деза. Царна етташ, царна ницкъ беш хилар, суна ца тов, бакъдерг дийцича. Шаьш кхел яр ду иза.

Схьа а лаций, цунна хан тохийша. Стенна етташ ю цунна? Йиттина а ца Iаш, етташ видео, Ютюб чу а кхуссий, дIагойту дерриге дуьненна. ТIаккха вукхара олу, хьовсийша, нохчий баккъала а акха нах хилла, олий».

Наркоманица а, маларчашца а къийсам, шо шаре мел долу, чIагIлуш бу Нохчийчохь. Иза магош ду, схьагарехь, Москохахь а. Ерриге Оьрсийчоьнна а масалле юьллуш ю республика, мелла нах бац, наркотикаш яц, бохуш.Ткъа цу тайпа жамIаш муха хуьлуш ду дуьйцуш а дац.