РогIера "мостагI" Мали-махкахь карийна

Мали - Бамако-шахьарарчу базарахь яьллачу цIаре а хьоьжуш, дIасалела меттигера бахархой, 12Деч2013

Масех де хьалха Африкерчу бусулба Мали-пачхьалкхе тIеман интервенци д1айолийна Малхбузенан пачхьалкхаша. Цу махкахь исламхойн тобанашца тΙом болийначу Францин куьйгалло хΙинца сагатдо, шен махка тΙехь радикалан бусулбачара теракташ ян-м йолор яц теша, бохуш.


Францин президенто Олланд Франсуа омра делла, пачхьалкхехь кхерамазалла лакхаяккха, аьлла. Коьртачу декъехь, ларъян тIедожийнарш ю яккхийчу Францийн гIаланийн яккъашкара майданаш а, туристаш лела меттигаш а, дуккхаъчу гIаттанех лаьтта гIишлош а, ткъа иштта хIаваан а, цIерпоштан а некъаш.

Президентна хетарехь, там бу цу меттигашна радикалан бусулбачара тIелетарш дан, Францерчу эскархоша Мали-пачхьалкхехь тIеман операци дIахьош хиларна бекхам бархьама.

Цуьнца цхьана Франсуа Олланда чIагIдо, шен куьйгакIеларчу эскархоша Малихь бен тIом дуьненаюкъарчу бакъонца богIуш а бу, Малин президентца Дионкунда Траореца бертахь дIахьош а бу, бохуш.

Олландан кабинетерчу тIеман министра Жан-Ив Ле Дриана а дира цу хьокъехь зевне дIахьедарш. „Вай цу террористийн хIу дайъа деза, Малин а, вайн пачхьалкхан а, Европан а кхерамазаллина зен деш болчу“, - элира цо.

Бакъду, тергамхоша хетарехь Европана эзарнаш чакхармаш геналлехь Iуьллуш йолчу Малирачу исламхоша я Францина а, кхечу Малхбузерчу пачхьалкхашна а кхуллуш цхьа а кхерам бацара, ткъа Европерчу политикан куьйгалло цу махкахь интервенци йолоран бакъдолу бахьанаш, хIинцалц схьа кхечу цу кепарчу интервенцешкахь ма-хиллара, цигахь вуно тароне лаьттабухара сурсаташ хилар ду, шайна юккъехь деши а, кхидолу мехала металлаш а долуш.

Амма иза хилла а ца Iа. Масех шо хьалха Мали-пачхьалкхахь Францерчу талламхошна гучудаьллера, цу махкахь, хIинцалца схьа дуйла а цу хууш, хьулделла лаьтташ инзаре дукха мехкадаьтта хилар. Цу мехкадаьттан барам, цхьаццадолчу хьостанашца, Африкехь уггаре дукха мехкадаьтта долуш ларалучу Либин лаьттабухахьчул, мел кIезга а, ворхIаза алсам ду.

Дукхахболчу бозуш боцучу тергамхошна хетарехь, и тайпа „Iаьржачу дешин“ шорталла Малин лаьттабухахь гучуялар а, Малхбузенерчу пачхьалкхашкара яккхийчу концернаша а, политикан дайша а цу мехкадаьттана тIе бIаьрг биллина хилар а ду цу махкахь тIаьхьарчу шерашкахь политикан хьал кегаделла, севсина латтаран бахьана.

Иштта, масала, шо хьалха Малин Неврехь шаьш йозуш йоцу пачхьалкх кхолла дохку, аьлла, динчу дIахьедарца гIаттам айбира туарегаш олучу меттигерачу цхьана бедуинийн тайпано. И къам дуккхаъ шерашкахь юкъ-кара шайн долахь автономи езаш, аьзнаш ийдеш хиллехь а, амма тIаьхьарчу масех шарахь, дагахь а доцуш, хазанеха санна дукха герзанаш а, ахчанан таронаш а, гIаттамхойн яккхий тобанаш а IаьIнера цигахь.

Царна тIетайнера цкъа хьалха цигахь йолу исламхойн тобанаш а, амма туарегаш шайн, Азавад цIе а тиллина, пачхьалкх дIакхайкхинчул тIаьхьа - ширачу бусулба Тимбукту-гIалахь коьрта тушпхьа а йолуш - исламхойн цаьрца барт ийгIира.

Цул тIаьхьа «Ансар ад Дин» цIе йолчу исламхойн тобанаша тIемашца туарегаш а юхатуьйхира, Тимбукту цаьргара схьа а йоккхуш, цу кIошташкахь пачхьалкхан эскархой а эшийра. Иза даханчу шеран аьхка хилира. ХIетахь дуьйна юкъ-кара тIеман тийсадаларш а хуьлуш, лаьтташ дара цу махкара хьал. Аналисташа, хIинций-хIинций Малхбузе цу девна юкъагIуртур ю, бохуш, шайхаллаш а деш.

Бакъду, и тайпана хьена тIокал йолчу меттехь иштта кегаме хьал хилча, Малхбузе юьстах юьссур йоцийла хаа кхин башха доккха шайхалла а ца оьшура.

Цхьана тамашеначу бозбунчаллица санна, нагахь санна цхьана махкахь алсамо мехкадаьтта я кхидолу мехала сурсаташ гучудовлахь, я мичара евлла а ца хууш „радикалан исламхойн“ тобанаш гучуйовлу цигахь, я иттанаш шерашкахь Малхбузенна товш хилла болу диктаторш цIеххьана кхин ца мегарш хуьлу.

Иштта дара Иракъехь а, ОвхIанистанехь а, Либехь а, хIинца карарчу хенахь Шемахь а.

Ткъа Малирачу радикалан исламхойх аьлча, уьш бан а бу Малхбузенна лоьхуш карийча санна. Я цхьаммо цхьана Iалашонца сихха вовшах а тоьхна, арабаьхча санна. Шаьш даханчу аьхка Тимбукту схьайоккхушехь, уьш ца гIоьртира тIемаша гIелбинчу махкахь экономика юхаметтахIоттон я зуламашца къийса. Цара цуьнан меттана доллучу дуьнентIехь зевне йилбаз-мох карон болу некъ хаьржира - уггаре а хьалха Тимбуктухь дIакхайкхинарг а, кхочушдинарг а дара цигара 6-7 бIе шо долу шира хIолламаш а, маьждигаш а, мавзолейш а йохор – Iесачу нехан хIуманаш ду цу чохь лелош дерш, аьлла.

Ткъа и хIолламаш, мелхо а, бусулба дин Африкехь даржош хиллачу заманан ларш яра. Масех бIе шо хьалха Африкехь уггаре а кхиинчех гIала яра хIетахь бусулбачеран олаллехь хилла йолу Тимбукту. Цигахь яра бусулбанийн уггаре а ширачарех университет а, Iаламат тамашена исбаьхьаллин хазнаш а, баккхий дуьненан бахамаш а.

Амма царех вайн заманахь бухадисина дукха хIума дац. Саьхьара лелачу радикалан исламхойн а, цу махках цкъа хьалха шен колони а йина, иза бацийначу, ткъа хIинца юха а тIамца цига юхайирзинчу Францин а, чангIалкхаш санна, Малин лаьттан таронех каеттачу Малхбузенан концернийн а гIоьнца хилла хилларг..