Мидалш - тайп-тайпана а, бес-бесара а

Интернетехь юхкуш йолу мидал. Сайта тIера даьккхина сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

Мидалш - тайп-тайпана а, бес-бесара а

"За бои в Чечне" (Нохчийчохь тIемаш барана) цIе йолу мидал эца аьлла, инетрнетехула рекламан хаам кхечира соьга кху деношкахь. Мидалан сурт а дара цу сайтан агIона тIехь жаIарна тIехь борз цоьстуш долу аьрзу.

Тидам бича гучудаьлларг дара и мидал сайта тIехь юхкуш ша цхьаъ ца хилар, Нохчийчохь тIемаш бинчу нахана хьажийна йолу. Цхьана агIон тIехь цу кепара барх знак карийра суна, шайна юкъахь цхьа "орден" а йолуш.

Ма дарра аьлча, и мидалш кхоллар дIоггара бух боцу берийн ловзар санна хIума ду. Оьрсийчоьнан официалан Iедалша кхоьллинчу мидашца юкъаметтиг йолуш хIума дац иза.

Масала, ас лакхохьа хьахийна "Нохчийчохь тIемаш барна» цIе йолу мидал эца аьтто бу 599 соьмах. Иза юкъаяьккхинарг ю цхьана бахархойн тобано кхоьллина юкъараллан комитет.

Оьрсийчоьнан Федерацин эскарш Нохчийчохь 20 сов шарахь тIом беш делахь а, цу пачхьалкхехь яц цу хиламца йоьзна цхьа а мидал а.

Амма иштта ца хилла даима а. Оьрсийчоь импери йолуш кхоьллина цхьа мидал дика евза Нохчийчуьрчу бахархошна. Цуьнан цIе ю «За покорение Чечни и Дагестана» (Нохчийчоь а, Дагестан а караерзорна) аьлла.

Иза кхоьллина хилла императоро Александр II-чо 1960-чу шарахь «Кавказан тIом» дIабирзина аьлла. И мидал елла Нохчийчоь а, Дагестан а схьайоккхуш тIаьхьарчу муьрехь, вуьштта аьлча, 1857-1859 шерашкахь, дакъалаьцначу салташна а, эпсаршна а. Ерриг а кепа тоьхна арахецна хилла 145 115 цу тайпа мидал.

Тидаме эца. Оцу заманчохь берриг а нохчийн терахь хилла 120 эзар ца кхоччуш. Кхечу дешнашца аьлча, 1859-чу шарахь Нохчийчоь караерзийна аьлла, оьрсийн инарлаш дIакхайкхийначу хенахь хIора нохчочунна, шайна юкъахь бераш а, зударий а, къаной а болуш, дуьхьалваьккхина хилла лаххара а цхьа эскархо.

Амма Къилбаседа Кавказе чутеттина эскар кхин а дукха хилла бохуш, дуьйцу историн Iилманчо Бакаев Хьасана: "Ермолов волуш 120 эзар салти а, эпсар а хилла аьлла хаамаш бу. Юха Еромоловн метта Паскевич ваийтича баш хийца ца делла хьал. ТIаккха Воронцов ваийтина.

Иза волуш 250 эзар стагах лаьтташ хилла Кавказера эскар. Амма и дерриг эскар нохчех леташ ца хилла. Иза а хаа деза вайна. Делахь а, уггар алсам ницкъ нохчашна чутеттина хилла цара. ГIирмера тIом чекхбаьлча, профессоро Покровскийс яздарехь, 300 эзар эскархо чутеттина цига".

Цуьнан бахьана иштта дуьйцу историн Iилманчо Бакаевс: "ГIирмера тIом чекхбаьлча канцлеро Горчаковс чIогIа дехарш деш хилла (Кавказехь буьйранча волчу) Барятинскийга, ма хуьллу сиха цигара тIом чекхбаккха бохуш. Кавказера хьал бахьана долуш, цигахь къизаллаш лелор Европо Оьрсийчоьнна дуьхьалдетташ хилла, тIом, хIуъа дай а, дIаберзабахьара аьлла дехар дина цо. Цул тIаьхьа, дерриг а шайн эскарш чу а теттина, дIаберзийна-кх цара и тIом».

19-чу бIешарахь хиллачу Кавказан олучу тIамехь, оьрсийн инарлаша а, историкаша а тоьшаллаш а деш, дуккха а толамаш баьхна нохчаша. Амма цхьа а лар яц цара оьрсий къам я оьрсийн пачхьалкх хьахош мидал я орден кхоьллина хиларан. Иза дац нохчийн цхьана а тайпана мидалш ца хилла бохург.

Цуьнах лаьцна иштта дуьйцу Бакаев Хьасана: "Османийн имперехь гIуллакх деш хилла нохчо полковник Юсуп-Хьаьжа. Юха Кавказе а веана Имам Шемилан эскарехь низам хIоттийна цо. Уставаш а яздина, гIап муха хIотто еза хууш хилла цунна, хина биргIа йилла а, кхин а оьшург дан а... ГIашлойн салти вовшахтоьхна цо, дошлойн салттин дакъош а кхоьллина.

Доза лардеш долу эскарш а вовшахтоьхна цо. Валютан политика а, кхин а дуккха а хIуманаш дина цо. Газет а хилла арадолуш, юха мидалш а, орденаш а юкъаяьхна цо. Уьш ша-тайпа хилла. Европехь лелачу кепехь ца хилла уьш. ТIемалойн хьуьнарш юьхьарлаьцна кхоьллина хилла уьш".

Оьрсийчуьрчу интернет-туьканахь юхкучу мидалшна тIе юхадоьрзуш аьлча, иза лацаделлачу цхьана нохчийн интернетан говзанчо, цу сохьта йина, интернетехь дIахIоттийна «Россияна тIехь толам баьккхина – 20 шо» цIе йолу шен, цкъачунна кехата тIехь йиллина бен йоцу, мидал. Цу тIехь, коьртара куй а боьжна, уллехь Iуьллуш держава а, скипетр а йолу аьрзо тилош йоллу оьгIазъяхана борз.