Хаамийн гΙирсашкахула, дехьа-сехьа, вовшашна Ιиттарш ярца билгалваьлла кху беттанашкахь Ιаьмеркара сенатор Маккейн Джонний, Оьрсийчоьн президент Путин Владимиррий.
«Ιаьмиркан Аз» радион оьрсийн сервисна интервью елла Маккейн Джона, ша стенна яздинера Путине интернетерчу Твиттерехула кехат, дуьйцуш.
Путин Владимир кхозлагΙа а Оьрсийчоьнан президентан дарже веъна, хΙинца цуьнга хΙун ала луур дара хьуна, хоьтту Маккейн Джоне «Ιаьмеркан Озо».
Маккейн: «Суна теша лаьа, Оьрсийчохь дуккха а нахана шен хьаькамаллин кепаш товш йоций, тΙаьххьарчу харжамашна уьш резабоций кестта Путин кхетар хиларх.
Халкъ гΙайгΙане даькхина тΙех сов бахамаш болу адамаш довларо а, массанхьа а яьржинчу коррупцино а. Суна шун тидам тΙеберзо лаьа, муха бу цуьнан хьажам Украине а, Балтикерчу кхаа махке а, Калининградан кIоштахь герзаш совдахаре а, цуьнан Лукашенкоца йолчу юкъаметтигаш а, бохучунна.
И тидича го Путина, шеко а йоцуш, оьрсийн импери меттахΙотто хьаьгна вуйла. Сагатдойту, Оьрсийчоь Балтикерчу гΙуллакхашна юкъагΙорта там бу, аьлла хетаро. Украина тахана Евробертаца а йоцуш, билггал ю Оьрсийчоьнна герга.
Ιаьмеркан Аз: ТΙаьххьарчу масситта шарахь хьан шатайпа юкъаметтигаш кхоллаелла президентца Путин Владимирца. ...Суна го, хьо воьлуш ву, со аьлла а валалале! Шо доьрзуш, Москохахь протесташ юьйлаелира, ахь хьайн твиттер-агΙонехула яздира цуьнга: «Хьомсара Влад, «Ιаьрбан бΙаьсте» хьуна а герга гΙерташ ю моьтту суна», - аьлла. И муха нисделира, довзийтахьа. Иза шегга Путине бохуш дара ахь, я иштта протесташка бевлла нах иркарахΙоттош вара хьо?
Маккейн: « Ши а ду бакъ. Хазахета суна, Твиттерехь бегаш бан йиш йолуш. Оьрсийчохь протестан ойланаш яржайоьллачул тΙаьхьа, дагадогΙу суна, ас юха а яздира Твиттерехь: «Хьомсара Влад, «Ιаьрбан бΙаьсте» хьо волчу а кхаьчна ма ели», - аьлла. Дукха хан йоццуш, цхьана телешоухь, нахана жоп луш, со вьетнамхойн йийсарехь, ор чохь ши шо даьккхина, цунах хьераваьлла стаг ву, элира цо. Ас ларам бо цо бинчу тидаман. Амма, и айса мел лоруш велахь а, цуьнца реза хуьлийла дац сан.
Суна Оьрсийчоьнан шина проблемех лаьцна ала лаьа. Хьалхарниг – валлалц набахтехь кхаба кхачийна волчу Ходорковскийх лаьцна. Оцу хΙумано айдина дерриг а дуьне. ШолгΙаниг – Магнитскийн гΙуллакх. ДагадогΙу и набахтехь вийна вуйла. Цунна тΙе тидам берзийра Конгрессо а, хΙинца тхан кхузахь «Магнитскийх доьзна низам» ду, цуьнан кхалхарна бехке болучарна таΙзар дан Ιалашо а йолуш.
И низам дозаделла лелар ду Джексон-Вэникан йохкаэцарехула херонаш кхобучу низамца. Нислуш ду исторехь иштта карчаме хΙуманаш. Оцу хΙуманех ду, суна хетарехь, Магнитский вер а».
«Ιаьмеркан Аз» радионо кхидΙа а хоьтту Маккейн Джоне: оьрсийн арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс иза Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхашка кхийдар ду, элира. Ахь муха жоп лур дара Лавровна?
Маккейн: «Йохкэцар гатдеш, Джексон-Вэникан низам тΙеоьцуш а бехира изза. Амма оцу низамо аьтто бира кхечу кепара аравалалуш а воцчу 1 миллион ах миллион жуьгтичунна Оьрсийчуьра аравала. Ιаьмеркано адаман бакъонаш Ιалашйо. Ιаьмиркахой тешна бу, бехкенаш хΙуъа а дина а, таΙзаре бахало бохучух.
Суна эхьхета, масала, Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоъал шемахошна гΙо ца деш. Нагахь санна набахтехь Магнитский вер санна долу хΙуманаш Путинна маго деза аьлла Лавров хеташ велахь, иза Цхьаьнатоьхначу Штатийн бала а боцуш диса деза, аьлла, хеташ велахь, иза дуьненахь лелачунна юьстах висина стаг ву».
Компьютеран маттахь, Обамас оьрсашца йолу юкъаметтигаш, «юхахьалатор» («reset») аьлла йолийна политика аьтто болуш юй, аьлла шега хаьттича, иштта жоп делла Аризона-мехкан сенатора, республиканхочо.
Маккейн: « Хууш ма-хиллара, «юхахьалатор» олу политика Обамас шен президенталлин юьххьехь юкъаяьккхира. Амма хан яьлча а ца нисделира и «юхахьалалатор». Со цецваьллера, я гΙайгΙане хилира ала муха нийса хир ду хаац суна, оьрсийн тΙеман куйгаллин векала Цхьатоьхначу Штаташа Европехь тΙеман дуьхьалонан тур хΙоттадаро Оьрсийчоьнна бакъо ло цунна тΙелата, аьлча.
Иза хьекъале дац. Путин кхин а 12 шарна Ιедале веъча, нахе хаттар доьссина, мeьлхачу агΙор иза дΙагΙур ву. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацига Шемех йоьзна йолу резолюци тΙе ца оьцуьйтуш Оьрсийчоь хьийзар, я тΙеман урхаллерчу векалша Балтин мехкаш емал беш хилар гича, дуьззина кхеташ ду, Путинах кхин а воккха консерватор хиллийла»
(ХIара интервью гойла ду ингалсан маттахь http://www.rferl.org/media/video/24581459.html) .