"Массанхьа кхин тIе а телхина догIу хьал". Абдурахманов Тумсос дуьйцу, шех арахьара агент варх

Абдурахманов Тумсо

Оьрсийчоьнан юстицин министралло дахначу пIераскан дийнахь арахьарчу агентийн тептаре вазвина оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо. Хьан дахарна оцу цIаро Iаткъам биний аьлла, шега хаьттича, цо дагатесира 2021-чу шарахь террорхойн а, экстремистийн а реестре ша ваккхар Росфинмониторинго. Ткъа оцу статусо кхин а чIогIа дозанаш деттара. Реестре иза ваьккхинера нохчийн Iедалхоша Шемарчу тIемалошца цуьнан уьйраш йу аьлла, бехкаш дехкинчул тIаьхьа.

Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а шен-шен рогIехь критика йо Абдурахманов Тумсос. Мехкан куьйгалхочун гергарчу Кадыров Исламца 2015-чу шарахь шен дов даьлла, Оьрсийчуьра ша дIавахчхьана YouTube-хь а, телеграмехь а цо лелош каналаш йу. Цигахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамий бакъонаш хьешарх а, Кадыровн администрацино лелочу кхечу харцонех а.

Дозанал арахьа а тIаьхьара ца бевлира Абдурахмановна нохчийн Iедалхойн агIора болу нах. 2021-чу шарахь дечкен-батахь Швецира кхело набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийра Мамаев Русланна, 2020-чу шеран чиллан-баттахь Абдурахмановна кIелойарна. ТIаьхьа шийтта шаре дIайахйира тоьхна хан.

Цуьнца цхьана таIзар дира иштта Мамаевца хиллачу зудчунна. 2020-чу шеран гIуран-баттахь вен Iалашонца тешнабехк бира Тумсон вешина – Абдурахманов Мухьаммадна а. Мюнхенера льттан Лакхарчу кхело оцу зуламна бехкевечу Дадакаев Валидана чохь даккха 10 шо туьйхира.

Кавказ.Реалии сайто дийцаредира Абдурахмановца, "арахьара агент" аьллачу статусо цуьнан хIуммаъ а хуьйций аьлла.

– Муха хиира хьуна, хьуо арахьарчу агентийн могIаршка ваккхарх, и хаам тIе а муха ийцира ахьа?

– Хаамийн гIирсашкара хиира суна суо арахьарчу агентех дIатохарх. Шек дIа а воцуш тIеийцира ас, хIунда аьлча, цо суна цхьана а кепара беш ницкъ бац. Суна цхьа Iаткъам бийр бара аьлла, Оьрсийчуьра рекламаш йойтучаьрца, йа Оьрсийчуьра цхьа кхечу нахаца со гIуллакх догIуш вац. Арахьара агент бохург – Оьрсийчоьнан чоьхьара хIума ду, цуьнан дозанал арахьа вехачунна дакъа а ца кхочуш. Цундела оцу тIехула саготта вац со.

Масех шо хьалха Росфинмониторинго террорхойн а, экстремистийн а тептаре ваьккхиар со, цо дикка Iаткъам бира суна, хIунда аьлча, и хьакхалора дуьненайукъарчу шортенах. Оцу чолхечу муьрех а чекхвелира со.

Цу базе стаг ма-ваккхара, дуьненан банкашкара цуьнан чоьташ а, ахча дехьадаккхаран системийн йоллу аккаунташ а дIакъовлуш йу. И доьзна ду, и йоллу финансийн институташ LSEG Data&Analytics компанин хьелех пайдаоьцуш хиларца. Дуьненан база йу и адамех а, компанех а хаамаш латто, цара шайн тептарш дIадузу Росфинмониторинган реестрера адамех а. Цу йукъатоьхначу стеган аьтто бац банкехь чот схьайелла а, PayPal-н, йа цхьа кхечу системехь аккаунт йелла. Хьоьца цхьана а кепара къамел ца деш, хьуна дуьхьало йо цара. Цо чIогIа чолхе доккху дахар.

КХИН А ХЬАЖА: "Тхуна массарна а лаьтта кхерам": кадыровхоша нохчийн оппозиционерашна йуха а кхерамаш тийсар

Цу базера дIаволийла дац, кхелехула, иза а хьуо тоьлар ву аьлла, хьо тешна велахь. ТIаккха кхело декхарейо LSEG, хьох лаьцна хаамаш дIабаха. Оцу тайпа гIуллакхах лаьцна суна хезна дац. Дукха хьолахь LSEG-ца йозанаш дина, хьайна тIаьхьабовлар политикан бух болуш хиларх тоьшаллаш цаьрга дIакхачийначул тIаьхьа, цара базера хьан хаамашна тIе туху инфрмаци, Оьрсийчоьно дохкучу бехкашна реза вац аьлла. Амма кхеташ ду, хьан цIе LSEG-н Iаьржачу тептарехь хаайеллачул тIаьхьа муьлххачу а финансийн институто хьуна дуьхьало йо, хьо дохкучу бехкашна реза цахилар тидаме а эцна, жоьпалла шайна тIе лоцучул а.

– И боллу кхерамаш лаьтташехь, хьайна кIело а йиннашехь, хIетте а айхьа леринарг духа а ца узуш, саццанза хьайн болх беш схьавогIуш ву хьо. Айхьа лелочунна оццул хьуо тIера хиларх муха кхетор дара ахьа?

– Сайн гIуллакх деш схьавогIуш ву -кх со. "Майралла, декхар, даймахкана тешаме хилар", ишта кхин дIа а, цу тайпа цхьа пафосе дешнашца дийца ца лаьа суна айса лелориг. Ас къастийна кхаьчна бац соьга хIара болх, сайна ма-хетта и беш схьавогIу со.

– Айхьа бечу балхах пайда гой хьуна? ХIинцалерачу муьрехь реза вуй хьо айхьа гойтучу жамIашна?

– Сайн балхах пайда суна, дера го. Билгале толамаш а бу, со реза волуш. Масала, Германихь а, Швецихь а хенаш токхуш волу ши киллер.

Де дийне Нохчийчуьра хьал са ца тохалуш ду, ткъа царна Iаткъамбаран гIирсаш – кIезиг бу

Ишттачу толамех дIатоха йиш йу Аурбиев Тамерланан доьзал Нохчийчуьра арабаккха тхуна аьтто баьлла хилар а. Сан ваша вер цунна тӀедиллинера, амма иза реза ца хиллера. ТIаккха кхерамехь вара иза а, цуьнан доьзал а. Кадыров Ислам а, Дашаев Мохьмад а, Хийтанаев Мохьмад а шайн даржашкара дIабахар а оцу толамашлахь хьахон йиш йу. Оха зорбане яьхна Кадыров Ислама зударий хьийзош йолу видеош, ишта Кадыровн сагӀа доькъучу юкъаралло зорбане даьхна. Кадыров Ислама зударшна тIехь ницкъбеш видеош нахалайехира оха, Кадыровс сагIанаш доькъу бохург бакъ цахилар а Iорадаьккхира.

ТIех сов реза ву бохийла дац, массо а меттехь де дийне хьал кхин тIе телхина догIуш гуш ду, цунна сан хIумма а дойла йац. Украинехь тIом балале хьалха бакъоларйаран организацешца цхьаьна Нохчийчуьра нах кIелхьара баха таро йара сан, лачкъийначийн кхолламна а цхьа Iаткъам бан йиш хуьлура, и гIуллакхаш нахала а дохуш, амма тIом болабеллачул тIаьхьа и дерриг а дойла йац.

Йоллу бакъоларйаран организацеш Нохчийчуьра арайаьхна. Республикера хьал тIаьхь-тIаьхьа кхин тIе чIагIделла догIу, и хьал хийца а йиш йац.

Iедалхошна оппозицехь волу блогер а, политик а санна лелаш ву хьо. Кадыровца, йа цуьнан гонерчу нахаца доьзна хьан хьайн хIуммаъ а дуй? Йа Iедалан коьртехь милла а велахь а, махкарчу бахархошца лелош йолу харцо новкъа йу хьуна?

– Кадыровца а, цуьнан гонерчу нахаца а сан сайн а ду цхьацца хIума. Сох а, сан нахах а лаьцна дуккха а хIуманаш цара дийцина, лела а дина. Цо а цабезам гIаттабо цаьргахьа. Амма и бохург дац, и нах кхечаьрца хийцахь, машар хир бу. Хир бац дера.

Тхан дуьхь-дуьхьал латтарш бухера схьа дуьйна ду. Махкарчу бахархошна тIехь цара лелочуьнца хилла ца Iа уьш. Тхан цаьрца цхьана ца богIучу кхетамца а, Iалашонашца а, политикан хьежамашца а ду.

– Хьоьгарчу хаамашца, республикера бахархойн дог-ойла хIинца муха йу?

– Дог таьIна бу уьш, эр дара ас, Украинера тIаме дуккха а нохчий хьежорца доьзна а ду и. Оьрсийчоьнан салташа махкахь "зачисткаш" дIахьочу хенахь, шайн кхиъна богIу кIентий бахьа меттиг йоцуш, уьш кIелхьарабаха ницкъ боцуш церан къена дай-наной хьийзинчу 2000-чу шерашка вай йухадирзича санна хьал ду-кх. Тахана иштта шайн кIентий Украинера тIамтIе бахийтарна кхоьруш, уьш кIелхьарабаха хьийза дай-наной. Хьал тахана ледара ду.

– Керла проекташ йукъайаха, йа хьайн балхаца кхин а цхьа керла агIонаш лело дагахь вуй хьо?

– Цкъачунна цхьана а кепара керла планаш йац. Кхин дIа а сайн нахалахь беш болу болх дIабахьа лерина ву со сайн телеграм-каналехь а, YouTube-н агIонашкахь а. "Нохчийчоьнан Аз" партин цIарах йохур йу политикан гIулчаш.

КХИН А ХЬАЖА: Критика сацорна делла ахча? Блогер Абдурахманов вийча санна кеп хIоттор
  • "Нохчийчоьнан Аз" шен парти кхолларх лаьцна блогеро Абдурахманов Тумсос дIакхайкхийра 2022-чу шеран лахьан-баттахь. Билгалдаьккхира, цуьнан Iалашо "боккха, халкъашна йукъара ницкъ" вовшахтохар йу аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тӀелатар дира Швецехь 2020-чу шеран чиллан-баттахь. Цуьнан петар чу ваьллера тIелеттарг, Абдурахмановна жIов тоха гIоьртинера иза, цунна наб кхеттачу хенахь. Блогеран ка йелира тIелеттачунна дуьхьало йан, видео а йаьккхира цо тӀелатар динчух. Цо дийцира, Соьлжа-ГIалара Iабдурахьман цIе йолчу стаг хьажийна вара ша Тумсо вен аьлла.
  • Нохчийчоьнан премьер-министр Даудов Мохьмад а ву оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамашна йукъахь. Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо ву аьлла, цо дIакхайкхорна, 2019-чу шарахь цунна чIир кхайкхийра Даудовс.
  • "Ахмат" спецназан цхьахдолчу декъан командиро Батукаев Зелимхана кхерамаш тийсинера оппозицин нохчийн NIYSO боламан векална. Нохчийчуьра цуьнан долахь долчу цӀенна хьалха хIоьттина, Батукаевс видео йаьккхира, жигархочуьнгара керт-ков схьадоккхур ду ша, "цуьнан тайпа-тукхам лоллур ду" ша аьлла, кхерамаш туьйсуш. Тхан редакцица къамел динчу эксперташна хетарехь, и кхерам Нохчийчочьнан куьйгалхочун массо а критикех хьакхалуш бу аьлла, тIеоьцийла ду.