Your browser doesn’t support HTML5
Ши кIира хьалха хиллачу бохамехь зе хиллачарна хьалха хIиттира маслаIат дан арабевлла нах. КIоршаме къамел дира байинчу полисхойн гергарчара. Шайна тIебеана некъ тIелаца уьш реза боцуш санна сурт хIоьттира. Амма иштта гIуллакхаш девзачу нахана дика хаьа кхана-лама уьш кIад бала а мегаш хилар.
Доьхуш дерг ду куьйган бехке боцурш маьрша битар а, царна кхайкхина чIир дIаяьккхар а. Оцу гуламе баьхкина дуккха а нах бара. Царах цхьаммо Ирбайханов Мовсара иштта элира шена хетарг.
Ирбайханов: «Барт хила герга ду. Шаьш дойур ду бохуш бара дарбелларш. Дала мукъалахь барт хир бу».
МаслаIатан тобанна хьалхаваьлларг ву мехкан куьйгалхочуьнан хьехамча Шахидов Адам. Цо дуьххьара дийцира бехке бечара динчу зуламан кIоршмаллех, иштта билгалдаьккхира Делан дуьхьа маслаIатан кховдина куьг схьаэцар иза мел ял хира йолуш ду Къематан дийнахь. Сацам ца бира.
Куьйге ца бахара, амма сатийсам бу цара иза дийриг хиларна аьлла, дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Товсултанов Лечас. Шена санна дукха нахана хазахетта оцу доьзалшна юкъахь маслаIатан болх болийна, элира цо.
Товсултанов: «Цхьанна а дас-нанас могуьйтур дацара, я дойтур дацара иштта зуламаш. Суна хезнера маслаIатан нах гулбелла аьлла. Дела реза хуьлда, дуьххьара цу юккъахь лелачарна. Хьераваьллачу стагана дан хIума дац. Берийн а, зударийн а, къанойн а къа ду. Сатийсам бу бехке боцу нах буьтур бу аьлла».
Нохчийн гIиллакхийн хазна дика евзачу Хасиев Сайд-Мохьмаде дийхира Маршо Радионо цу гIуллакхах шена хетарг дийцар.
Хасиев: «Уьш вовшахкхетар а, дуьхь-духьала хIиттар а билгало ю, иза дIадоьрзург хиларан».
Тахана Соьлж-ГIалахь хиллачу гуламан жамI республикан куьйгалле дIа а кхачийна, тIаккха кхин цкъа а цхьаьнакхетар дийр ду аьлла дIасакъаьстина маслаIатана гулбелларш.