Мариуполера комбинатера эчиг, кIора, газаш арайохуш бу кадыровхой - WSJ

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера нах бу Мариуполера Ильичан цIарахчу комбинатера кхузаманан гӀирс, эчиг, кӀора, индустрин газаш ара а йохуш, уьш дIайухкуш аьлла, йаздо америкахойн The Wall Street Journal газето. Хаамийн гIирс тIетевжина цунах лаьцна йаздечу хенахь документашна а, Iедалхойн, бизнесхойн, менеджерийн дIахьедаршна а. Оьрсийчуьра "Агенталла" цӀе йолчу интернет-зорбанан гӀирсо дуьххьара тидам тӀебахийтира оцу йозанна.

Доккхачу декъана йаздо журналисташа, тIом балале хьалха оцу заводехь гайтинера 220 миллион долларшкахь мах болу продукцин лини, иза а Оьрсийчу дIахьажийна. Цул сов, бӀеннаш эзарнаш тоннаш эчиг йуха кечден гIирсаш а бу заводера дIакхоьхьуш–Мариуполан мэро чӀагӀдо, Оьрсийчоьнан автоиндустрехь металлолом а лелайо бохуш.

Цуьнца цхьаьна керлачу долахоша заводехь йисина контейнераш а, кӀора а, ткъа иштта индустрин газаш а йухкуш йу, уьш оьцучарна йукъахь Роскосмос пачхьалкхан корпораци а йу, йаздора зорбанан гIирсаша. Йуьхьанца заводан долахойх цхьаъ вара нохчийн сенаторан Геремеев Сулейманан вешин кӀант Корчагин Валид; цул тӀаьхьа 50% дакъа дӀаделира Дадашев Iалаше. Иза ву Москварчу "Ахмат" латархойн клубан куьйгалхо, журналисташа дийцарехь, Нохчийчоьнан Ӏедалан вице-премьерца Висмурадов Абузайдца а, хьалха хьахийначу сенаторца Геремеевца а, Пачхьалкхан Думин республикера депутат Делимханов Адамца а воьзна ву иза.

  • ГӀебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо лаьттина Каноков Арсен Оьрсийчуьра дӀайаханчу Малхбузерачу кхаа компанин: McDonald's, Starbucks, OBI -н бенефициар хилла дӀахӀоьттира. Царна лерина транзакцеш дӀайаьхьира йукъараллин йоцчу рожехь, Украинана тӀелатар долийна дукха хан йалале. Къилбаседа Кавказан республикийн куьйгалло дуьххьара гойтуш дац Оьрсийчуьра дӀайаханчу Малхбузерчу компанийн бахамашца шовкъ хилар. Цхьайолчу контрактех, масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIанта Закриев Якъуба шурин гигант йолу Danone оьцуш контракт йарх дIахаитйира массарна а, ткъа кхечарех цхьа-ши шо даьлча бен гIара ца долу. Эксперташа дийцира, йаккхий брендаш Оьрсийчоьнан рынкера дӀайахаро муха Ӏаткъам бира Къилбаседа Кавказерчу элитийн экономикан таронашна.