Мариуполан бахархойн лечкъийна телефонаш Нохчийчохь керийна

Оккупаци йинчу Мариуполехь ю кадыровхойн тIеман тобанаш

Зуламхоша лечкъийна йолчу телефонийн дайшна, оккупацихь йолчу Мариуполан бахархошна, уьш Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь керийна электроникан туьканахь. Уьш меттигерчу бахархошкара схьаяьхна кадыровхойн тIеман тобанийн эскархоша, дуьйцу Украинан тIеман ницкъийн векалша.

ВСУ-н стратегин коммуникацин Центран каналерчу видео тIехь гойту телефон йолу меттиг билгалйоккху аппликаци, тIаккха цо иза Соьлжа-ГIалин юккъехь гойту Машаран урамерчу 71А хIусамехь. ШолгIачу смартфонан йолу меттиг Дружба урамехь гучуйолу гIалин йистехь доларчу секторехь.

Украинхойн зорбанаша бахарехь, мариуполхоша латкъам бина, шайн 17 телефон лачкъийна хиларх.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаам бира, Украинерчу Мелитополехь лачкъийна юьртбахаман техника Соьлжа-ГIалина гена йоцучу Закан-Юьртахь гучуяларх. Зорбанан гIирсаша билгалдаьккхира, оцу эвлахь вина хилар мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, цуьнан ваша Хучиев Тамерлан а. Тахана Украинехь "гуманитаран мисси" кхочушъечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан директор хилла ву Тамерлан.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу канале хьалхо хIоттийнера, амма тIаьхьо дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан гуманитаран сурсаташ кадыровхоша дIасадоькъу, бохуш яьккхина видео. Эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтира. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, кадыровхоша Мариуполан бахархошна дIасадекънера шаьш лечкъийна сурсаташ.