25 шо кхаьчна Мемориал кхоьллина. И Оьрсийчура бакъонашларйон организаци жигара болх беш ю Нохчийчохь. Цуьнан белхахоша гIо динчу нохчаша баркаллица йоккху Мемориалан цIе.
Дуьненахь уггаре а чIогIа йоьвзучу, оьсрийчоьнан бакъонашларъяран центран«Мемориалан» 25 шо кхаьчна. Дукхачу хьолехь, цьунана цIе йоккхура Нохчийчохь долчу хьолца, аьлча а, цигахь йолчу харцонашца.
Дуккхачу а нохчийн довха дешнаш ду «Мемориалах» ала, амма, тахана царна а хууш адц, оцу цхьанатохараллийн кхоьллина де дуйла. Дуьйцу Султанов Ахьмада.
Нохчийчоьнна халчу хенахь гIо-накъосталла динчу «Мемориалан» 25 шо кхачар, тергонехь а доцуш дIа чекхдаьлла.
«Мемориал» аьлла цIе яьккхича, тахана Нохчийчохь, дукхачу нахана, и дош доьвзуш а ду, иза диканна йоккхуш йоцийла а хаа. Иттех шо хьалха санна, цигахь кIоршмечу зуламашна тIехь беш белхаш бацахь а, тахана а, и цхьанатохаралла йолуш ю, Соьлжа-гIалахь а, кхечу кIошташкахь а, шен офисаш а йолуш.
«Мемориалан» тахана 25 шо кхачар, готтачу гуонехь болчу нахана бен дага ца деъна. Белхан накъосташ а, журналисташ а кхойкхуш, и де билгалдаккхар ца хилла Нохчийчохь. Иза бохург дац, оцу цхьанатохаралло диндерг а, дешдерг а дайина ду. Маршо радиога вистхуьлуш, «Нохчийчоьнан бакъонашларъяран центран» куьйгалхочо Эжиев Минкаила, лаккхара мах хадийра «Мемориалан».
Эжиев Минкаил: "Мемориалан» Нохчийчохь 3-4 дакъа ду хIинца а. Шинна а тIамехь доккха дакъа а лаьцна цуо, нахана гIо деш. Иза кхуллучу хенахь, цаьрца юкъметтиг а лелош чекхадоьвла а ду тхо.
ХIинца а , кхузахь йолчу церан офисца болх а бо оха, вовшех дага а довлу. Болх онда бина а бу цара. Говзанчаш а бу уьш. Нахера баркалла а ду царна. Сайгара а уьш декъал бан а лаьара суна».
Шортта йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллехь, «Мемориал» ша цхьа ораманна тIера хьаладоьду гIадд санна, шен гонахь, гIаш санна кхийолу кегий а, яьккхий а цхьанатохаралш а йолуш яра. ГIаддайна а, кIелбисна а, Iазап лайначу а, наха, арз дора «Мемориале», тIаьххьарчу хенахь, шай кхечанахь гIуллакх ца хилча.
Амма, догIуш ма хиллара, цигахь бен церан дог а ца оьцура, гIо-накъосталла а ца дора, бохуш билгалдоккху шен къамелехь, «Ненан орц» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Межидова Зайнапа.
Межидова Зайнап: «Кемеровера набахтера хаам кхаьчнера соьга, цигахь вай нохчий кегий нах ламазан дIахIиттича, туьмIаьжгеш а йоьхна нах чу а лилхина пIендарш а кегдеш, мочхалш а кегъеш, етташ, КъорIан датIийна аьлла. Вай Нохчийчохь мел болчу хьаькамашна тIеяхара со.
Маьждиге а элира ас. Белхан де дац бохуш, тIе ца ийцира цара. «Мемориале» Аюбе ас аьлча, буьйсана II сахьт даьлла долшехь, белхан хан ю ца бохуш, цуо гIо дира. Адвокаташ а бахийтира цуо, 450 стагах, 25-мо пхенаш а хедийна хиллера».
Дуккха а гIуллакхаш теллира, «Мемориало», Нохчийчохь болх бечу шерашкахь. Буданован а, Ульманан а, Аракчееван а, «Кадет» олучу Лапинан а, Садыков Iалавдийн лерг даьккхинчу, иштта, цхьа моггIа кхиа дара уьш.
«Мемориалан» неIаран хьалхахь даиманна шортта адамаш хуьлура рагIанаш а йой. Шен цIе яьккхийта ца лиинчу хIокху жимчу стага а дийцира, ша оцу бакъонашларъяран цхьанатохаралле гIо оьшуш тIевахарх.
Жима стаг: «Иттех шо хьалха, оьрсийша «зачистка» ечу хенахь дIавигнера со а, кхиъ шортта кегий нах а. Ток етташ, ницкъ бира цара, тIемалой муьлша буй, уьш мичахь буьйса йоккхуш буй, схьадийца бохуш. Хьанна хууш дара иза. Массанхьа вахара со прокуратуре а , кхечанхьа а, арз дан гIертар. Амма, цигахь соьга элира, дийна цIа вавийтарх воккха а веш, аьлла.
«Мемориалехь» тIеийциира сан гIуллаккх. Шайга далуш дерг диира цара. Цуьнах гIуллакх-м ца хилира, амма, дIа-м гIиртира уьш,эскрахошка кехаташ дохуьйтуш а, цара жоьпаш луш а».
Массийта шо хьалха, тоьлла йолу белхахо Эстемирова Наталья йийначулл тIаьхьа, оцу бакъонашларъяран цхьанатохараллан болх гIелбеллера. Эжиев Минкаила бахарехь, «Мемориало» болх лахбина бац, цара иза шуьйра кхайкха ца до, хьалха санна.
Эжиев Минкаил: «Иштта, адам а ду царгахь лаьтташ, болх а шаьш ма хиллара беш а бу, амма, хьалха санна, хаамаш беш болх ца бо цара. Нахаца беш болу болх чIагIбина бу, цара а , кхечу цхьанатохаралша а. Болх дIабоьдуш бу».
«Мемориалан» 25 шо кхачар, тахана цхьанна а тайпа билгал ца даьккхинехь а, цуьнан а, кхечу цхьанатохараллийн а, цIераш, доккхачу баркаллийца дагахь лаьттара ю нохчашна. Церан а, оцу бакъонашларъярхойн а, шеко яц, беш болу болх кхиъ бехха дIабахь бахьанаш дуйла махкахь.