Коьртачу прокуратуро 2022-чу шеран динчу жамIашца, Нохчийчохь а, Ростовн кIоштахь а масийттазза алсамдевлла экстремистийн зуламаш. Нохчийчохь ворхIазза лакхара бу гайтам, Донехь – шозза сов.
2021-чу шарахь Украинаца дозанехь йолчу Украинехь 17 экстремистийн зулам хааделира, ткъа 2022-чу шеран гIуран-баттахь – 42. 2010-чу шарера схьа лерича иза тIехсов гайтам бу. Оцу гайтамца Ростовн кIошт 16-чу меттигера пхоьалгIачу меттиге хьалайелира.
2022-чу шарахь Нохчийчохь бархI экстремистийн зулам дина аьлла, дIахьедина, ткъа 2021-чу шарахь (2020-чу а, 2019-чу шерашкахь а санна) цхьа зулам.
Ставрополан махкахь зуламаш дар кхиар тергалдина – 32 экстремистийн зулам дина 2021-чу шарахь, 2022-чу шарахь – 60. Иза а лакхара гайтам бу тIаьххьарчу 12 шарахь. Москвана тIаьхьа пачхьалкхехь шолгIа меттиг дIалоцу Ставрополо.
Дагестанехь, лурчаха шолгIа меттигехь хилла (цул хьалха деа шарахь – хьалхара) билгалдаьккхина 56 эксремитсийн зулам, йа шозза лахара ду, 2021-чу шаре хьаьжча.
Лурчаха 10-нна тIера 17-нне лакхадевлира Волгоградан кIоштахь дIайаздинчу экстремистийн зуламаш, цхьанна эханна – 14-нна тIера 23-нне кхаччалц -Адыгейхь.
Кавказ.Реалии сайто дийцира ФСБ-но тIаьххьара динчу зерех лаьцна – хеттарш динчу эксперташа бахарехь, масех шо даьлча бен хуийла дац Украинехь тIом боьдучу юкъанна экстремизмана а, пачхьалкхана ямартваларна аьлла билггал дуьхьалдаьхначу гIуллахкхех лаьцна.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико лерина иштта аннексий инчу ГIирмера а, Севастополера а лараш а
- Хьалхо таIзар дина меттигера йахархо Зураева Фатима экстремизмана бехкелерина Алагиран кIоштан кхело интернетехь антисемистийн комментареш йитарна.
- Юстицин министралло йихкинчу экстремистийн юкъараллех дIатоьхна нохчийн "Халкъан болам 1АДАТ", оппозицин 1АДАТ телеграм-канал санна йевзаш йолу. Хьалхо Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело лерира иза экстремизме.
- Къилбаседа ХIирийчоьнан операн иллиалархочунна, ковид-диссидентана Чельдиев Вадимна шогачу хьелашкара набахтехь даккха 10 шо хан туьйхира. Ростовн кIоштан кхело бехкевира иза коронавирусах фейкаш йаржорна а, экстремизмна а, харцахьа леларна а, къепе йохорна а, полисхочунна тIелатарна а.