"Массочу инстанцешкахь лоьхку". Муха цIабогIу Украинера кадыровхойн йолахой

Кадыровхой Украинехь

"Лаамхойн" латкъамаш тIехь долу видеош гучуюьйлу Нохчийчохь: республикера йолах Украинана дуьхьала тIаме хьийсийначара видеокхайкхам бина, цIабирзиначул тIаьхьа шайна оьшу дарба ца до, бохуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дина цара и дIахьедар – масех де даьлча видеон турпалхой пачхьалкхан телехьожийлан репортажехь бехказбуьйлуш гайтира.

"Зазадоккху-беттан 18-хь тхо Украине дахара, Охан-беттан 28-хь юхадаьхкира. Мариуполехь дара тхо "Азовсталь" завод схьайоккхуш. Дарба оьшучунна тидам беш бац, тхо цIадирзичхьана тхо тIелоцуш стаг вац. Тхо цанхьа дIа а гулдина къамел дан аьтто белча, оха дуьйцур дара тхуна гIо дан муха дуьхьалонаш йина а, уьш йинарш муьлш хилла а, ерриг инстанцешкахь тхо муха лихкира а", - чIагIдо видеон авторша.

Your browser doesn’t support HTML5

Ахча а, дарба а доцуш бисина Нохчийчуьра йолахой

Военкоматехь иза хир дац бохушехь, Украине хьажийначул тIаьхьа шена заьIапхочун пенси далар сацийна, бохуш дуьйцу видео тIера цхьаволчу турпалхочо. Амма цо ца дуьйцу, заьIап стаг тIаме муха хьажийна а, ткъа тIетуху, чевнаш йича цхьа а кехаташ ца делла шайна.

Бадрудди цIарца билгалвоккхучу видеон шолгIачу турпалхочунна белшах чов йина. Цо иштта Кадыровга кхайкхам бо, олу, ша "юха ваха кийча ву – амма жимма дарба дан деза".

Сайфуллас, кхолгIачу йолахочо, иштта дIахьедо, шена чов йина хилар. Лоьрийн хьукматашкахула лелла иза, амма гIо ца карийна. Видео тIехь воьалгIаниг хьенехан Москвара Коля вара. Шена лур ду аьлла баьI эзар сом ца делла цунна, стенга латкъам бан беза а ца хаьа, "чIогIа эхь хеташ" хиларна.

Видео яьккхина ши де даьлча цуьнан турпалхой ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан эфирехь гучубевлира. Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад цхьанакхийтира цаьрца. 25 минотехь йолчу репортажехь чIагIдо, командировка йола ялале тIемалошна "оьшучул сов ахча делла", ткъа реза ца хилар гайтина цара "хьолах кхеташ ца хиларна". ТIаьххьаре "лаамхоша" камерана хьалха шайна бехк ца биллар дийхира, иштта юхаийцира шайн латкъамаш.

"Куьйгаш, когаш дуй? Ирсе хилахь тIаккха"

Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъа лаца "лаамхой" хьийсор Кадыровн медиастратегин коьртачух цхьа дакъа хилла – республикехь схьагулъеш йолу йолахойн рогIера тобанаш сих-сиха гучуюьйлу цуьнан социалан машанашкахь. Амма Нохчийчуьра дIахьийсийначу цхьаболчу "лаамхошна" тIаьхьо дIа ца кхочу Iедало лур ду аьлларг, боху меттигера бахархоша.

Нохчийчуьра Мадинас (цIе хийцина ю. – Редакцин билгалдаккхар.) гIо дора Украинехь лазийна волчу вешина дарба лоьхуш. Низамца йогIуш йолчу агIонашца республикехь иза дан аьтто бац, аьлла сацам бина цо. Гуш-хезаш хьаькамашна латкъамаш дар маьIна доцуш ду, цо бахарехь:

"Боккха кхерам лаьтта нахехь. Орцанна меттана шайна тIе бала барна кхоьру уьш. Нохчийчохь шайн ницкъацашца гIуллакхаш листа Iемина бу нах: бевзачаьргахула, цхьанна ял кховдийна, харц кехат даьккхина. Iедало шогачу агIора тIекхуллу тхуна дахарехь дIалеларан кеп, гойту, уьш болчу меттехь – бакъо а, ахча а ду. РогIера нах шайн тIе мелла а кIезга тидам бахийта гIерта".

Кхечу йолахошца Украине кхаьчна волчу цуьнан вешин жаннийн лазар ду, когана йина чов а ю.

РогIера нах шайна тIе мелла а кIезга тидам бахийта гIерта

"Когаца хIинца а проблемаш ю. Иза Iиллинчу Ставрополан махкарчу дарбан цIийнахь дарба а ца дина, лартIахь лазар юха даккха ца гIиртина, - дагадоуьйту къамел дечо. – Цо бала хьегнера, сом дала дезаш хилар къада даллалц. Цул тIаьхьа лазар дайден мехий детта долийра, амма дарба даран цхьа а план яцара хIоттийна. Иза Iадда Iуьллуш вара. ХIун дан деза, аьлла хаттар дича, жоп лора, куьйгаш, когаш ду хьан, ирсе хилахь тIаккха. Цигахь цхьаболучеран когаш, йа куьйгаш дацара".

Операци йан оьшу гIирс меттигехь бац, Москвахь бен, амма цига ца хьийсабо, аьлла цаьрга дарбан цIийнахь. Къамелдечо бахарехь, цуьнан ваша цIавигина – Iасанаш тIехь лелаш ву иза, "лазар дIаойбу мехашна тIехь вехаш а ву".

"Дийначу, йа беллачу нехан декъехь вац иза"

Луиза Соьлжа-ГIалан йистехь ехаш ю. Цуьнан кхаа кIантах цхьаволчун хиллачу "буьйранчас гуттара чIогIа динчу дехарца" Украине тIом бан вахана иза. Нанна билггала ца хаьа, иза декхаре вина, йа хьалхалера доттагIчо бертавалийна. ТIаме хьажорах ларвархьама шен важа ши кIант Нохчийчуьра дIавигина цо. Стигалкъекъа-баттахь Луизе хаам кхаьчна кIентан тIеман накъосташкара – Украинан малбалехь хиллачу тийсдаларшкахь иза тIепаза вайна хилар гучудаьлла, цул тIаьхьа военкоматера кехат кхаьчна. Кхин дIа а лехамаш дина цо, цхьа хан яьлча кIентан дакъа карийна. Цунах лаьцна Луизас шен инстаграмехь яздина – оцу дийнахь проблемаш юьйлаелира цуьнан.

"Администрацера телефонехула зIене бевлира соьца, арахецар дIадаккха элира, иза ца дахь хьал кхин а чолхе хир ду, бохуш кхерамаш тийсира, - дуьйцу цо. – Тап аьлла дIаволла дийзира. Велла аьлла кехат кара ца делира, хIунда аьлча кIант официалехь тIепаза вайна лоруш ву. Тхан доьзалехь тхуна хаьа, иза вийна хилар а, дIавоьллина хилар а, амма юкъараллина гергахь иза цанхьа вац: дийначу наханна, йа беллачарна юккъехь. Цуьнан накъосташ цигара юхаберзаре ладоьгIу аса, билггала хаа лаьа, иза мичахь, муха кхелхина".

Тхан доьзалехь тхуна хаьа иза вийна хилар а, дIавоьллина хилар а, амма юкъараллина гергахь иза цанхьа вац: дийначу наханна, йа беллачарна юккъехь а

"Лерина операци" йоьдучу юкъанна кIант кхалхаран хьокъехь кехаташ ца хиларо гойту, доьзална йогIуш йолу страховка а, президенто билгалдаьккхина ахча а кхочург ца хилар.

Ставрополан махкаца дозанехь йолчу нохчийн юьртарчу вахархочо хаам бина, йоца ханна фронтера цIаверзийтина волчу накъостаца цхьанакехтар хилла шен дукха хан йоцуш. Вукхо дийцина, Кавказера дIабахначех лазийначу нехан цхьа дакъа цIадерза йиш йоцуш ду: "Уьш жимма метта а балабой, юханехьа Украине хьийсабо" – иштта дуьйцу хьолах лаьцна нохчочо.

"Къаьсташ дара, кегийрачу къаьмнашкара нах дуьххьара дIалоьхкур хилар а, царна кIезго ахча лург хилар а", - боху Нохчийчуьра кхечу лазийначун гергарчу зудчо. – Сан гергарчу стеган ваша ву лазийна Iуьллуш. Цара иза Белгороде дIавигина. Далла хастам бу, цуьнан контракт чекхдаьлла хилар, иштта ца хиллехь, дарба дича юхаверзор вара иза. Цунна ца хаьара ша тIаме воьдуш вуйла, ур-атталла хIинца а эскархошка дуьйцу, уьш Iаморашка буьгу, бохуш, уьш реза хилийтархьама. Украинан дозане дIакхаьчча уьш кхета хуьлург хIун ду. Цкъа дуьхььара иза йийсаре лаьцна вара, амма лецнарш хийцар ца нисделира. ТIаккха иза цхьана агIор кIелхьара велира, къаьсттина муха – ца дуьйцу".

"Реза ца хилар кехатехь чIагIдайтар"

Лерина ягарйина чевнийн тептарна а, правительстван сацамна а юкъайогIу чевнаш хилча бен ца ло эскархошна лазийна аьлла кехаташ, боху тIеман адвоката Гребенюк Максима. Оцу кехато иштта чIагIдо, страховкан хилам тIекхачар а, иза ахча даларан бух хилар а.

Юристо кхетадо, эскархочунна иштта кехат ца деллехь, амма лоьрийн кехаташ цуьнгахь далахь, госпитале рапорт хьажо еза. ГIоле дерг ду, иза почтехула, чохь ерг билгалйоккхуш, хаам дIа кхочучу агIор заказан кехатца дIахьажор.

Гребенюко билгалдоккху, оцу кепара гIо даран кеп "лаамхойх" а хьакхало. "Уьш эскархой бу, амма йоцца хенаца долчу контрактаца", боху юриста.

Your browser doesn’t support HTML5

Нуьцкъаша Украине вахийтинарг вийна

Чевнаш ярна компенсаци, йа цунна бух балоран кехаташ схьалуш ца хилахь, дуьхьала хилар кехатехь чIагIдайтар хьоьху Ставрополерчу адвоката Садчикова Оксанас.

"Ткъе итт дийнахь дуьхьала хиларан кехаташ схьаделла дацахь, иза реза ца хилар, пачхьалкхан хьукматаша шайн болх ца бар санна лоруш ду. Цунна латкъам бан йиш ю кхелехь. Делахь а, хIора гIуллакхна къаьсттина анализ йан еза. Эскархошна догIу ахчанца доьзна гIуллакхаш лелийна аса. Цигахь дерриг гIеххьа атта дара – правительстван сацамца билгалъяьккхинчу чоьтан бух тIехь бинчу кIоштан кхелан сацам а тоьара", - дуьйцу Садчиковас.

***

Мангал-беттан 17-гIа де – Украинехь тIом боьду 114-гIа де ду. ЕС-н декъашхо хиларехь кандидатан статус Украинана сихонца ялар къобардира Киеве баьхкинчу европхойн хьалханчаша. Северодонецкана тайп-тайпанчу агIонашкара тохарш до, Лисичанскехь тохаршна кIелахь маьрша нах кхелина. Оьрсийн керистийн предстоятель, Москван а, ерриг Оьрсийчоьнан а патриарх Кирилл санкцийн тептаре ваьккхина Великобританис. Оьрсийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретарь Патрушев Николай вистхилла, оьрсийн-украинхойн конфликт дипломатикан агIонца ерзийта, аьлла. Амма дерриг зуламашна цо юха а бехкейина Украина а, Малхбузе а.