Мекка хьаьжцIа вахна хилла Дагестанера кхоалгIа вахархо кхелхина – эзар сов ву верриг велларг

Меккера зияртхой

Джиддера Оьрсийчоьнан Коьртачу векалте хаамбина Дагестанера Мекка хьаьжцIа вахана хилла кхин а цхьа вахархо велла аьлла. Цуьнан диабет хилла, дог айпе хилла. Зияртхойх цигахь верриг а кхелхинарг ву эзар сов стаг, пхиъ царех Оьрсийчуьра вара.

Веллачун мел хан йара дуьйцуш дац, амма цуьнан кхалхар нисделла йокъа лаьттачу меттигехь лазарш карзахдовларна а, дегIера гIора эшарна а, хаамбира ТАСС агенталло. Дагестанера белла вуьйш – дагца лазар хилла 69 шо долу зияртхо а, 58 шо долу зуда а йу, малх боьлла хилла цунах. Уьш берриш а дIабухкур бу бусалба нахана йеза хеттачу Мекка гIалахь.

ТIечIагIйинчу информацица, йовхо сов хиларна Мекка зиярте баханчохь кхелхинчу нехан терахь эзарал совдаьлла, царех дукхахберш – 658 зияртхо - СаIуда Iаьрбийчу баьхкинера Мисарара, хаамбина France Press агенталло. Йеххачу хенахь йуург, хи, кондиционераш йоцуш бисина хиллера зияртхой, ткъа Меккера температура кху деношкахь 52°С йара.

  • ТӀеттӀатеIийна, цIераш йийлина Мекка хьаьжцIа баьхкина нехан баларш хIора шарахь хуьлуш ду. Уггар боккха бохам хиллера 2015-чу шарахь, Мекка гена йоццучуьра Минехь тIулгаш туьйсучу хенахь адам тӀеттӀатаӀарна велира 2300 гергга стаг.
  • ХьаьжцӀа вахар - СаIуда Iаьрбийчуьра Мекка гIала зиярате вахар ду, Аль-Хьарам цIе йолчу маьждигехь йу бусулба наха йеза лору Къааба. Исламан пхеа фарзах цхьаъ ду ХьаьжцIа вахар. Шен дахарехь цкъа мукъна а хьаж дар тIедиллина ду берхIийтта шаре ваьллачу, ваха таро йолчу хIора а бусулбачу стагана.