"Маре яханий, цигахь яла а ле". Кавказехь цIийндайша-Iазапхоша зударий бале лацарх

Гайтаман сурт

Шегара дIаяха гIоьртина зуда йен гIоьртинера ГIалгIайчуьра вахархо, - уьрсаца йинчу дуккхаъчу чевнашца чолхе хьал долу нах латточу дарбанан цIийне охьайиллира иза. Цунна тIеллетта хилла 27 шо долу жимстаг лецира, "Стаг вен гIортар" аьллачу Iедалан къепехь бехктакхаман гIуллакх даьккхина цунна дуьхьал.

Оцу кепара меттигаш Къилбаседа Кавказан мехкашкахь – наггахь хуьлург дац, дагадоуьйту бакъонашларъярхоша. Хуьлуш ма-хиллара, доьзалехь ницкъ ловш болу зударшна, дукха хьолахь, шаьш балехь латточу хIусамдайшкара дIабаха гIертачу, кхерам лаьтта шаьш дайъарна йа – заьIапхо дарна. Бакъду, цIийндех дIакъаста аьтто хиллехь а, хиллачу хIусамдегара кхин дIа цунна кхерам хир бац олийла дац.

"Дикачу гIуллакхийн клуб" ("Клуб добрых дел") фондан куьйгалхо Матиева Ната маре яхара 2019-чу шарахь Тимурзиев Къурейше, йоI хилира церан. 2022-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь дIасакъаста сацамбира цара – Матиевас, саццанза шена майрчо туьйсучу кхерамашна тIетевжина, дийхира катоххий ша цунах дIакъастайе аьлла. Делахь а, имамо кхо бутт хан хIоттийра, шайн сацаман кхоччуш ойла ян церан хан хилийта.

"Фортанге" бале хьегначун йишас Матиева Оксанас дийцарехь, Тимурзиев Къурейш болх беш вацара, наггахь офисе ца йохуьйтура зуда, цул тIаьхьа психотропан молханаш мийла волавелира иза. Цунах дIакъаста Матиева Натас сацам бича, йоI схьайоккхур ю ша бохуш, шен зудчунна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийса волавелира иза.

Велагаевна ши шо хан туьйхира, "цо къийза сийсазварна", шен хилла хIусамнана йийча

Товбеца-баттан 18-чохь Магасера Матиева йолчу офисе веара Тимурзиев, доьзале юхайола аьлла, цуьнга дехар деш. Цо шена дуьхьало йича, Тимурзиевс Натина ворхIазза урс тоьхнера, иштта гех а, коьртах а. ТIаьхьо Тимурзиев дарбанан цIийне веанера, Матиева кхачийначу реанимаци, цуьнгара хьал хаа – циггахь ницкъахоша лецира иза. "Стаг вен тIелатар" аьллачу Iедалан къепехула бехктакхаман гIуллакх долийра Тимурзиев Къурейшана дуьхьал, СИЗО хьажийра иза. ШолгIачу дийнахь, ша шена тIе куьйгаш даьхьнера цо, вала дагахь – Тимурзиев, цуьнан хIусамнана йолчу дарбанан цIийне охьавиллира.

ХIара Къилбаседа Кавказехь дуьххьара хилла хIума дац, дIасакъаьстачу заманчохь йа цул тIаьхьа шен зудчунна стаг тIаьхьаваьлла лелаш. Масала, 2019-чу шеран Гезгамашин-баттахь шен хиллачу цIийнден карах елира Гагиева Регина. Цуьнан балха тIе а веана, Техов Вадима масийттазза урс тоьхнера цунна – оцу чевнех Регина коме яхара, кIира даьлча кхин метта а ца йогIуш, дарбанан хIусамехь кхелхира. Дукхазза полици дIахьединера Гагиевас: хиллачу хIусамдас даим кхерамаш туьйсуш, дуьхьал ницкъ боккхура цунна. Бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдан бакъоларъяран органаш реза ца хуьлура, Теховна кегий гIуданаш а детташ, кIелхьаравуьйлура иза. Шен хилла хIусамнана йерна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха 16 шо хан тоьхна цунна.

КХИН А ХЬАЖА: "Оьрсийчоьнан йозаллин" Iадаташ. Хьан лур ду Кавказехь зударий байъарна жоп?

Оццу шеран Чиллан-баттахь Дагестанерчу полисхочо Велагаев ТIахIира садукъийна йийра, вуьрхIийтта шарахь шеца яьхна, шен хилла хIусамнана Умужат. Цуьнан дакъа куза юкъа а хьарчийна, петар чохь дитинера цо, шийтта де даьллачул тIаьхьа лулахошна а, полицина а схьакарийнера дакъа. Кхин а цхьа де даьлча иза йийнарг полицина тIеваханера. Иза юьйчу заманчохь кхетам чохь ца хиллера иза, "цIеххьана синтем байна", ша "йийначо къиза сийсазвича" аьлла, хьесап динчу кхело, шен хилла хIусамнана йийначу Велагаевна ши шо хан туьйхира чохь яккха. ТIаьхьо Дагестанан Лакхарчу кхелехь гIуллакх къоьвсира, юха а талла кIоштан кхеле дIахьажийра, цхьа шо ах шой даьллачул тIаьхьа а, изза таIзар хийцаза дитира.

Шина а меттигехь зударшна тIехь ницкъбеш хиллера церан хиллачу хIусамдайша, дIакъаста йоьллачу Къилбаседа ХIирийчуьрчу яхархочун Джиоева Ванданин а изза кхоллам нисбелира. Кхаа шарахь ларъяла гIиртира иза шен хиллачу хIусамдех, амма полицино терго ца йира цунна къиза йиттинчул тIаьхьа бен, бархI де кхетамчуьра яьлла а, масех бутт заьIапхойн гIудалкха чохь а баьккхира цо. Цуьнан хиллачу хIусамдена Золоев Спартакна ялх шо хан туьйхира шогачу хьелашкарчу колонихь даккха. Делахь а, социалан машанашкахь бехкейира Джиоева – шайн телефонехула хилла къамел машане даьккхинера цуьнан хиллачу майрчо, комментареш йинчарна ца тайнера, шена тIаьхьаваьллачу стагаца цо динчу къамелан аз.

Доьзалехь совнах бага

Шен лаамехь майрачух дIакъаста лууш елахь, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь зударийн дикка къахьега деза, аьлла хета Къилбаседа Кавказехь зударшна гIо латточу кризисан "Марем" тобанан жигархочунна, дагестанхойн бакъоларъярхочунна, "Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина.

Динан Iилма карадерзийна, Европехь дIасакъаьстачу доьзалашна юкъахь къамелаш дечу, Страсбургерчу кавказхойн Ассоциацин хиллачу куьйгалхочунна Албаков Шемална хетарехь, динехь зудчун бакъо ю шен лаамца дIакъаста.

Йийначу зудчун доьзалан репутаци зене ца йолу, къаьстинчун санна

"Нагахь санна, кхин дIа цхьаьна даха йиш яц, бахьанаш ду – ницкъ бинехь, ямарт хиллехь, йа цхьа кхин бахьанаш делахь, цуьнан бакъо ю имаме йа муфтияте дIахаийта. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, гуттар а санна, шен гергарчу нахе дIахьедо цунах зудчо, нагахь санна, цу шиннан барт бан ницкъ ца кхачахь, тIаккха имам кхойкхий, иза юкъахь а волуш, дIасакъаста барт хуьлу. Имаме и гIуллакх даьллехь, дIаса ца къаьстича ца долучух тера ду", - кхетаво Албаковс.

Делахь а, Къилбаседа Кавказехь долчу ламасташца а, Iадаташца а, дукха хьолахь доьзал дуьхьал хуьлу зуда майрачух дIакъастийта. Анохина Светланина хетарехь, йийначу зудчун доьзалан репутаци зене ца йолу, къаьстинчун санна.

"ЦIа еана йиша йа йоI – доьзалехь совнаха бага ю, совнах эладиташ а: "цIа еаний, делахь цхьаъ нийса ца хилла цигахь, лела ма-еззара ца лелла". Цуьнан "леларан оьздангаллина" тIехь гуттар а терго латтор ду и – шегара дала йиш йоцург ма далийтахьара цо бохуш. Сих-сиха йетташ, балехь латтош хиларна цIа уьдуш цхьа йоI яра тхан. ХIоразза а иза едда яхча, доьзалехь гIо доьхура цо, амма хIетте а шен майрчун хIусаме юхаюьгура иза. Кавказехь олуш хилла "Маре яханий, циггахь яла а ле" хIинца а лелаш ду",- дуьйцу бакъонашларъярхочо.

Къилбаседа Кавказера зударшна гIо латтош йолчу хIирийн "Йижарий" ("Сестры") юкъараллин векална Бекоева Агундина хетарехь, дIасакъастар емалдар ша кхин вон хIума дацара, нагахь санна, цуьнан билггал йолу Iалашо доьзал ца боха лаар делхьара. Хуьлуш ма-хиллара, и процесс зуда бехке а йеш, йоьрзу- цунна тIехIуттучу меттана юкъаралло бехкаш доху цуьнгара.

"Стаг къастар а, зуда къастар а – тай-тайпана ши истори ю. Православехь доьзал кхоллар – уггар а езачу мехаллех ду, "доьзал- иза жима килс ю", амма цхьаммо а ца боху муьлхха мах охьабиллий а доьзал Iалашбе, оцу доьзалан декъахой балехь а бахкош, латтабе доьзал ца боху. РПЦ-н социалан концепцехь къаьсташ охьаяздина бахьанаш ду къаста магош долу, доьзалехь ницкъбар уггар а коьртехь яздина ду. "Дала садиттина, вайна а хьехна садеттар" - иза халкъан алар ду, килсан позици яц", - элира Бекоевас.

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а, Европерчу бусулбачу юкъараллехь а дIасакъастар а, цуьнга болу хьажам а къаьсташ бу аьлла, билгалдоккху Албаков Шемала.

ГIалгIайчохь олу: "Буса ирахъуллуш, Iуьйранна охьайоккхуш хьо лелош елахь а, сатоха" - тахана а и алар лелаш ду

"Шен доьзал Iалашбар тахана а деза лоруш ду, амма и зуда бала хьоьгуш елахь, тIехула тIе цуьнца къизаллаш лелош елахь, цхьа эхье хIума лара ца деза цуьнан дIакъастар. КъорIанехь яздина цхьа сунна ду, цунах лаьцна дуьйцуш. Делахь а, Нохчийчохь къестарш гуттар а дара хала, шен лаамехь, гергарнаш тIе а ца товш, зудчун аьтто ца хуьлу цIа ян. Хала хеташ делахь а, Къилбаседа Кавказехь Iадаташ ду, церан гIоьнца юьхьанца дуьйна лелаш хилла Iадаташ хуьйцуш ду керлачаьрца",- аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелдинчунна.

ГIалгIайн психолог йолчу Исаева Айзас (цуьнан цIе хийцина къамелдечун дехарца.-Редакцин билгалдаккхар.), зударшна гIо латточу организацехь болх бина цо, иштта билгалдоккху, ГIалгIайчохь дIасакъастар чолхе доккху цхьа могIа бахьанаша: культури н, экономикан, иштта гендеран а.

"ГIалгIайчохь могуьйтуш дац зуда ша Iар. Цхьа "долахо" хила веза цуьнан, иза Iалашъеш, цуьнан леларна тIехь Iуналла а латтош. Къаьстинчул тIаьхьа зуда шен ден-ненан долахь юьсуш ю – республикехь къоьлла хиларна, экономикан ресурсаш ца тоьаш проблемаш хIуьтту. Иза кхобучул а, атта ду, хIусамда волчу юха хьажийча. Цундела доьзалехь ницкъбар цхьа хила дезарг санна тIеоьцу. ГIалгIайчохь олу: "Буса ирахъуллуш, Iуьйранна охьайоккхуш хьо лелош елахь а, сатоха" - тахана а, и алар лелаш ду",- дуьйцу психолого.

Легалехь тIаьхьабийлар

Психолога Исаева Айзас билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказехь йолчу юкъараллин институташа – динан а, ламастин а- зударий Iалашбар дуьйцур дацара, мелхо а царна дуьхьал болх бо, доьзалехь ницкъбар юкъараллина нийсаниг хоьтуьйтуш. Психологна хетарехь: пачхьалкхан тIегIанехь магош ду зуда стагана муьтIахь хила еза бохург.

Зудчунна йетта а йиттина, нийса машен ца хIоттийча санна гIуда дIаделча тоьа

"Зударшкахьа лелаш цхьа а низам дац вайн: йа пачхьалкхан а йа динан а, йа ламастин а. Шех бIо а булуш, карарчу хенахь бакъоларяъаран а, ницкъаллин а органаша чIогIа Iаткъам бечу юкъараллин организацешкарчу гIоьне бен сатуьйсийла яц", - боху Исаевас.

Цунна хетачунна тIетов хIирийн "Йижарий" организацин векал Бекоева Агунда а: "Йа марехь а, йа къаьстинчул тIаьхьа а зуда Iалашъеш яц. Доьзалехь йеттарна декриминализацин низам тIеэцна пхи шо а ду. Нагахь санна оцу кепара ницкъбаро ирча тIаьхьало ца йитинехь, административан гIуллакх лорий, 5 эзар сом гIуда а хьарчадой, вуьту. И бохург хIун ду, зудчунна йетта а йиттина, нийса машен ца хIоттийча санна гIуда дIаделча тоьа".

Бекоевана хетарехь, кхин а цхьа чIогIа проблема ю хадаран ордерш цахилар. Оьрсийчохь Iазап хьоьгуш йолу цхьа зуда Iалашъеш яц, нагахь санна, цунна зен динчу стагана таIзар динехь а – юха а веана, изза зулам шолгIа дойла ю цо.

КХИН А ХЬАЖА: Нана: "Эксгумаци йича гира: цунна тIехь мо бара"

Масала, дIасакъастийна – зен динчунна тIаьхьабийларх низам ца хилча, муха ларъйийр яра Матиева?

"Суна чIогIа лазаме ду Джиоева Ванданица хилларг. Цунан хилла хIусамда маьршавер ву, цхьана хIумано новкъарло ца йо цунна бекхам бан. Ас цунна а сагатдо, сайна а, хIунда аьлча, иза дукхазза Iалашйийриг со яра¸аса дукха дуьйцура, яздора цуьнан хилла хIусамда абьюзер ву бохуш", - дерзадо Бекоевас.

Оьрсийчохь тIаьхьабийларх низам цахиларна оьгIаз оьху Исаева Айза а.

"Матиева Натица хилларг интернетехь дийцаредечу наха билгалдоккху, имамо вон ла ца дуьйгIира шега бохучуьнга, кхо бутт хан яла езаш яцара церан бартбан бохуш. ХIа, дика ду, дIасакъастий [маса] – муха Iалашйийр яра Матиева, зен динчунна тIаьхьабийларх низам ца хилча? Иза йоккха проблема ю, цуьнца къийсам лаата ца бахь, тIаьхье ирча хир ю", - боху психолого.

Дагестанерчу бакъоларъярхочо Анохина Светланас билгалдоккху, зудчунна дIакъаста лууш, хIусамда дуьхьал волу хьал, чIогIа кхераме ду.

"Цхьа мур тIехбаллалц хан яккха, иштачу зударшна лочкъийлаш ян еза. Амма вайн пачхьалкхехь гена ду оцу кепара лочкъийлаш ян, йолуш ерш а, дIакъовлуш ю. И дуьххьал дIа доьзна ду, хIинца а тIеэцазчу, со кхоьру, цкъа а тIеоьцур доцчу, доьзалехь ницкъбарна дуьхьало ечу низамах»" - аьлла хета Анохина Светланина.

***

"Доьзалехь ницкъбарна профилактика ярх" низам дуьххьара Оьрсийчоьнан парламенте кховдийра 2016-чу шарахь, амма тахана а къобалдаза ду и. 2021-чу шеран чакхенехь Федерацин Кхеташонан куьйгалхочо Матвиенко Валентинас дIакхайкхийра, низаман проект маса йийцарейийр йолуш ю аьлла, амма цунах йист ца яьккхира. ТIаьххьарчу итт шерашкахь 40-зза сов Пачхьалкхан думе кховдийра доьзалехь Iазап хьегийтарх низаман проекташ, амма цхьана а дийцарехула чекхъевлла яц уьш.

2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехктакахаман кодекса юккъера дIаяьккхира, йиттича кхеле озон Iедалан къепе, ткъа доьзалехь Iазап хьегийтарна административан жоьпалла юкъадалийра. Кхин даккхий зенаш ца деш, доьзалехь йиттича таIзар до 5 эзар соьмера 30 эзар соьме кхаччалц гIуда а тухий, йа 15 денна а, буьйсанна а лаьцна вуьтуш, йа Iедална мехаза болх бойтий, волуьйту. Ткъа бехкзуламан Iедалан къепаца цунна тIе жоьпалла дожо, оцу стага дийнна шарахь юх-юха а низам дохийна хила деза. Доьзалехь хьийзочу дуккхаъчу зударша латкъамаш ца бо полицига, бакъоларъяран органаша хIуммаъ а дийр доцийла хууш.