Мехкадаьтта даккхаран барам хьалабаккха барт бина ОПЕК+ пачхьалкхаша

Гайтаман сурт

Дуьненерчу коьртачу мехкадаьтта доккхучу компанийн барт хилла мехкадаьтта даккхаран барам алсамбаккха, хаам бо Свобода Радионо. Оцу хаттарехула къийсамаш хиларна мехкадаьттан мехаш хьаладевллера хIокху баттахь кху тIахьарчу 6 шарахь ца хиллачу кепара.

Товбеца-беттан 18-хь бинчу бертаца а догIуш, ОРЕС+ тобанна юкъахь йолчу пачхьалкхаша шайна тIелаьцна тIебогIучу баттахь дуьйна мехкадаьтта даккхаран барам алсамбаккха хIора дийнахь 400 000 чермана.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхана а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташна а маслаIатан сацам карийна шаьшшимма доккхучу мехкадаьттан бараман хьокъехь. Оцо аьтто бина кхечу пачхьалкхаша а дакъалоцуш барт бан, хаам бина "Нью-Йорк таймс" газето а, "Рейтер" агенталло а.

КХИН А ХЬАЖА: Мича доьду нохчийн мехкадаьтта?

Шена юкъахь Оьрсийчоь а йолчу ОРЕС+ тобано стохка лахбинера хIора денна доккхучу мехкадаьтан барам 10 миллион чермана, пандемия хиларна иза эцар лахдаьллачул тIаьхьа.

ТIаьхьарчу хенахь OPEC-ко 2,2 миллион черма барамехь алсамдаьккхинера мекадабтта даккхар, экономика ден яла йолаелла хиларна. Делахь а, цо ца сацийра мехаш хьаладовлар, кхерам тосуш инфляци хила мегаш хила а мега, мехкадаьттан мехаш кхин а хьаладовла а мега аьлла. Америкехь мехкадаьттан мах хьалабаьллера цхьана черманах 77 долларе кхаччалц – иза уггара лакхара мах бара 2014-чу шарахь дуьйна.

Керлачу бартаца а догIуш, Оьрсийчоьно алсамдоккхур ду мехкадаьтта даккхар карарчу хенахь долчу 11 миллион черманна тIера 11,5 миллион чермане кхаччалц, тIедогIучу 2022-чу шеран Стигалкъекъа-бутт тIекхачале.