"Медиазона": эскарера уьдучарна таIзар дар цIеххьана алсамдаьлла Орсийчохь

Гайтаман сурт

Оьрсийчохь алсамдуьйлуш ду эскарера бовдарца доьзна бехктакхаман гӀуллакхаш ийдар, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Цунна тӀе тидам бахийтина "Медиазона" зорбанан гӀирсо, кхелан статистикан зераш динчул тӀаьхьа. Кхелаша бинчу хаамца, товбеца-бутт чекхболуш дуьхьал даьхна ду уггар а дукха дезертираллех бехктакхаман гӀуллакхаш, стохкалерачул а алсамох.

2024-гӀа шо доладелчхьана хӀинцале а кхелашка кхаьчна 5204 гӀуллакх, бакъо йоцуш тӀеман дакъа дӀатесна хиларх лаьцна, 2023-чу шарахь кхелашка чуделларг 5096 бен дац. 2024-чу шарахь кхелашка кхачочу гIуллакхийн терахь шозза сов хьаладаьллера, 2023-чу шеран товбеца-бутт бовш 2396 бен дацара уьш.

Талламчаша билгал ма-даккхара, хӀора баттахь алсамдолуш ду эскаран гIуллакх дан цалуучара кхелашка ден аьрзнийн терахь. 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь иза герга кхаьчна баттахь эзар гӀуллакхан билгалонна: дерриг а 966 гӀуллакх ду, шайна юкъахь 879 гӀуллакх бакъо йоцуш тIеман дакъа дӀатасарх, 45 гӀуллакх омра кхочуш ца дарх, 42 гӀуллакх дезертираллех. Оьрсийчоьнан тӀеман кхелаша хӀора баттахь гергарчу хьесапехь 800 стаг таIзаре хIоттаво оцу тайпа бехкашца.

"Медиазоно" хьалхо йаздира, 2022-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан тӀеман кхелашка итт эзар сов (10 025) бехктакхаман гӀуллакх кхаьчна аьлла, эскаран гӀуллакх дан реза ца хиларх лаьцна. Нагахь 2022-чу шарахь йоллу пачхьалкхехь Оьрсийчоьнан тӀеман кхелаша хӀора баттахь 200 сов цу кепара гӀуллакх луьстуш хиллехь, тӀаккха 2023-чу шарахь церан терахь хаъал алсамдаьлла.

ГIирсо билгалдоккху, 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Оьрсийчохь цхьана декъанна мобилизаци дӀакхайкхайале хьалха эскархой гӀуллакх дан реза ца хилахь, царна тIаьхьабовлуш бацара таIзар дан. Мобилизаци дӀакхайкхийначул тӀаьхьа низамо чӀагӀдира эскарехь гӀуллакх дан реза ца хиларна деш долу таӀзарш. Кхелаша дукха хьолахь бехкебечарна арахь йаккха хан туху, цул тӀаьхьа юха а уьш эскаран гIуллакхе хьовсон бакъо йу.